ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Кегийрхойн цIийнехь даздаран хьолехь схьабиллира «Толаман волонтераш» цIе йолчу Ерригроссин юкъараллин боламан Къилбаседа Кавказерчу регионашкахь йолчу отделенийн волонтерийн гражданийн-патриотийн гулам.
Цигахь дакъалаца Соьлжа-ГIала баьхкинера Къилбаседа Кавказан федеральни округан регионашкара волонтераш а, иштта «Толаман волонтераш» цIе йолчу Ерригроссин юкъараллин боламан куьйгалхо Амельчинкова Ольга а. Кхузахь иштта цхьаьна юкъаметтигаш лело барт хилира Нохчийн Республикин лаккхарчу дешаран заведенийн а, «Толаман волонтерийн» а. Гулам схьабиллинчул тIаьхьа хьешаша Соьлжа-ГIалахула экскурси йира, ткъа сарахь гуламан дакъалацархошна йовзийтира дешаран программа. Кегийрхойн цхьаьнакхетарш хир ду «Толаман патриоташ» Ерригроссин юкъараллин боламан штабан эксперташца а, Iедалан векалшца а. Цул сов, церан таро хир ю цхьамогIа мастер-классийн а, тренингийн а тайп-тайпанчу дакъошкахь дакъалаца, хиндерг долу команда кхоллар, боламан меттигерчу отделенешкахь проекташна урхалла дар а, меттигерчу отделенийн балхах лаьцна хаамаш бовзийтар а, боламан «Ветеранашна гIо», «Сийлаллин аллейш, иэсан меттигаш, бIаьхой дIабоьхкина меттигаш куьце ялор», «Ерригроссин акцеш а, историн квесташ а дIаяхьар» дакъошкахь болх бан. Форуман гурашкахь дIахьур ю «горга стоьлаш» а, дискуссеш а, акцеш а, страйкбол-квест ловзарш а, мастер-классаш а, гуламан балхаца йоьзна йолу кхийолу мероприятеш а.
Оцу мероприятийн коьрта Iалашо а, декхар а ду «Толаман волонтераш» боламан меттигерчу отделенийн белхан гIолацар а, уьш Iамор а, пайде долчу гIуллакхашна юкъаозорца кегийрхой кхетош-кхиор а.
Гуламан дакъалацархошка а, хьешашка а маршалла хоттуш вистхилира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Ибрагимов Iийса. Цо хаийтира, церан кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар а, БIаьхаллин сийлаллин гIала – Соьлжа-ГIала бахкарх царна дуккха а пайдехь керланиг девзарг хиларх ша тешна хилар а. Министра билгал ма-даккхара, «Толаман волонтераш» Ерригроссин болам – чIогIа оьшуш долу гIуллакх деш йолу юкъараллин организаци ю, цара Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашна гIо-накъосталла а до, церан хьуьнарш тIекхуьучу чкъуран иэсехь дисийта дерриге а до. Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон гIоьнца оцу маьIнечу гIуллакхна юкъа доккха дакъа дуьллу регионехь йолчу отделенис.
Дагадоуьйту «Толаман волонтераш» цIе йолу Ерригроссин юкъараллин болам Толаман 70 шо кхачарца доьзна 2015-чу шарахь кхоьллина хилар. Кхоьллина дукха хан яцахь а, боламна юкъавахана 150 эзар сов стаг, болама н дакъалацархоша берриге а махкахь дIаяьхьна тайп-тайпана акцеш а, иттаннаш эзарнаш мероприятеш а. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранашна гIо-накъосталла дарал сов, «Толаман волонтераша» куьце ялайо иэсан меттигаш, дIахьо кегийрхойн историн квесташ а, цхьаьна гIуллакхдаран денош а, дакъалоцу Россин гIаланашкахь дIахьочу Толаман парадашкахь. Иштта Толаман волонтерийн туьшаш ю лаккхарчу дешаран заведенешкахь а.
I.ТЕРЛОЕВ
№4, шинара, кхолламан (январь) беттан 17-гIа де, 2017 шо