«Айхьа динарг нийса хетий хьуна, водитель?»

Иллешкахь а, туьйранашкахь а тIех оьзда а, гIиллакхе а гайтина нохчийн халкъ. Иштта, хестош, дийцина вайн халкъ кхечу къаьмнийн цхьаболчу яздархоша а.

И йозанаш а доьшуш хьала а кхиъна, хIинца мелла а сайн кхетам гулбала боьлча, ойланашкахь нохчийн халкъ а, хIокху халкъан хIора векал а оьздангаллин а, гIиллакхан бIогIам лерина Iаш волчу суна мел халахета, мел новкъадогIу айса ойланашкахь доьгIна долу и бIогIамаш эгадоьлча.

Лахахь ас довзуьйту масех де хьалха №28 йолчу маршрутки чохь гина долу сурт: – Суна «Орбита» социйлехь сацаелахь… ДIаэца соьгара ахча, – элира гIеметтахIоьттинчу цхьана зудчо.

– «Орбитехь» сацайойла хир дац хьуна сан, – жоп делира водитель волчу жимачу стага, ахча схьа а ца оьцуш.

– Со охьайосса езаш ма ю цигахь. Сацаелахь, – дийхира юха а зудчо.

– Тхуна, социйлашкахь бен ма сацае аьлла, тIедожийна. Цигахь социйла яц. Со цхьанна гахь, сайн балхах вохарна кхерам бу, – жоп делира жимачу стага.

Цул тIаьхьа тийналлин минот а лаьтташ, маршрутка «Орбитина» тIехъелира.

– Социйлехь мукъане сацаелахь суна. Юхаян ма еза со, – элира, дикка реза йоцучу зудчо.

«Минуткерчу» хьалхарчу социйле дIакхаьчначул тIаьхьа, охьабисса буьйлабелира пассажираш. Цаьрца охьайоьссира и зуда а.

– Айхьа динарг нийса хетий хьуна, водитель?, – хаьттира зудчо. – Со охьайосса езачу меттигна тIех а яьккхина, соьгара ахча схьаэцар…

Оцу минотехь цуьнга чIогIа дош ала догIура, амма, цо дукха Iадийна, цхьа дош хьовха, элп а ца делира сан а, водителан а багара.

И.ИСЛАМОВ

№5, пIераска, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: