Нохчийчохь туризм кхиор ю

2121215

Соьлжа-ГIалахь Нохчийн Республикин территориальни кхиоран, къоман политикин, шуьйрачу коммуникацийн министра Хучиев Муслима кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дакъалоцуш бара билгалъяьккхинчу министерствон белхахой, республикин районийн куьйгалхой, туризман декъехула йолчу пачхьалкхан учрежденийн, коммерцин предприятийн векалш, кхиберш а.

«Туристашна Нохчийчохь хазахетийта, церан юхабахка лаам хилийта, шайна бевзачаьрга диканиг дийцийта, туристашна вайн махкахь дика хир долу агIонаш лаха еза вай, царна оьшу таронаш кхолла еза. Цу гIуллакхна къаьсттина тидам тIебахийтина Нохчийн Республикин экономика кхиоран декъехь. Нохчийчу баьхкинчу туристаша сагатдеш долу, уьш резабоцу гІуллакхаш, проблемаш юьйцур ю вай тахана», – элира М.Хучиевс, цхьаьнакхетар долош.

Нохчийн Республикехь территориальни кхиоран декъехь долу хьал довзийтира шен докладехь  Территориальни кхиоран департаментан директора Р.Шаиповс. Ткъа туризман декъехь йолу проблемех а, уьш дIаяхаран некъех а лаьцна дийцира Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетан белхахочо Батаева Элинас. Цуьнан докладехь. цхьа а проблема тидамза ца йитинера.

Билгалдаккха деза, Нохчийн Республикехь Туризмехула йолу комитет кхоьллина ахшо хан бен яц. Цу хенахь туризмаца йоьзна йолу ерриге проблемаш, церан бахьанаш толлуш, уьш дIаяхарехь къахьоьгуш бу комитетан белхахой. Э.Батаевас шен докладехь бовзийтинчу хаамашца, 2010-чу шарера 2011-чу шаре кхаччалц Нохчийчу схьаоьху туристаш 15 процент алсамбевлла. Ткъа 2011-гIа шо 2012-чу шарца дуьстича, тIаьхьарчу шарахь 263 процент алсам хилла туристаш. Бакъду, и хаамаш вайн республикехь долчу хьешан цIеношкара схьаэцна бу, уьш нийса ца хила а тарло.

Иштта, кхеташонехь дийцаре дира авиабилеташца доьзна гІуллакх. Туристаш резабоцучу хIуманех цхьаъ ду авиабилетийн мах беза хилар. Луларчу республикашкахь авиабилеташ масех эзар соьмана дораха хилар бахьанехь, дукхахболу туристаш кхечу республикашка схьа а богIуш, цигара Нохчийчу богIу. Масала, 2012-чу шарахь Москвара Нохчийчу схьаоьхучеран барам 20 процентана лахбелла. И гIуллакх Нохчийчохь туризм кхиорна зенехь ду. Билетийн мах беза хилар вайн авиакомпанешкахь долчу кеманийн бехк бу. Цундела керла кеманаш эца сацам бина Іедало. Бакъду, керла кеманаш маца схьакхочур ду ца хаьа, ткъа уьш схьакхаччалц билетийн мах охьабаккха таро яц.

Тидамза ца дисира берийн садаIар а. Докладехь бинчу хаамашца, хIора шарахь 500 миллион сом гергга ахча билгалдоккху берийн садаIарна. СадаIа бераш луларчу республикашка дуьгуш ду. Ткъа вайн республикехь берийн туризм ян а яц. Иза кхолларан, кхиоран белхаш дIадахьа деза. Цхьаболу дай-наной шайн бераш кхечу республикашка дIадахийта кхоьруш хуьлу. Масала, вайн республикехь 212 эзар сов дешархо ву, царех садаIа 27 эзар бер бен ца доьду. Кхеташонехь дийцаре дира республикехь тIом балале хилла йолу берийн лагерш меттахIитторан гІуллакх а.

Цул тІаьхьа дийцира туристаш резабоцучу хIуманех лаьцна. Царна юкъахь дара кафешкахь, ресторанашкахь, туьканашкахь эцархойн, яахIума яа чубаьхкинчеран хьашташ кхочушдар ледара хилар, туристаш дIасалело лерина машенаш а, туристашна некъ буьйцу нах а цахилар, вахош долу маларш духку меттигаш цахилар, нехаш дIакхуьссу яьшканаш кIезиг хилар, тIеман духарш дуьйхина, герзаца болу нах юкъараллин меттигашкахь дукха хилар, кхидерш а. ХIора а проблема дIаяккха хIун белхаш бан беза дийцира гулбеллачара.

М.Хучиевс ма-аллара, кхеташонехь дийцаре дина гІуллакхаш билгалдаьхна, царех кхочушдалурш кхочуш а дина, дисинарш Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца хинйолчу кхеташонехь дийцаре дан дезаш ду.

А.МУСАЕВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: