Вайн республикин бахархошна а, хьешашна а садаIарна лерина дуккха а паркаш ю Соьлжа-ГIалахь. Царех цхьаъ ю А.-Хь.Кадыровн цIарах йолу Къоман культурин парк. Иза Старопромысловски районерчу Ташкалахь ю. Къаьсттина аьхка дукха нах хуьлу цигахь, дукхахьолахь кегийрхой. Паркан керта ваьлча аьтту агIор лаьтташ марзаллаш юхку киоск ю. Цу чохь мерза бамба а, мороженни а. Дехьа, моггIара лаьтташ берийн аттракционаш ю: «Карусель», «Вертолеты», «Корсар». Царна тIехь хехкалуш дуккха а бераш хуьлу. Берашна къаьсттина дукхаеза меттиг – кхийсалуш йолу батут ю. Паркан аьрру агIор зоопарк ю. Цу чохь дуьненахь а наггахь бен йоцу акхарой ю. Баккхийчарна лерина аттракционаш а ю паркехь: «Емеля», «Подводный мир», «Салют», «Орбита», «Летучий корабль». Парке баьхкинчарна садаIаран кхерамзаллин бакъенаш йовзуьйтуш дIатоьхна плакат ю. Паркехь хIума яа аьтто а бу. Ши ресторан, масийтта кафе ю цигахь. Къаьсттина бIаьрг тIехIутту «Дайн кхерч», «Аквариум» ресторанашна.
Суьйранна къаьсттина дукха адам гулло кхузахь. Вайна ма-хаьара, бераш дерриге а довза а, ган а хьаьгна хуьлу. Парке кхаьчна бераш, массо а хIуманах бIаьрг тоха лууш, самукъадолий дIасауьдуш хуьлу. Цигарчу хьолана уьш резахилар хаало церан бIаьргийн лепар гича. Лаам болчеран мехах суьрташ даха масийтта сурьташдахархо а хуьлу тIекхочучохь лаьтташ. Соьлжа-ГIалин бахархойл совнаха боцуш а, генарчу ярташкара кегийрхой а кхочу парке. Дуккхаа доьзалийн хьоме меттиг хилла дIахIоьттина Къоман культурин парк.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт
