Дагна хьоме говзалла

IMG-20140720-WA0061

Кхузаманан кегийрхоша масал эца а, баккхийнаш баккхийн бан а хьакъ долуш йоI ю. 1994-чу шеран 24-чу июнехь АхмадовгIеран Вахин а, Тамарин а доьзалехь дуьнен чу яьлла Марем. ЦIера Роьшни-Чуьра бу уьш. 2000-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIалахь Iаш бу. 2001-чу шарахь Соьлжа-ГIалин №49 йолчу школе деша дIаелира Марем. Хьалхарчу классе йоьдуш элпаш девзаш, дагардан хууш яра иза. Школехь нохчийн, оьрсийн литература хазахетара цунна. ЦIахь шен мукъачу хенахь М.Мамакаевн, С.Бадуевн, кхечу вайн классикийн говзарш йоьшуш Iара йоI. ХIора классехь хуьлу дика дешарца а, гIиллакх хиларца а къаьсташ дешархой. Марем царех цхьаъ яра. Церан классан куьйгалхочо Лиза Хасухановнас школехь муьлхха а цхьаьнакхетар вовшахтухучу хенахь шена гIо дан дIахIоттайора Марем. Шен классана а, классан куьйгалхочунна а пайдехь хилла ца Iаш, шайн берриге а дешархошна масал хилла дIахIоьттира иза. 9-чу классе яьлча, школин дешархойн урхаллин президент хIоттийра йо1. Марем жоьпалле а, шен декхаршца (дешархойн урхаллин президентан декхарш) ларош хилар а гора школин директорна а, цуьнан заместительна а. Иза 10-чу классехь доьшуш йолуш, цхьана дийнахь цара тIекхайкхира иза. Школехь дешна яьллачул тIаьхьа, цига балха йола элира цуьнга. Оццул шен школина чу садиллина йолчу Мареман хазахетар совдаьллера. Хаза кхаъ эцна, цIа кхаьчначу йоIа шен дега, нене дIадийцира шега балха кхайкхарх дерг. Хьехархочун болх йоIехь уггаре а товш буйла хууш долу да-нана чIогIа резахилира. 2012-чу шарахь школа чекхъяьккхира Марема. Соьлжа-ГIалин хьехархойн колледжан заочни отделени деша хIоьттира. Цу шарахь ша дешначу №49 йолчу школе балха яхара иза. Юьхьанца директоран секретаран болх бира цо. ТIаккха 2-гIа класс елира цуьнга.

«Сайга схьаеллачу классехь дуьххьарлера де хала даьхьира ас. Дешархой кегий бара. Делахь а, цу дийнахь сайгара гIалат даларна, айса цхьаъ нийса цааларна чIогIа кхоьрура со. Со къона хиларна, цара сайга ладугIур дац аьлла а хетара. Берашна юкъара цхьана кIанта мохь туьйхира соьга: «Марем, хьо жима ю аьлла, оха хьийзора яц хьо». Иштта, цу дийнахь цаьрца къамел а дина, царна со йовза а йовзийтина, цIа яхара со. ШолгIачу дийнахь сайн дахарехь дуьххьарлера урокаш елира ас. И де дика чекхделира», – дуьйцу Марема. Иштта дIаболабелира къоначу хьехархочун болх… Бераш сиха дIаийра цунах. Мукъа хан хилча Марем шен классаца берийн библиотеке а, театре а, музей а экскурсе йоьду. Карарчу хенахь Мареман 20 шо бен дац, ша хаьржина некъ дIакхехьа дагахь ю иза. Цо школехь болх бен кхоалгIа шо ду. Балхахь шен декхаршца ларош, цIахь де-нене хьожуш, лулахь дика йоI ю аьлла, цIе дIаяхна йоI ю Марем. Теша, цунах боккъал дика хьехархо хирг хиларх, х1унда аьлча цунна шен даго лоьху болх карийна.

З.ЛОРСАНОВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: