ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Тагаев Султан цхьаьнакхийтира республикехь болх бечу кредитийн организацийн (банкийн, кредиташ даларан фондийн) филиалийн векалшца.
Иштта, цигахь дакъалецира экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон а, республикин Правительствон жимачу бизнесан, предпринимательствон комитетан а, коммерцин йоцучу «Нохчийн Республикин Юкъара (гарантийн) фонд» организацин а векалша.
Цигахь йийцаре йира республикехь болх бечу жимачу а, юккъерчу а бизнесна кхиарехь хуьлуш йолу новкъарлонаш а, кредиташ эцаран гIуллакх а. Билгалдаккха догIу и ший а гIуллакх, масех де хьалха Гуьмсан кIоштахь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана жима а, юккъера а бизнес кхиоран некъаш билгалдахарна лерина дIаяьхьначу йоккхачу кхеташонехь дийцина хилар.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша къаьсттина тидам тIебахийтира республикехь филиалаш йолчу кредитийн организацеша бечу балхана. Билгалдаьккхира Россин кхийолчу субъекташкахь а, Нохчийчохь а цара беш болу болх цхьана къепенан буха тIехь цахилар: бизнесна кредиташ даларан гIуллакх тIех чолхе даьккхина а, дахдина а ду Нохчийчохь.
Тагаев Султана хаийтира республикехь жима а, юккъера а бизнес кхиийта мел оьшуш долу хьелаш кхолларан Iалашонца нийса а догIуш, меттигерчу банкийн сектор массара а тIеэцначу къепе яккхарехь гIо дан сацам хилла хилар.
Цу юкъа догIу республикехь филиалаш йолчу кредитийн организацеша Россин кхийолчу субъекташкахь бизнесна кредиташ даларехь доьхуш долчу кехатийн барам а, луш долчу кредитийн барам а къастор. И болх чекхбаьллачул тIаьхьа, гулбина хаамаш республикехь цара лелочу «гIуллакхашца» бустур бу.
Цул сов, экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон а, республикин Правительствон жимачу бизнесан, предпринимательствон комитетан а векалшна, Гуьмсан кIоштахь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана жима а, юккъера а бизнес кхиоран некъаш билгалдахарна лерина дIаяьхьначу кхеташонехь дийцинчух пайда а оьцуш, цхьа бутт балале бизнесан а, предпринимательствон а декъехь республикехь йолчу проблемийн анализ яр тIедиллина.
Иштта сацам хилла шина баттахь 2017– 2019-чуй шерашна бизнес а, предпринимательство а кхиоран план кечъян а, цунна мониторинг ян а.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо билгалдаьккхира республикехь филиалаш йолчу кредитийн организацешка массара а тIеэцначу къепехь бен болх бойтург цахилар а, бизнесна еххачу ханна лерина кредиташ дала доло дезаш хилар а.
И.КАНТАЕВ
№5, пIераска, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де, 2017 шо