Республикин автомобилийн некъийн министерство вовшахтоьхна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун (оцу хенахь Президент) Кадыров Рамзанан Указаца 2008-чу шеран кхолламан (январь) беттан 19-чу дийнахь. ХIинца оцу ведомствон 9 шо кхаьчна.
Министерствона 9 шо йоккха хан яцахь а, цуьнан белхахоша жигара къахьегар бахьана долуш, тиллина (то а дина) йохалла 2 926 метр йолу 51 тIай а, 568 километр некъаш а дехкина. Цул сов, долара предприятеш а меттахIиттийна, оьшуш йолу техника а, гIирсаш а эцна. ДIадаханчу шарахь министерствос федеральни а, республикин а программаш кхочушъярца нийса а догIуш, 1 тIай тилларан а, 5 некъ билларан а белхаш чекхбаьхна. Иштта, долуш долчу некъех 19,5 километр некъ шорбина, 6,6 километр некъана – капитальни а, 80,4 километр некъана юкъара а ремонташ йина.
Карарчу шарахь дина далийта дезаш хилла долу «Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итон-Кхаьлла – Хьачара» некъан 32-чу километрера тIай а (йохалла 157,8 йолу метр, шоралла – 15,7 метр) чекхдаьккхина дIадаханчу шарахь.
ДIадаханчу шарахь «Ищерски – Соьлжа- ГIала» некъана а, «Шуьйта – ХIима» некъа тIера Кенхи юьртана тIевоьдийлина а реконструкци йина. Иштта, тIаьхьарчу шина шарахь министерствон предприятеша «Ищерски – Оьрза-ГIала – Шелковски – Дагестанан доза» некъ тобарехь а къахьегна. 2015–2016-чуй шерашкахь 53 километр некъана а, 15 объектана а ремонт йина.
«Шаройн кIоштан шеран» гурашкахь а дакъалаьцна автомобилийн некъийн министерствос. Шаройн кIоштахь цуьнан белхахоша 9 километр некъа тIе асфальт а йиллина, 55 километр некъ шор а бина. Билгалдаккха догIу, хIинццалц Шаройн кIоштахь асфальт йолуш некъ хилла цахилар. Шаройн кIошт санна лаьмнашкахь йолчу ГаланчIожан кIоштахь а дика ларийна цуьнан белхахой – 28 километр некъ баьккхина оцу кIоштахь.
Республикехь уггаре а деха хир долу тIай тилларан белхаш дIаболийна ведомствон предприятеша. Дуьйцург «Ищерски – Соьлжа- ГIала» некъан 4-чу километрехь Терк тIехула хир долу тIай ду. И тIай 293 метр деха а, 15 метр шуьйра а хир долуш ду.
Карарчу хенахь министерствон белхахой къахьоьгуш бу «Бена – Бена-Ведана» некъан 19-чу километрехь тIай тилларехь а, «СогIунтIа – Хошкалда» некъа тIера Iаларой-Эвлана тIевоьдийлина реконструкци ярехь а.
Дагадоуьйту республикин автомобилийн некъийн министерствон Iуналлехь 3 052,3 километр (1 603 километр – асфальт йолу некъ, 1 221,3 километр – жагIин некъ, 228 километр – машенаш дIасалеларо даьхна некъаш) йохалла йолу 302 некъ а, 8 010 метр йохалла йолу 238 тIай а, 17 921 метр йохалла йолу турбанийн дехьаволийла а хилар.
И.ИСЛАМОВ
№6, шинара, кхолламан (январь) беттан 24-гIа де, 2017 шо