Кхача бааран гIиллакхаш

Кхача бааран гIиллакхаш а ду, къепе а ю, лехамаш а бу бусалба динехь. Уьш ларбар муъманашна тIехь а ду. Цундела газетдешархошна бовзийта лаьа царах цхьаберш. Кхача баа волалуш я хи молуш, уггаре а хьалха «Бисмилла» даккха деза. Амма, хьо хIума яа волавалале ойла ян еза: «Меца вуй те со?» – аьлла. Делахь-хIета, мацвелчий бен кхача баа ца беза. ХIума яа охьахиънехь а дукха яа ца еза. ТIех яар гIиллакхехь а дац, могашаллина дика а дац.

Чеченский_дом_интерьер

***

Вуьшта, цIена, хьанал бу аьлла тешна воцчу кхачанах ларвалар гIолехь ду. Нагахь кхача цIена хиларан шеко елахь, иза мелла а кIезиг баа хьажа веза, мацалло хьийзош велахь а. Ца ваьлла иза кхаллахь а дохковала веза, Делах эхь хета деза.

***

Иштта дегаза буийла аш хьарам бу аьлла чIагIдан йиш йоцу кхача а, нагахь санна шуна иза хьалха биллинарг исламан лехамаш буьззина кхочушбеш воцург велахь.

***

Дика дац хаддаза жижигах бина кхача баар а. Иштта дика дац шовзткъа дийнахь жижиган кхача ца бууш Iер а.

***

Цхьаьна биъча, иэбича могашаллина зен деш болу кхача а хуьлу. Масала, мегар дац чIара ма-биъина шура мала я шура мелча, тIе чIара баа. Иштта дика хир дац кхехкийна жижиг кхерзинчуьнца а, дакъийнарг керлачуьнца а иэдича.

***

Нагахь санна кхача кийча а белахь, хьо дикка мацвелла а велахь, тIехIоьттина ламазан хан а елахь парз ламазал хьалха хIума яа еза, ламазе хIоьттича юург дагахь ца латтийта. Амма хIума юуш, ламазан хан тIехтилийта мегар дац.

***

Кхача баа масех стаг цхьаьна охьахиънехь цкъа хьалха воккхачуьнга, «Бисмилла» а даккхийтина, кхаллийта иза. Цул тIаьхьа кхача баар кегийчара дIадоло мегар ду. Цундела воккхачо юучунна тIе ца кхевдаш дукха хан ялийта ца еза, вукхаьрга юучуьнга са ца тасийта а, хьалха хIоттийна кхача шел ца балийта а.

***

Кхача баар дIадоло а деза, чекхдаккха а деза туьханан чам баккхарца. Иштта ду гIиллакх.

***

Нагахь санна кхача баа волалуш, виц а велла, «Бисмилла» даккхаза висинехь, юха кхача буучу хенахь ша «Бисмилла» даьккхина цахилар дагадеача, хьайгара даьлла гIалат нисдеш, «Бисмилла» даккха деза.

***

Кхача аьтту куьйга баа беза. Юкъарчу шуьнера схьаоьцуш белахь, шена хьалхара схьаэца беза, диканиг а ца хоьржуш. Вуьшта, стоьмаш харжар магош ду.

***

Къаьсттина кхоам бан беза баьпган. Цуьнан цуьргаш Iено, хьеша магош дац. Бусалбанаша уггаре деза кхачанан сурсат лоруш ду бепиг. Даа волавалале бепиг, цастарш деш, шина куьйга декъа деза (хьокхам а, сискал а, туьканан бепиг а). Иза сих ца луш декъа (хадо) деза. Бепиг хьешашна хьалха дуьллуш делахь и гIуллакх хIусамдас кхочушдо.

***

Хьокхам я сискал уьрсаца ца хадайо. Дийнна хьокхамах цееттар гIиллакхехь ца лору. Кхоллучу хенахь охьаэгна (стоьла тIера) цуьргаш схьалахьо деза. Уьш, схьа а лахьийна, дIакхаьлча, ирс тIедогIу олу. Ткъа уьш дIакхийсар куралла, сонталла лерина.

***

Кхача меллаша, сих ца луш баа беза, дикка Iовша а Iовшуш. ТIех йовханиг, «хIуп» бохуш тIе мох а бетташ, яа гIерта ца веза. Собардан деза кхача шелбаллалц.

***

Йоккха бага а гIиттош бууш товш бац кхача. Кхоьллинарг Iаьвшина а валале шолгIа а юучунна тIекхийдар хаза дац. Иштта хаза дац ах кхаьллина цастар юха а хедар чу диллар.

***

ДаьIахка чуьра тIум схьаяккха гIерташ иза стоьла тIе, хедар тIе, баьпга тIе еттар гIиллакхехь дац.

***

Къилахь лерина кхача буучу хенахь тхьовсар. Иштта мегар дац хIума юучу хенахь мохь тоьхнна къамел дан я хьайца цхьаьна стоьла гуохана хевшинчарна товш доцург дийца. Маггане а мегар дац хьайна биллинчу кхачанна резавоцуш хабар дийца.

***

Кхача баа хьуо цхьаъ охьа ца хаа хьажа. ХIунда аьлча, кхачанна тIекхийдаш долу куьйгаш алсам мел хили а, Дала алсамдоккху беркат, токхо. Стоьла гуонаха хевшинчеран вовшашка марзо хилийтархьама, церан самукъане дог-ойла хилийтархьама дерриге а дан деза. Кхача тIебиллина телат хьалхара дIаэццалц хьалагIаттар нийса дац, цхьа ладаме бахьана хIоьттина хьал дацахь.

***

Iайгаца кхача буушверг Iайгаца тIех дукха схьаэца гIерта ца веза – иза сутаралла ю. ТIех кIезиг эца ца еза. Иза кураллех тера лерина. ГIолехь дерг Iайга чуьра охьаэгар йоцчу барамехь схьаэцар ду. Iайгахь йисинарг юха пхьегIаш чу йоттар товш дац, оцу пхьегIи чуьра юуш кхин нах белахь-м муххале а. Хаза дац Iайг логгелц бага бахийтар я дIакхаьллинарг «чIам-чIим» деш, бага а гIиттош, Iийшар. Iайг охьабуьллучу хенахь чIогIа татанаш дохуш хедарх беттар а дац дика. Иза хедар чу билла беза, схьалоцу агIо хедарал арахьа а юьтуш, тIадамаш стоьла тIе Iенар доцчу кепара.

***

ТIера чкъор дIадоккхуш цIанбечу стоьмийн чкъоьрнаш а, хIуш а, легнаш а и стоьмаш чохь болчу пхьегIаш чу ца туьйсуш, оцу хьаштана къастийначу пхьегIи чу тийса деза.

***

Кхача баале хьалха а, биинчул тIаьхьа а куьйгаш дила деза. Кхача биъна девллачул тIаьхьа доIа дан деза, кхача баларна Далла хастам беш, хIусамна тIедогIу беркат алсамдаккхар, къиношна гечдар доьхуш. Кхача бууш вовшахкхетта масех стаг велахь, доIа воккхах волчо дича бакъахьа ду. Халкъалахь «АлхьамдулиллахI» дешар олу цунах. Вуьшта аьлча, кхача баларна Далла хастам бар ду иза.

***

Хи маларан а ду шен гIиллакхаш. Хи охьа а хиъна мелча дика лерина. Шина меттехь (хьолехь) магийна хи ира а хIоьттина малар. Ирахь молу хьаьж дечу хенахь Зам-Зам хи. Иштта ирахь молу ламаз эцначул тIаьхьа (гIумгIехь) кIудал чохь дисина хи а.

***

Хинна «хIуп» баха ца магийна.

***

ГIиллакхехь дац цхьа къурд бина куршкехь долу хи дIамалар. Сих ца луш, парггIат къурдаш деш мала деза иза, кIеззиг соцунгIа а хуьлуш, хIоразза а куршка бетера дIа а йоккхуш. Цкъа хьалха цхьа къурд бо, куршка шолгIа бете яьхьча кхо къурд бо, кхоалгIа – пхоьазза.

Хи мала волавалале «Бисмилла» даккха деза. Иза мелла ваьлча – «АлхьамдулиллахI».

Зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ

№4, шинара, кхолламан (январь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: