Абу-ТIалха а, исбаьхьа олхазар а

Дала Iаламах къинхетам а бина Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ваийтинчу заманахь Мединитехь вехаш хилла Абу-ТIалха цIе йолу цхьа дика стаг. Дала шех боккха къинхетам а бина, шен дика, аьтто а бина аьлла хеташ стаг вара иза. ХIунда аьлча, цхьа башха беш яра цуьнан. Оцу бешахь цIена, ша санна шийла шовда дара, гуобаьккхина сийналла яра, зезагаш дара.

WP285QRR

Махо хурманийн гIаш ловзочу, шовданан эсала мукъамаш хезачу оцу башхачу бешахь малхбуза ламаз дарал дукха дезаш хIума дацара Абу-ТIалхана. Кхузахь Къуръан а доьшура цо. Цкъа а виц ца лора АллахIа шена хIара дика, ниIмат даларна Цунна хастамаш бан.

Иштта, цкъа, даима санна, ламазан куз тIома кIел а биллина, беша воьдуш вара Абу-ТIалха. Цига дIакхаьчча, Далла муьтIахь хиларца, «АллахIу Акбар» аьлла такбир а дилийна, ламазна дIахIоьттира иза. ЦIеххьана цуьнан лере деара хIинццалц хезна доцу аз. Хурманийн диттийн гIан а, шовданан а аз дацара иза. Зевне аз цунна лаккхара охьа хезаш дара. Ахь боху-ца боху хаза яра цунна хезаш йолу йиш. Ши бIаьрг а къарзийна леррина хьаьжира иза. Цунна хурманан дитта тIехь хиъна Iаш долу исбаьхьа олхазар гира. Цул хаза хIума гина дацара Абу-ТIалхина. ТIемаш баьццара дара цуьнан, жовхIарш санна, ткъа цIоганна тIера месаш цIен яра, наран (гранат) буьртигаш санна, кегий тIедарчий а долуш, зIок Iаьржа яра. Деган мерзаш ловзадохуш хаза локхура цо йиш.

Абу-ТIалха чIогIа цецваьлла вара. Олхазарна тIера бIаьрг дIа ца баккхалора цуьнга. Ша кху беша хIунда веана а, ша хIун дан гIерташ вара а дагарадаьллера цунна. Оццул чIогIа ойла дIаяьхьнера оцу олхазаро локхучу хазачу, зевнечу эшаро а, цуьнан исбаьхьалло а. Ша-шех эхь хийтира цунна жимма а оцу хазаллин йийсараре ваьлча. Шен ламаз, юкъахдаьккхинчу меттера дIадира цо чекхдаккхалц. ХIара ламаз дина ваьлча, олхазар, тIома даьлла, беша тIехула хьаьвзира.

И жима хьоза а дара, Абу-ТIалха санна, Дала шен боккха аьтто бина аьлла хеташ. И мерза стоьмаш а, шийла хи а долчу бешахь дара иза. Шена бен а бина, делла дIадаллалц Iен кхул бегIийла меттиг хир яцара цунна.

ШолгIачу дийнахь а Абу-ТIалха шена дукхаезаеллачу метте, хурманийн диттийн IиндагIе, шовдана улле, бецан сийналле схьавеара. Ламазна дIахIоьттира иза. Цуьнан тидам ца хилира шена бен беш долчу олхазаран. И исбаьхьа олхазар дитта буьххьехь бен беш доллура. Дукха хан ялале цхьа хаза, дагна хьаам беш, ойла хьоьстуш, йиш лакха доладелира олхазар. Цуьнга ладогIа ваьллачу Абу-ТIалхина дицделира шен ламаз, цуьнан ойла Далла тIера дIахьаьвзинера. Иза воккхавера оцу башхачу хьозанах, гаьн тIера гаьн тIе хууш, цо лоькхучу эшарех.

«Со хIун деш ву? – хаьттира цо цIеххьана ша-шега. Муьлха аят доьшуш вара со? Маса ракаIат дина ас? Шиъ? Кхоъ?».

Абу-ТIалхас доккха садаьккхира, шен ламаз дIа а дерзийна, юха шен куз дIа а хьарчийна, бешара дIавахара, ша диначунна чIогIа дохковаьлла.

Ламаз АллахIе дIа муха кхочур ду, нагахь санна айхьа ламазехь маса ракаIат дина, хIун аят дешна хьуна хьайна а дагадогIуш ца хилча? Делан хьокъехь ойла муха ялур ю нагахь санна хьан дог, ойла дIалаьцна исбаьхьа беш, шовданан декар, олхазаран эшарш хилча?… Эрна къахьега а оьшурий-те…

Абу-ТIалха ийманехь стаг вара. Цунна хаьара ерриге а ойла АллахIана тIе а яхийтина ламаз дар хIора бусалба стагана мел деза а, мехала а ду. Оццу буьйсанна Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу вахара Абу-ТIалха. Цо дерриге а ма-дарра дIадийцира цуьнга: хурманийн диттийн а, шовданан а, исбаьхьчу олхазаран а хьокъехь.

«ХIай Делан Элча, – элира цо, – АллахIана Iибадат дарехь оцу дерригено а сайна новкъарло йойла ца лаьа суна. Цундела суна дика хир ду и дерриге а Iаддитича. Хьайн десара, хьайна йитахьа и беш а, оцу бешахь мел дерг а. Мединатерчу берриге а бусалбанашка пайдаэцийтахьа оцу ниIматех».

Сийлахьчу Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) къобал бира Абу-ТIалхин сацам, схьаийцира шена дина совгIат, цунах бусалбанашка пайдаэцийтархьама.

Цул тIаьхьа Абу-ТIалхин ойла Далла Iамалш ярна тIера дIаерзош хIумма а дацара.

(«Пайдаэцна «АллахI везалаш» жайнах)

С.ХАМЗАТОВ

№5, пIераска, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: