Бепиган цуьрг

– ЛадогIал, Децин бераш, шух цхьамма бепиган цуьрг кхаьллича, вузур варий иза? – хаьттира Децас стоьла гуонаха хевшинчу берашка.

21

 

– Вай… Вацара дера! – деладелира бераш.

– ЛадогIал, бераш. Оцу бепиган цуьрго адам ца дузорах, зингат я кхийолу жима сагалмат мацалла лечуьра кIелхьара яккхалур ярий цуьнга? – шолгIа а хаьттира Децас.

– Яра… – аьлла, Децин къамело ойлане дехира ладоьгIуш Iен бераш.

– Варийлаш, Децин дика бераш ма ду шу, цкъа а дIа ма кхоссалаш бепиган цуьрг. Дала массо а садолу хIума юзон делла ялта ду иза.

– ХIинца алал Деце, сагIийна цIазамаш лой шуна? Шуна хезний, гиний баккхийчара «пIераскан буьйса ю тховса» аьлла, сагIа дала дезар хьахош, кертахь я лулахь Iачарна бахьийта сагIин кад кечбеш?

– Хезна! Хезна! Со вохуьйту мамас конфеташ, туьха я шекар дIало олий, – элира жимачу кIанта.

– Гой шуна, мел хаза ду бусалба нехан гIиллакхаш. СагIа делча Далла дукхадезар ду шу. Цундела, эрна дIа ца кхуссуш, бепиган цуьрг а «Делан дуьхьа олхазаршна сагIийна» алий охьадиллалаш. Дала къобалдийр ду шун сагIа. Далла дукхадезар ду шу. Ялсамане дуьгур ду шу цхьана жимачу бепиган цуьрго. Вай деш дерг дерриге а хууш, гуш ву вайн Къинхетаме Дела.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№5, пIераска, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: