Сулейманов Ахьмад… Халкъан иэсехь массо ханна шен сирла лар йитина стаг. Стаг аьлла дуьтучохь доцуш, ламанан агIо санна вуьззина къонах, Iилманча, поэт, илланча, художник, нохчийн къоман яхь йолу кIант вара Сулейманов Ахьмад. Халкъана, махкана мах боцу беркат хилла дIахIоьттина цуьнан башха кхолларалла. Ахьмадан дукхах йолу байташ зевнечу иллешка йирзина. Уьш вайн махкарчу тоьллачу иллиалархоша говза дIаолуш, ладогIархойн лерса хьоьстуш, кест-кеста дека концертни залашкахь а, радиохь а, телевиденехь а.
Мокхазах яьккхина гериг санна нуьцкъала дека башхачу поэтан хIора дош. Цунна къеггина тоьшалла ду кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу типографехь зорбане яьлла «Лаьтта тIехь беркате лар» цIе йолу книга. Книга зорбане яккха кечйинарг а, цунна материалаш гулйинарг а поэтан Сулейманов Ахьмадан йоI, поэтесса Сулейманова Зайнап ю. Цо дукха къахьегна шен ден архив ларъеш а, кхечу авторша Ахьмадах мел язбина могIа Iалашбеш а. Иза ма хетта атта дацара ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчохь лаьттинчу инзаре ирчачу хьелашкахь.
Книга каралаьцначунна гур ду йоIа, шен ден синна совгIатна цIеначу даггара хьегна къа. Iаламат чIогIа хазахета Зайнапехь иштта хьуьнар хилла. Сулейманов Ахьмадца доьзна дерг вайна массарна цхьабосса деза, хьоме ду. Къаьсттина мехала ду кху деношкахь Сулейманов Ахьмадах йолу «Лаьтта тIехь беркате лар» книга зорбане ялар.
Вайна массарна ма-хаъара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн меттан де дIакхайкхоран хьокъехь» долчу Указана куьг яздина 10 шо кхочу 2017-чу шеран оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь.
Хууш ду, Сулейманов Ахьмад, шен дахаран чолхечу некъашца, нохчийн меттан тешаме бIаьхо хилла чекхваьлла хилар. Цул сов, 2017-чу шеран хIутосург (май) беттан 1-чу дийнахь 95 шо кхочур дара поэтан. Иза виначу денна мехала совгIат хилла дIахIуттур ю аьлла хета «Лаьтта тIехь беркате лар» книга.
Книги тIехь йолу материалаш нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь язйина ю. Цу юкъахь Сулейманов Ахьмада ша язйина говзарш, цунах лаьцна накъосташа, поэтан кхолларалла езачара яздина могIанаш ду. Еша атта, дешархой кхетар болчу маттахь язйина ю «Лаьтта тIехь беркате лар» книга.
Нохчийн яхь йолу дог кийрахь долчу муьлххачу стеган книгийн терхи тIехь хила хьакъ долуш ю Сулейманова Зайнапа кечйина, Нохчийн Республикин Яздархойн союзо гIо-накъосталла деш, зорбане яьккхина книга.
А.ГАЗИЕВА
№5, пIераска, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де, 2017 шо