1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь «РСФСР-на юкъахь Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь» долчу Указана КПСС-н хьалхарчу Секретара Н.Хрущевс куьг яздина 60 шо кхачарна лерина суьртийн гайтам хилира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Пачхьалкхан галерейхь.

Гайтаме даьхна дара галерейн фондера Б.Исрапиловн, А.Шамилован, Х.Исаеван, Л.Абаевн, иштта кхечу а бевзаш болчу нохчийн суьрташдахкархойн белхаш. Гайтам схьабелларан гIуллакхна хьалхаяьлла яра галерейн искусствон белхан декъехула йолу говзанча Акиева Хьава.
Оцу гайтамехь дакъалоцуш бара кегийрхойн «Ахмат», «Путин» организацийн декъашхой а, Соьлжа-ГIаларчу школийн дешархой а. Гайтаман коьрта Iалашо яра суьртийн гIоьнца вайн халкъ махках даьккхина Казахстане а, Юккъерчу Азе а дIакхалхоран истори кегийрхошна йовзийтар. Оцу гайтаман хIора суьртехь гуора вайн къомана тIехIоьттина бала, гIайгIа, лазам. ХIора а художнико шен суьрта тIехь кхачам боллуш гайтина яра 1944–1957-чуй шерийн вайн къоман истори.
Нах цIерабаха кечбеш, уьш шайн ларчашца маьждигийн майданашка дIагулбар, баккхийчеран гIайгIане яьххьаш, кегийчарах хьаьрчина къа-бала…
Мехала гIуллакх ду къам цIерадаккхар, цуьнан селхане йовзуьйтуш кегийрхошна лерина хIара тайпа гайтам вовшахтохар а, цигахь историн оцу хиламех лаьцна къамелаш дар а.
М.ВЕГИЕВА
№4, шинара, кхолламан (январь) беттан 17-гIа де, 2017 шо