Беркатечу гIуллакхан – беркате тIаьхье

1989-чу шеран бIаьста цхьа хаза кхаъ баьржира вайн махкахула – Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь актерийн кафедра схьаелларан хьокъехь. Делан къинхетамца, беркате тIаьхье хили цуьнан. Хьалха Соьлжа-ГIалахь йолчу театрашна говзанчаш Москвахь, Ленинградехь, Тбилисехь, Воронежехь кечбора. Ткъа ХХ-чу бIешеран чаккхенехь дуьйна уьш дукха хьолахь Нохчийн Республикин коьртачу шахьарахь кечбан болийна. Цу муьрехь университетан ректор хиллачу Кан-Калик Викторан гIоьнца актерийн кафедра схьайиллинарг РСФСР-н искусствийн хьакъволу гIуллакххо, режиссер Солцаев Мималт вара. Солцаев Мималтана кафедра схьайоьллуш накъосталла дира цунна тешаме накъост хилла дахарехула чекхваьллачу Марисултанов Iелас.

IMG-20170116-WA0025

ХIинца Нохч-ГIалгIайн халкъан артист, режиссер Марисултанов Iела ву актерийн кафедрин куьйгаллехь. Дукха студенташ Iамийна цо. Тахана халкъана, махкана бевзаш актераш бу Iелас Iамийна студенташ: Темишев Султан, Исламгиреев Апти, Махаури Беслан, Хасанов Тимир-Булат, Авзаева Марха, Масарова Зухра, Улубаева Зарема, иштта дуккха а кхиберш. Хийлазза гина вайна уьш сцени тIехь. Церан похIмано, корматалло дог хьаьстина къоман театр езархойн.

Университетехь дешна бевлча цара хIиттийначу дипломни спектаклашкахь гуш дара вайн махкахь кхуьуш хьуьнаре актераш хилар. ХIора шарахь студенташ арахоьцуш, тайп-тайпанчу авторийн пьесаш хIиттайо актерийн кафедро. Вайна гина Бадуев СаьIидан, Ахмадов Iумаран, Чехов Антонан, иштта кхечеран говзарш тIехь къоначу актераша хIиттийна спектаклаш.

2017-чу шеран бIаьста Алиев ГIапуран «Да воцу доьзал» пьеси тIехь хIоттийна спектакль гайта кечлуш бу университетан актерийн кафедрин студенташ. Кафедрин заведующи а, спектаклан режиссер а Марисултанов Iела ву и пьеса хаьржинарг.

Дийца даьккхинчуьра билгалдаккха догIу, шен башхачу кхоллараллехь Марисултанов Iелас даима а шен семачу тидамехь латтайо къоман литература. Цундела тамашийна ца хета нохчийн похIмечу поэтан ГI.Алиевн (тахана вайца воцуш ву ГIапур, Дала гечдойла цунна) говзар тIехь режиссеран ойла сацар. Нохчийчоьнан дIадаьллачух, долчух, хиндолчух кIорггера ойла еш, цунах бакъдош яздеш поэт вара Алиев ГIапур. Поэтан экаме ойланаш, гергара хеташ, ша схьаваьллачу къоман сингаттамаш, гIайгIа-бала сица луьттуш, сирлачу кханенах дегайовхо кхобуш стаг ву Марисултанов Iела. Спектаклехь дакъалоцуш болчу къоначу актерийн а, цул тIаьхьа хьовсархойн дегнашкахь а и сирла ойланаш самаяха, уьш беркатечу хорша ерзо йолчу Iалашонца хIоттош ю режиссера Алиев ГIапуран «Да воцу доьзал» пьеса. Теша лаьа Марисултанов Iелас дикачу ойланца юьхьарлаьцна гIуллакх боккхачу кхиамца чекхдоккхург хиларх. Кхин хIумма а ца хилча а Алиев ГIапуран башха кхолларалла вайн махкахошна карлаяккхар Iаламат мехала гIуллакх ду. Иштта мехалчу гIуллакхаш тIехь хьанал къахьоьгуш ю Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан актерийн кафедра а, цуьнан куьйгалхо Марисултанов Iела а.

А.ГАЗИЕВА

№4, шинара, кхолламан (январь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: