ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Н.А.Назарбаевн цIарахчу №1 йолчу лицейхь Нохчийн Республикин культурин министерствон кинематографехула йолчу урхаллин директоран гIоьнчас Ибрагимов Мовсара лакхарчу классийн дешархошца цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Иштта цигахь дакъалецира лицейн кхетош-кхиоран декъехула волчу хьехархочо Гараев Мохьмад-Iелас. «Тхо могашчу Iер-дахарехьа ду» яра оцу цхьаьнакхетаран цIе.
«Вайн республикехь маьрша даха паргIато а, хьелаш а ду. Кегийрхой вуочу марздаларех ларбархьама, уьш харцахьарчу новкъа цабовлийтаран Iалашонца болх беш дуккха а секцеш ю. Я доьшуш а боцуш, я спортаца гергарло а доцуш, мукъа леларш бу дукха хьолахь харцахьарчу новкъа бовлурш. Царна хаа дезар-кх шайн мукъа хан пайдехьа яккха. ТIаккха шайн доьзалшна а, шайна гуонахарчарна а, юьртарчарна а царах пайда хир бара, наха церан дика цIе а йоккхур яра. Вайн махкахь шо шаре мел дели а еш ю спортан яккхий объекташ. Иштта дика хьелаш вайн дуьхьа кхуллуш хилча, вай лардала деза корта бахочу маларех я кхийолчу молханех. Маларш а, наркотикаш а, корта бахош йолу молханаш а, цигаьрка а, и дерриге а адаман дахар талхош ду. Кегийрхошна царах ларбала хиъча, уьш галбовларна кхерам бац», – бохура М.Ибрагимовс.
Ша дуьйцург тIечIагIдеш, видеокийсакаш гойтура цо. Адамийн дахаран ши некъ бара цара гайтинарг: хьарам долчу хIуманех ларлуш волчун хуьлу дика, хаза, беркате тIаьхьало а, иштта, корта бахочу молханех, маларех дезар дина лелаш волчу стеган дахаран хила тарлуш йолу ирча тIаьхьало а. Иза шайна гича, дешархой ойлане бевллера. Видеокийсакаш тIехь шайна гуш долу сурт вовшашца дийцаре а деш, цецбийларца хьаьвсира уьш. Шайга диначу къамелан хьокъехь дуккха а хаттарш кхолладеллера дешархойн. Церан хаттаршна кхачам боллуш жоьпаш делира Ибрагимов Мовсара.
З.ЛОРСАНОВА
№4, шинара, кхолламан (январь) беттан 17-гIа де, 2017 шо