2017-чу шарахь Кегийр- хойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос дан леринарг довзаран Iалашонца оха интервью ийцира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министрера Ибрагимов Iийсагара.
– Де дика хуьлда, Iийса. ХIокху шарахь кхочушдан дезарш хIун декхарш ду министерствон?
– Министерствон болх кегийрхойн гIуллакхашкахула хиларе терра, оха кхочушъеш йолу проекташ кегийрхошца йоьзна ю. 2016-гIа шо чаккхене доьрзуш, керлачу шарна лерина белхан план кийча яра тхан. Делахь а, хIинца а тIечIагIъяза ю иза. Цундела, министерствос карарчу шарахь дIахьон болчу белхан цхьайолу къайленаш ма-ярра оха йовзуьйтур яц, амма тхайн ойланех а, кхочушъян леринчу проектех дерг а дийца луур ду. Уггаре а хьалха оха юьхьарлаьцна вайн къоман культурин-историн мехаллаш меттахIитторна тIехь жигара болх баран Iалашо. Баккъал а маьIне а, тIейогIу йолчу хенахь къаьсттина оьшур долу а хIума ду иза. Вайн халкъан культурин-историн мехаллаш меттахIитторца а, уьш Iалашъярца а вай ларъеш ерг вайн къоман истори ю. Цкъа мацца а, цхьа хан-зама яьлча, вайн тIаьхьенашна шайн истори хаийтархьама кхочушдеш ду и гIуллакх. Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тхуна тIедиллина декхар ду иза. ХIокху шеран аьхка ГаланчIожан кIоштахь вайн республикерчу ВУЗ-ийн студенташ схьа а гулбина, ломахь четарий юрт (палаточный лагерь) йилла ойла ю тхан. Цигахь, дIасахьаьжча схьагуш Iалам, лаьмнаш бен доцучу хьолехь студенташа, шайн-шайн корматалле хьаьжжина, шайн белхаш (масала, курсови а, дипломни а) язбийр бу. Тхо тешна ду Iалам а хаза долчу оцу меттигаша студентийн хьекъална а, кхетамна а дикачу агIор тIеIаткъам бийриг хиларх а, цIахьчул а цигахь церан Iилманан белхаш дика нислург хиларх а. Цигахь говзанчаша студенташна мастер-классаш лур ю, лекцеш а йоьшур ю. И тайпа гIуллакх хIокху шарахь дуьххьара юкъадоккхуш ду оха. Дала мукъ лахь, хIокху аьхка и гIуллакх вовшахтоха а, дIадахьа а, цул тIаьхьа а хIора шарахь иза вовшахтоха дагахь ду тхо. Вайн дай баьхначу хазачу меттигех кегийрхошка кест-кестта бIаьрг тухуьйтуш хилча, царна и меттигаш марзъеш хилча, тIаккха царна шайн истори кхин а кIорггера йовза луур ду, аьлла хета суна.
– Хууш ма-хиллара, кегийрхойн организацеша вайн кегийрхой кхетош-кхиорехь дIахьош болх бу. Оцу организацешца аш хIун болх бо?
– Кегийрхойн организацеша вайн кегийрхошца дIахьош берг кIезиг болх бац. «Путин», «Ахмат», «Иман», «Волонтеры Победы», «Волонтеры-Медики», «Патриоты Чечни», «Молодежный Парламент» организацеша къаьсттина доккха гIо до тхан балха тIехь. Амма хIокху шарахь болх кхин а жигарбаккха дагахь ду тхо. Кегийрхойн организацийн декъашхоша ечу акцеша, цхьаьнакхетарша, флэшмобаша, мел бина а, дика тIеIаткъам бо кегийрхошна. Цхьаболчарна-м хета тарло, билгалъяьккхина акци, цхьаьнакхетар вовшахтоьхчахьана цу тIехь церан болх чекхболуш бу, иза иштта дац. Масала, муьлхха а гIуллакх, цхьаьнакхетар шаьш вовшахтухучу хенахь билгалдаьккхина гIуллакх дIадахьаран хьокъехь хаам а, план а, сценари а шаьш кечйо организацийн декъашхоша. Организацийн жигархойн уггаре а дика амал балхах цакъехкар ю. Церан шаьш къона хиларе терра денна а керла идейш а хуьлу.
– ХIокху заманахь нохчийн мотт цIена бийца а, оцу маттахь яздан а хууш берш дукха бац. Халахеташ делахь а, дукхах болчу кегийрхошна чолхе хета нохчийн мотт бийцар а, иза Iамор а. Вайн кегийрхойн нохчийн матте безам, марзо кхолларехь аш деш хIумма а дуй?
– Иза бакъ ду. КIорггера оцу хIуманна ойла ян воьлча кхета а кхета, баккъал а тIейогIучу заманахь кегийрхошна и проблема халонга ериг хиларх. ХIинца-м уьш цунах кхета а хир бац. Амма, вайн къоман стаг муьлххачу а махка кхаьчча, шен къоман мотт а, истори а цунна ца хиъча иза нахана кIезиг хетар ву. Нохчийн матте марзо кхолларан Iалашонца оха тайп-тайпана конкурсаш вовшахтуху, масала, нохчийн маттахь дика байт язйинарг къастош, нохчийн мотт дика хууш берш билгалбохуш. ТIейогIучу хенахь нохчийн шира дешнаш дукха хьанна хаьа хьожуш, кегийрхошна юкъахь къийсадаларш вовшахтоха дагахь ду тхо.
– Хууш ма-хиллара, Нохчийн меттан дийнан хьокъехь Указ арадаьккхина 10 шо кхочуш ду хIокху шарахь. Оцу дезчу денна лерина хIун кечамаш беш ду шу?
– Карара шо доладелла бен дацахь а, оцу денна лерина республикин конкурс дIаяхьа лерина ду тхо. «Нохчийн маттахь уггаре а дика байт» конкурсехь дакъалаца таро хир ю вайн республикин кIошташкарчу кегийрхойн. И конкурс бахьана долуш церан таро хир ю нохчийн маттехула долу шайн хаарш гайта. Иштта, тхуна а тхайн министерствон белхахошна юкъахь а билгалбевр бу нохчийн мотт дика хуурш.
– ХIокху заманахь цхьаболчу кегийрхоша телефонашца, планшеташца ловзарца йойъу шайн дукхах йолу мукъа хан. И хан цаьрга пайдехь яккхийта хIун дан дезара вай?
– Хууш ма-хиллара, кегийрхой харцновкъа бовларан бахьана – иза церан мукъа хан дукха хилар ду аьлла хета суна. Кхузаманан технологеша болх барна тIехь гIо до вайна, эца хуучара царах пайда а оьцу, бакъду, царах пайдаэца цахуучарна доккха зен а до цара. Цундела цунах кхета веза вайх хIора а, къаьсттина кегийрхой. Телефонаца я компьютера хьалха йоккхучу минотехь, сохьтехь шена цхьа пайдехь дерг Iамийча, дахарехь атта хир дара царна. Кертахь дан дезарш хуьлу я вайн яздархочун книга ешна а шен хьекъал, кхетам кхиош долу гIуллакх дича, и карор дара. Вайн кегийрхошна дахарехь шайн меттиг караяйта а, церан мукъа хан эрна дIа ца яхийта а болчу лаамца кхочушъеш дуккха а мехала проекташ ю. Оцу проекташкахь дакъа а лаьцна, шен хьуьнарш, похIма гайта таро ю кегийрхойн организацийн могIаршка дIахIиттинчеран.
З.ЛОРСАНОВА
№6, шинара, кхолламан (январь) беттан 24-гIа де, 2017 шо