Идрис а, Iаж а

Идрис цIе йолу цхьа дика стаг хилла хийистехула схьавогIуш. Хино охьабохьуш безамехь, цIарул цIен Iаж гина цунна. Цергех хи тассал хаза болу и Iаж, хи чу кхевдина схьаэцна цо. Юха, церг тоьхна, цхьа дакъа дIакхаьллина. Кхаьллинарг логах чоьхьа баьлла балале даг чу тесна цунна: «Деллахьа, цхьаьннан кертарчу Iожа тIера охьабоьжна хир бу-кх иза. ЭхI, веллавала со делаI, цуьнгара пурба а доцуш кхаьлли-кх ас хIара. Иза кхиийна волчу цуьнан хьакъ хьаьрчи-кх сох. КъинтIера ваккха веза ас иза».

Оцу ойланца хица хьалавахна иза, Iаж болу да лоьхуш. Бехха некъ бина цо. Эххар а, ша кхаьллинчух тера Iежаш тIехь долуш Iожан дитт гина цунна, генаш хи чу кхозаделла а долуш.

ТIаккха, вистхилла, цIийнан да аракхайкхина Идриса. Цуьнга, салам-маршалла, хьал-де хаьттинчул тIаьхьа, дехна: «Хьенех, хьан бешарчу Iожа тIера охьабоьжна, хино охьабохьуш болу Iаж, схьаэцна, кхаьллинера ас хазбелла, къинтIера валахьара хьо суна».

– Вера вац! – аьлла вукхо.

Гуттар чIогIа холчу хIоьттина, бехкала вахана юха а, юха а шега дехар дича: – Ког-куьг доцуш, бIаьрса доцуш, мотт ца хууш, къора йоI ю сан. Нагахь санна ахь иза йигахь, хьуна къинтIера вер ву-кха со, – аьлла и дика стаг хиларх тешна волчу йоьIан дас.

– Хьо къинтIера ваьлчахьана ахь боххург дийр ду ас, – аьлла Идриса.

– Дика ду и йолчу чу воьду вайшиъ, – аьлла йоI йолчу чу вахана хIара шиъ.

Чоьхьа ваьлча, сурт санна хаза йоI хилла чохь. Иза йоцург кхин гуш стаг ца хилла, дIаса хьаьжча.

– Мичахь ю ахь юьйцу йоI? – хаьттина Идриса.

– ХIара, хьуна гуш ерг ю-кх.

– Вай, – цецваьлла Идрис, – ахь кхуьнан ког-куьг дац, бIаьрса дац, мотт хууш яц, къора ю ма элира.

– Ловза ца безачу ловзо ког бац хьуна кхуьнан, кховдо ца дезаче кховдо куьг дац хьуна кхуьнан, лиэбан ца безачехь лиэбан мотт бац хьуна кхуьнан, хьажон ца безаче хьажон бIаьрг бац хьуна кхуьнан, догIа ца дезачуьнга ладогIа лерса а дац хьуна кхуьнан… ДIайига хьайн зуда. ГIоза дехийла шу! – аьлла новкъадаьккхина и шиъ.

Иштта бертахь даха хиъна и шиъ. Дукха хан ялале кIант хилла цу шиннан. И санна долчу ден-ненан доьзалхо ийманехь а, дика а, беркате а ца хуьлийла дацара. Цунах дуьненна а вевзаш Iеламстаг хилира. Вай вуьйцург Идрисан кIант, вайн мазхIабан да волу ШафиIи ву.

Хь.САИДОВ

№5, пIераска, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: