Нохч-ГIалгIайн автономи меттахIоттийна де дагалоцуш

Нохчийн халкъан исторехь сингаттаме лар йитина 1944-чу шеран хиламаш хьахош, Ш.Гапуровс дийцира шайн Даймахка цIакхачархьама нохчаша а, гIалгIаша а яккхий халонаш а, баланаш а лайна хиларх лаьцна.

– Махках даьхначу оцу халачу шерашкахь, шаьш мацца а цкъа цIадоьрзург хиларх йолу дегайовхо даима а лаьттина нохчашкахь. Делахь а, цхьа сатийсам хиларх кIезиг хилла, кхузахь политикин агIор долу доьналла оьшура. Iедалехь иштта нах кара а бира. 1956-чу шеран чиллин (февраль) баттахь дIаяьхьначу КПСС-н XX-чу съездехь КПСС-н ЦК-н хьалхарчу секретара Хрущев Никитас емалйира Сталинан таIзарш даран политика. Иштта цо билгалдаьккхира, цхьана къаьстинчу нехан я тобанийн зуламаш бахьанехь, оцу зуламех долу жоьпалла дерриге а къаьмнашна тIе а доьхкуш, шайна юкъахь зударий а, бераш а, баккхий нах а болуш, адамаш махках дахарца цаьрга халонаш, баланаш лайтар адамийн кхетамо тIелоцуш хIума цахилар, – дийцира Гапуров ШахIрудис.

Ш.Гапуровс иштта билгалдаьккхира, 1956-чу шеран асаран (июнь) беттан 9-чу дийнахь, шайна юкъахь Дешериев Юнус а, Базоркин Идрис а, Гайсумов Iаббас а, Мальсагов Зиявди а волуш, вейтта стагах лаьтта нохч- гIалгIайн делегаци КПСС-н ЦК-н Президиуман декъашхочо Микоян Анастаса тIеэцна хилар.

– Оцу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира вайнах юхаберзоран хьелашца доьзна долу гIуллакхаш. Ткъа 1956-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 24-чу дийнахь тIеийцира «ГIалмакхойн, кхарачойн, нохчийн, гIалгIайн халкъийн къоман автономеш меттахIитторан хьокъехь» болу КПСС-н ЦК-н сацам. Оцу документан буха тIехь 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь «РСФСР-на юкъахь Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь» СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман №149/14 йолу Указ арадаьлла. Оццу дийнахь «Грозненски область дIаяккхаран а, Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан а хьокъехь» РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуман №721/4 йолу Указ араделира. Ткъа 1957-чу шеран чиллин (февраль) беттан 11-чу дийнахь и указаш кхочушдан долийра, – билгалдаьккхира Ш.Гапуровс.

I.МУРТАЗОВ

№4, шинара, кхолламан (январь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: