Парламентан бIаьстенан сесси дIайолийна

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Парламентан бIаьстенан сессин хьалхара кхеташо хилира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан Председатела, Россин Турпалхочо Даудов Мохьмада а, халкъан харжамхоша а.

2017-01-19-011

Гулбеллачаьрга вистхуьлуш, М.Даудовс билгалдаьккхира, законашдахарехь бан безачу белхан барам боккха хилар. Цо дийцарехь, профильни комитеташкахь къахьегар алсамдаккха а, тIеэцна долу законаш кхочушдарна тIехь леррина терго латто а еза. Цунах лаьцна хаамбо республикин Парламентан пресс-службо.

– Законашдахарца цхьаьна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана вайна хьалха хIиттош долу декхарш кхочушдан а деза вай. Сих-сиха республикин бахархошца, къаьсттина кегийрхошца, кхетош-кхиоран цхьаьнакхетарш дIадахьа деза, – билгалдаьккхира Парламентан Председатела.

Кхеташонехь депутаташа, цхьабарт а хилла, тIеийцира 2017-чу шарна а, 2018–2019-чуй шерашна а лерина йолу республикин бюджет. Нохчийн Республикин финансийн министерствон векала йиначу докладехь ма-аллара, 2017-чу шарна йолу республикин бюджетан пайданан барам 60 миллиард сом бу. Шен рогIехь Даудов Мохьмада билгалдаьккхира дикачу кхиамашка кхачархьама бюджетан процессан берриге а дакъалацархоша шайн рожехь а, доггах а болх бан безаш хилар.

ТIаьхьарчу ешаршкахь депутаташа тIеийцира «Совцийна йолу машенаш лерринчу дIахIиттайойле дехьаяхаран, уьш ларъяран, уьш дехьаяхаран харжех мах баларан хьокъехь» Нохчийн Республикин Законехь хийцамаш.

Хьалхарчу ешарехь депутаташа «Нохчийн Республикехь лело декхарийлахь долчу документийн экземпляран хьокъехь» Нохчийн Республикин законехь хийцамаш бар тIеийцира. Халкъан харжамхойн цхьабарт а хуьлуш, кхечанхьа балха хIиттарца доьзна, шайн законашдахаран бакъонаш охьаехкира депутаташа Абдуллаев Iелас а, Оздамиров Iусмана а.

I.МУРТАЗОВ

№6, шинара, кхолламан (январь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: