Россин Федерацин наркотикаш лелорна т1ехь терго латторан федеральни службин Нохчийн Республикера урхаллин хьаькам, полицин полковник Таймасханов Масхьуд куьйгаллехь а волуш кху деношкахь коллеги д1аяьхьира цу ведомствехь. Урхалло 2014-чу шеран эхашерахь бинчу белхан жам1аш дира цигахь.
Коллегин балхахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Лакхарчу Суьдан председателан заместитель Мурдалов Т1ах1ир, Россин Федерацин Нохчийн Республикехула йолчу УФСИН-н хьаькам Ирисханов Анзор, Россин Федерацин Нохчийн Республикехула йолчу ФСБ-н Урхаллин хьаькаман заместитель Саламов Саламо, Нохчийн Республикин прокуроран заместитель Джанхотов Заурбек, Нохчийн Республикин экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин Советан Секретаран заместитель Пашаев Т1ах1ир.
М.Таймасхановс шен докладехь дийцира УФСКн-о а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу г1уллакхийн министерствос а наркоманина дуьхьал белхаш цхьаьна д1абахьарх лаьцна .
– Х1окху шарахь, бакъонаш ларъяран структураша наркотикаш яржоран 383 зулам гучудаьккхина. Д1даханчу шарахьчул 3,5 процентана алсамдевлла наркотикашца доьзна долу зуламаш, делахь а кху шарахь кхидолу зуламаш стохкачул 13,3 процентана лахделла, – бохура УФСКН-н хьаькама.
2014-чу шеран хьалхарчу эхашарахь наркотикаш лелорна т1ехь терго латторан урхаллин белхахоша тайп-тайпана 147 наркотик схьаяьккхина.
М.Таймасхановс билгалдаьккхира, «Мак», «Канал», «Дети Юга» оперативни-профилактикин операцеш д1аяьхьна хилар. «Оцу операцеша дикка г1о до наркотикашна дуьхьало д1ахьочу къийсамна. Республике наркотикаш чуяр лахделла, цунна церан мах хир ду хьалабаьлла, – элира цо.
Цул сов, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан т1едилларца, х1окху Урхалло бакъонаш ларъяран структурашца а, министерствошца а, ведомствошца а цхьаьна тайп-тайпана оперативни-профилактикин мероприятеш д1аяьхьна.
Цхьаьнакхетар дерзош, Россин Федерацин Нохчийн Республикехула йолчу УФСКН-н дикачу белхахошна М.Таймасхановс Сийлаллин грамоташ а, баркаллин кехаташ а делира.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
Авторан сурт