Дукха хан йоццуш Ростовн областан Песчанокопское юьртахь дIаяьхьира 2003–2009-чуй шерашкарчу кегийрхошна юкъахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула йолу регионашна юкъара турнир. Турнирехь дакъалоцуш бара Россин тайп-тайпанчу субъекташкара спортсменаш. Цигахь дакъалоцуш вайн республикера 14 спортсмен вара.
Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира: Лабазанов Дениса (32 кг.), Назыров Хьамзата (46 кг.), Мусаев Рукъмана (74 кг.), Архиев Адама (35 кг.), Юнусов Сулимана (24 кг.), Дадаев Хьамзата (69 кг.). ШолгIа меттигаш ехира: Кавлаев Илеса (32 кг.), Халадов Сайхана (35 кг.), кхоалгIа меттигаш – Макаев Мохьмада (27 кг.) а, Халадов Мохьмада (35 кг.).
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачар уьш Iамийначу церан тренерех доьзна ду. Уьш бу: А. Макаев, А.Гусигов.
Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№4, шинара, кхолламан (январь) беттан 17-гIа де, 2017 шо