«Сатийсаман анайист»

ХIора шарахь оханан (апрель) баттахь Санкт-Петербургехь ламасте дирзина дIахьош йолу Экологин Ерригроссин «Сатийсаман анайист» («Меридиан надежды») кинофестиваль Экологин шарахь яр дика нисделла гIуллакх ду.

Кинофестиваль дIахьош ю Санкт-Петербурган Кинематографистийн Союзо, Iаламах пайдаэцаран декъехь терго латторан Федеральни службица цхьаьна. Ткъа вайн регионо цигахь дакъалоцу ялхолгIа шо ду. Меттигерчу кинематографисташа шайн кхоллараллин белхаш бовзуьйту оцу фестивалехь.

Россин исбаьхьа Iалам Iалашдарехь доккха гIуллакх ду и тайпа фестиваль вовшахтохар а, дIаяхьар а шайна тIелаьцна деш дерг. Кинофестивалан вовшахтохараллин комитето хIинцале дIаболийна шайн болх. Европин тоьллачу гайтаман залан Экспофоруман дирекцица беш барт бу, фестивалан дакъалацархойн фильмаш гайтаран Iалашонца. Цул сов, циггахь кхин а ши гайтам бу Экологин декъехула вовшахтухур болуш. Гайтаман залехь цхьа де Россин берийн Экологин киношна лерина дан дагахь бу фестиваль вовшахтохархой.

Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин экологин Комитете дIадахьийтина «Сатийсаман анайист» кинофестивалан документаш, цу Комитето кинофестивалехь дакъалацар мехала хилар билгал а деш. Нохчийн Республикин кинематографистийн а, тележурналистийн а аьтто бу хIокху шеран оханан (апрель) баттахь Санкт-Петербургехь дIаяхьа леринчу Экологин Ерригроссин «Сатийсаман анайист» кинофестивалехь дакъалаца.

Фестивалан хьокъехь болу хаам карор бу «Меридиан надежды» сайта тIехь хIокху электронни адресца: meridian-hope.ru

Кинофестивалан директор

УЛОЖЕНКО Наталья

№5, пIераска, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: