Нохчийн халкъан культурин тIаьхьалонаш Iалашъярехь мехала меттиг дIалоцу юккъерчу бIешерийн объекташ меттахIитторо а, уьш тояро а. Иза мехала гIуллакх хиларе терра, республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн тIедилларца, дIадаханчу 2016-чу шарахь дуьйна Культурин министерствос дIахьош бу бахархоша лаамца а, лаамаза а дIатесна а, тIемаша йохийна а, хIинццалц вала да воцуш лаьттина а хилла йолу культурин объекташ тояран а, меттахIитторан а белхаш. Бакъду, и объекташ ерриге а цхьана оьмарера (юккъерчу бIешерийн оьмарера – авт.) ю олийла дац.

ХIинца тояран рагI тIекхаьчна Нихаларчу (Шуьйтан кIошт) бIаьвнна. И бIов XIV–XVI-чуй бIешерашкара лоруш а, историн а, культурин а говзанчашна Органан чIожахь хиллачу ха даран а, хаам баран а системин дакъа санна евзаш а ю.
БIов тояран гIуллакхна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира хIокху деношкахь культурин министерствехь. Цигахь дакъалецира республикин культурин министра Х.-Б.Дааевс а, Органан историко-архитектурин а, Iаламан а пачхьалкхан музей-заповедникан директора С.-Э.Джабраиловс а, цуьнан заместитела Р.Хаджиевс а, гIишлошъяран «Мир» фирмин векала Т.Салтагереевс а.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира бIов тояран а, туризман «Нихала» комплексера оцу бIаьвнна тIебоьдуш болу гIашлойн некъ баккхаран хьокъехь долу гIуллакх а. ГIашлойн некъ, цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхина ма-хиллара, 850 метр гергга беха хир бу.
– Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн тIедиллар кхочуш а деш, оцу бIаьвнна тIебоьду гIашлойн некъ а боккхуш, и бIов тойийр ю вай герггарчу хенахь, – элира Х.-Б.Дааевс. – Уггаре а хьалха, некъ баккхарехь а, бIов тоярехь а новкъарло ян тарлуш дерг дIадаккха деза: хуьлуьйла иза къух, нехаш, кхидерг.
Кхузахь билгалдаккха догIу юьйцуш йолу бIов Нихала юьртана къилбе агIор а, ЧIаьнта-Орга олучу хинан аьтту бердаца а хилар. «Нихаларчу чухчарешка» бIаьрг тоха оьхучу бахархошна гина а, дика евзаш а ю иза. Амма царах цхьаболчарна, я иза культурин тIаьхьало объект хила ца лаахь а, я уьш шайн доьзалшкахь нохчаллица кхиийна бацахь а, и бIов чIогIа ца езачух тера дара. Цунна тIекхача хала доллушехь, тIекхача гIерташ къа а хьоьгий, цул тIаьхьа, цуьнан дисинчу пенашна тIехь шайн «сийлаллин» цIерш а язъеш, гуонахарчу майдане а, хинан бердашца а нехаш охьакхуьйссура цара.
ХIокху деношкахь «Нихаларчу чухчарешка» хьовса оьхучарна лерина туризман «Нихала» комплекс схьайиллина цигахь. Комплекса юкъа спортзал а, мини-футболан а, баскетболан а майданаш а, хьешацIа а, рагIу тайпа гIишлош а йогIу.
Теша лаьа, чухчарешка бIаьрг тоха а, садаIа а шайна мел оьшу хьелаш цигахь кхоьллина хилча, хIинцачул тIаьхьа, цхьаболчу вайн бахархошкара, лакхахь йийцина йолу «турпалалла» кхин ериг цахиларх.
И.ХАСАХАНОВ
№5, пIераска, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де, 2017 шо