Республикин транспортан а, зIенан а министерствос 2017-гIа шо пассажирийн транспортан кхерамазаллин шо ду аьлла дIакхайкхийна.

«Пассажираш дIасалелочу автобусийн а, таксийн а, маршруткийн а водительшца хIора а Iуьйранна цхьаьнакхетарш дIахьо министерствон а, автопредприятийн а векалша. Оцу цхьаьнакхетаршкахь дуьйцу: некъан бакъенаш, пассажирийн кхерамазалла ларъян езарх лаьцна (пассажирашна зен хила тарлучу кепара юкъараллин транспорт цахехкарх лаьцна), социйлашкахь бен пассажираш охьа ца биссорах а, тIе цаховшорах а лаьцна», – яздина министерствос баржийначу хаамехь.
Иштта, оцу хаамехь йовзийтина бахархошка министерстве телефон тохийта а, WhatsApp чухула яздайта а лерина йолу мобильни номер: +7(938)992-20-02
«Нагахь санна юкъараллин транспортан водитела некъан бакъенаш талхош я бахархошна зен хила тарлучу кепара машен хохкуш гинехь, шун бакъо ю билгалъяьккхинчу мобильни номерца телефон тоха а, WhatsApp мессенджеран гIоьнца яздан а», – билгалдаьккхина лакхахь хьахийначу хаамехь.
Оцу хаамех кхаъ хилларш шина декъе бекъабелла: хазахетарш а, халахетарш а. «Эхь-бехк а, гIиллакх-гIуллакх а дицдина, шайна сом даккха арабевллачу маршруткийн водительшна бан тIеIаткъам карийначарна» хазахетта, «гIиллакх доцучунна, мел телефонаш еттарх, аьрзнаш дарх, дан хIума цахиларх тешачарна» хала хетта.
Цхьа а къайле яц, республикехь, карарчу хенахь, юкъараллин транспортаца, аьлча а, цуьнан водительшца йоьзна йоккха проблема хилар: социйлаш а ца ларъеш, пассажираш охьабиссор а, тIеховшор а; кхечу водительшца пассажираш а, хьалхара меттиг а къуьйсуш «къийсамаш» бар; пассажирашна тIечехар а, безабер а, эхь дайна шаьш гайтар а, иштта дIа кхин а.

«ХIара проблема ю! ХIара дIаяккха езаш ю!» – бохучу кхетамца и проблема йийцаре яро а, аьрзнаш даро а, цхьаьнакхетарш дIадахьаро а я дIа а йоккхур яц, я лахйийр а яц иза. Цигахь оьшуш берг кхин некъ а бу, хIотто дезарг кхин хаттар а ду: «ХIара проблема ю! Ткъа хIунда кхоллаелла хIара? ХIун дан деза иза дIаяккхархьама?».
Иштта ойланаш йолуш бу социальни сеташкахь оцу хаамна бухахь шайна хетарг довзийтинарш. Цара, массара а бохург санна, шайн-шайн ойланаш а, хетарш а довзуьйту. Цхьаболчарна бехк транспортан а, зIенан а министерствон бу аьлла хеталуш нисло. Вукхарна вайн кхетам нохчаллина букъ а тоьхна, соьме марзбелла хетало.
Делахь а, вай бийцаре бийриг вайн юкъараллин лазам а, сакхт а ду. «Со-ас» ду вайх даханарг. Денна а оцу юкъараллин транспортах пайдаоьцучу пассажирашна хетало ша лела ца хууш болу водительш санна вац аьлла. Амма цо а, цуьнца цхьаьна вай а дицдо, оцу проблемина бехке транспортан министерство а, юкъараллин транспортан водительш а хилла цаIар: цунна бехке вайх хIора а ву. «ХIунда ву?» боху хаттар ешархошка шайга ойлаяйта дуьту вай.
И.ХАСАХАНОВ
№4, шинара, кхолламан (январь) беттан 17-гIа де, 2017 шо