Ерригроссин дешархойн олимпиада

Соьлжа-ГIаларчу №12 йолчу гимназехь даздаран хьолехь дIаболийна Ерригроссин дешархойн олимпиадин региональни мур. Ерригроссин дешархойн олимпиада хIора шарахь дIахьош ю Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос.

IMG-20170119-WA0028 (1) (1)

Олимпиада йолаяларца доьзначу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран хьалхара заместитель Тааев Илес. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира дешархошна юкъахь олимпиада дIаяхьар мехала гIуллакх хилар. Ишттачу гIуллакхашкахь билгалбовлу хьуьнарш долу дешархой. Дукха хьолахь хинволу математик я литератор гучуволу ишттачу олимпиадашкахь. Шо-шаре совбуьйлуш бу олимпиадин дакъалацархой. Деша лаам болчарна деша а, шайн хьуьнарш гайта а аьтто хилар ду иза. Олимпиадин региональни мур хIора шарахь дIахьош бу школехь хьоьхуш йолчу 23 предметехула. Региональни муьрехь дакъалоцу муниципальни муьрех чекхбевллачара.

Кхушара олимпиадехь дакъалаца заявкаш чуелла 657 дешархочо, уьш 9–11-чуй классийн дешархой бу.

Олимпиадин вовшахтохараллин комитетана юкъахь бу Нохчийн пачхьалкхан университетан, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан а, дешаран а, Iилманан а министерствон а векалш. Олимпиадин болх нийса дIабахьарехь предметни-методикин комиссеш кхоллар дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIила тIедиллина дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран Нохчийн институтан куьйгаллина.

Олимпиадин муниципальни а, региональни а муьрашкахь болу лехамаш бовзуьйтуш болх бар тIедиллина оцу комиссешна. Дешархой олимпиадина кечбинчу хьехархошна ахчанан совгIаташ лург хилар а хаийтина министра. Масала, нохчийн меттан а, литературин а, оьрсийн меттан а, литературин а, математикин а, физикин а, информатикин а хьехархошна (хIоранна а) 50 эзар сом лур ду, ткъа химин, географин, историн, биологин, обществознанин, физически культурин хьехархошна (хIоранна а) 30 эзар сом лур ду. Олимпиадин жамIаш чиллин (февраль) беттан 10-гIа де тIекхачале хуур ду.

З.ХИЗИРОВА

№5, пIераска, кхолламан (январь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: