Стомара, Соьлжа-ГIаларчу «Сафия» даздаран цIийнехь, дIадаьхьира хIорашеран «Национальная пятерка» музыкин конкурсан жамIаш дар. Тоьлла иллиалархой билгалбахарна леринчу даздарийн коьрта хьаша вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Даздарш дIадолийра Республикин берийн хоро «Цхьааллехь бу вайн ницкъ» йиш лакхарца. Цул тIаьхьа конкурсан дакъалацархоша тайп-тайпанчу номинацешкахь эшарш лекхира.
«Грозный» ЧГТРК-н радиоладогIархоша кхажтасарца билгалбехира конкурсан толамхой. «Прорыв года» номинацехь толам баьккхира Нохчийн Республикин халкъан артисткас Газиева Хедас а, Ерригроссин берийн «Голос» конкурсан финалисткас Асламбекова Раянас а.
«Певица года» номинацехь хьалхара меттиг яьккхира Нохчийн Республикин халкъан артисткас Алиева Рашанас. «Певец года» номинацехь – Ерригроссин «Новая звезда» конкурсан толамхочо Байкаев Мурада.
«Дуэт года» номинацехь туьйлира Нохчийн Республикин халкъан артисташ Исмаилов Шарпудди а, Абубакарова Асет а. Къоман хит ю аьлла тIеийцира Нохчийн Республикин халкъан артисткин Муртазова Элинин «Хьоме везар» цIе йолу йиш. Хьовсархошна хазахетарна совгIат делира йишлакхархочунна Хаджимурадова Радимина.
«Национальная пятерка – 2016» конкурсан Гран-при яьккхира Нохчийн Республикин халкъан артиста Исмаилов Ризавдис. Цунна совгIат дIаделира Кадыров Рамзана.
«Цуьнан хIора а илли Нохчийн Республикин а, дерриге нохчийн халкъан а культурин дахарехь хилам хуьлий дIахIутту. Мукъамашца хилла а ца Iаш, дешнашца а чIогIа лехаме ву Ризавди. Цундела, цуьнан кхолларалло кхиаво, дог ир-карахIоттадо, Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтаре кхойкху. Цуьнца цхьаьна, кегийчу берашна а кхета атта мотт бу Ризавдин. Соьца цхьаьна вайн ерриге а республика а цо толам баккхар хазахеташ ю аьлла, дог тешна ву со!», – элира республикин Куьйгалхочо.
Цул сов, оцу даздарийн декъехь Кадыров Рамзана «Нохчийн Республикин сийлаллин вахархо» цIе елира культурин министерствехь йолчу Юкъараллин кхеташонан председательна Усманов Iаьрбина. Мидалшца а, Баркаллин кехаташца а совгIаташ дира конкурс дIаяхьарехь доккха дакъа лаьцначу культурин министерствон белхахошна а, «Грозный» ЧГТРК-н журналисташна а. «Нохчийн Республикин хьакъволу артист» сийлаллин цIарца совгIат дира Байкаев Мурадана, Асламбекова Раянина, Садулаева Ларисина, Эсамбаев Iийсана. А.-Хь.Кадыровн цIарахчу юкъараллин фондо Асламбекова Раянина а, Эсамбаев Iийсана а машенаш елира.
Иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехат делира Кадырова Iайшатана а. Цо куьйгалла дечу «Firdaws» модин цIийно доккха дакъа лаьцнера конкурсан дакъалацархой кечбарехь.
Цул сов, лакхахь билгалъяьккхинчу фондо тайп-тайпана совгIаташ дира культурин учрежденийн 200 гергга белхахочунна а, артистана а. Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанис хIора шарахь а вовшахтухуш ю къоман музыкин «Национальная пятерка» конкурс. Конкурсан спонсор хилла схьайогIуш ю Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу регионан юкъараллин фонд. Проектана накъосталла до Нохчийн Республикин культурин министерствос.
А.ХАТУЕВА
№5, пIераска, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де, 2017 шо