«Фирдовс» цIийнера – керла дизайнерш

ХIокху деношкахь, модин «Фирдовс» цIийнерчу дизайнан школехь дешар чекхдаккхарна лерина суьйре хилира. Циггахь «Фирдовс» цIийнан куьйгалхочо Кадырова Iайшата дипломаш дIаделира царна.

Дуьххьара «Фирдовс» цIийнерчу дизайнан школе дешархой 2013-чу шарахь схьаэцна. Оцу хенахь школехь 54 говзанча-дизайнер арахецна.

Школа йиллинарг Нохчийчоьнан Куьйгалхочун хIусамнана Кадырова Медни ю. ХIетахь дуьйна Нохчийн Республикин модин индустрехь уггаре а мехала ду и цIа, къаьсттина зударшна.

Модин «Фирдовс» цIийнан говзанчаш дуьненахь а бевзаш бу. 2009-чу шарахь и цIа схьадоьллуш евзина церан бедарш дуьххьара. Оцу дийнахь Соьлжа-ГIалахь дакъалецира дуьненахь а гIараваьллачу Италерчу дизайнер-модельера Кутюрье Кавалли Робертос а, Россин хьакъволчу дизайнера Зайцев Вячеслава а. Цара билгалдаьккхира шайна Нохчийчохь йина бедарш хаза а, модица йогIуш а хеташ хилар.

2009-чу шарахь жима студи бен ца хиллачу цунах, цхьа шо далале модин доккха цIа дира Кадырова Меднис.

2012-чу шарахь Герггарчу Малхбалехь евзира Нохчийчуьрчу говзанчаша вовшахтоьхна коллекци. «Леди Чечня» аьлла зударийн бедарийн коллекци яра Дубайхь (Iаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ) гайтаме юкъаяьккхинарг. Иза Россел арахьа хиллачарах дуьххьарлера гайтам бара. Йоккхачу отелан сцени тIехь «Вайнах» ансамблан музыкица дIадаьхьира коллекци гайтар. Бусалба зударийн 70 сов духар дара гайтамехь юкъадаьккхинарг. Цигахь хиллачарна чIогIа тайра Нохчийчуьра коллекци. Иштта, шайн дика цIе а яккхийтина, цIабирзира вайн республикин векалш.

2016-чу шарахь Кадырова Меднис «Фирдовс» цIенна куьйгалла дар Кадырова Iайшатана тIедиллина.

«Фирдовс» школехь дешархошна Iамадо бедарш яра, тега, куьйга хIуманаш ян, бедарш хIинцалерчу модица кечъян. Цара пайдаоьцу массо а тайпанчу кIадех. Кхечу мехкашкара схьакхоьхьучу дезачу дарех, шипонах, исхарех, басмех яра зудабераша тIаьххьарлерчу экзаменна тегна йолу кучамаш.

Моделийн метта шаьш гайтира выпускникаша шайн белхаш. Куьцехь а, бIаьрг тIехIуттуш а яра царах хIораннан а бедар.

Хь.БАХТАЕВА

№6, шинара, кхолламан (январь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: