Иракъан федеральни полицин тобанаша Мосулехь (Найнава провинци) дIалаьцна ДАIИШ-н могIаршкахь тIом бечу нохчийн тобанашна урхалла даран штаб-петар. Цунах лаьцна хаам бина масех де хьалха оцу мехкан федеральни полицин куьйгалхочо Джаудат Шакер Раеда.
Цо билгалдаккхарехь, цу штабехь Iедалан белхахошна карийна «Иблисан пачхьалкх» (суьдан сацамца Россехь магийна яц – авт.) тобано тIелатарш дан билгалъяьхна меттигаш шайна тIехь къастийна йолу картанаш а, лелхийта кечдина доьхканаш а, тайп-тайпанчу калибрийн герзаш а. Иза дерриге а гуш ду YouTube сетан гIоьнца дIасаяржийначу видео тIехь.
Оцу видео тIехь гойтуш ю танканашна тухуш долчу герзах а, лелхачу доьхканех а «йоьттина» йолу чоь а, иштта, кхача баарна кечйина йолу соне а, чохь хударш долу яйнаш а, иштта дIа кхин а. Лакхахь хьахийна долу картанаш, бакъдерг дийцича, видео тIехь гайтина дац: уьш суьрта тIехь гайтина. Оцу суьрте хьаьжча билгалдолу, Шемин дозанца йолчу Иракъан тайп-тайпанчу провинцешкара масех гIала билгалъяьккхина хилар. Делахь а, чIогIа шеко кхуллуш хьал ду суьртаца дерг: юьйцучу гIаланашна билгалонаш компьютеран программашца йина ю, ткъа компьютер а, компьютеран гIоьнца кечдина суьрташ схьадахаран гIирсаш а видео тIехь гуш бац.
Цул сов, дIалаьцначу штабехь а, цунна гуонаха а нохчий гина а, царах цхьаъ лаьцна а я вийна а аьлла билгал ца даьккхина хаамехь. Ма-дарра аьлча, харц-новкъа а бевлла, Нохчийчуьра дIабаханчу кегийрхойн тобанашна билггал цу штабера урхалла деш хиларна цхьа а тоьшалла дац далийна.
Кхузахь дагадаийта догIу 2014-чу шарахь дуьйна ДАIИШ-н тобанаша дIалаьцна йолу Мосул паргIатъяккхаран гIуллакх дIадаханчу шеран тIаьхьарчу беттанашкахь дуьйна дIадолийна хилар. Оцу гIуллакхехь Иракъан эскарна а, федеральни полицина а гIо-накъосталла деш ю Iамарко куьйгалла деш йолу тIеман коалици. Делахь а, хIинццалц церан Мосулан малхбалерчу декъан масех куп схьаяккха бен аьтто ца баьлла.
Цундела, хетарехь, церан рогIера «кхиам» а тидамза биса хьакъбара, цу юкъахь хьахийна нохчий ца хиллехь. Ткъа хIинца, «Иракъан тIеман службашна дуьхьала тIом бечу нохчийн тIемалойн урхаллин штаб-петар» аьлла, дIалаьцначу штабана цIе тиллар бахьана долуш, оцу хиламна шуьйрачу хаамийн дуккха а гIирсаша тидам тIебахийтина.
Амма дIалаьцначу штабехь хьанна урхалла деш хиллехь а, Иракъерчу тIеман службашца къийсам латточеран могIарехь нохчий бац олийла дац. Царах дукхахберш Хонкарара а, Европерчу мехкашкара а белахь а, Нохчийчуьра дIабахнарш а хир бу.
Цундела, кхузахь вайна хаа дезаш цхьа хIума ду: Iаьрбийн мехкашкахь чIогIа даьржина ду, Iедалан ницкъаша Iаьрбийн мотт буьйцуш воцу тIемало вийча, иза нохчи ву аьлла, дIакхайкхор. Иза тахана а, селхана а даьржина дац. Цуьнан орамаш 30 шо хьалха ОвгIанехь болабеллачу къийсамийн биста кхаччалц дIадоьлху. Цул тIаьхьа «нохчаша» тIемаш Пакистанехь а, Палестинехь а, Мисарахь а, Шемахь а бира…
И.АДАМОВ
№5, пIераска, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де, 2017 шо