ДIадолийна «ГIиллакхийн суьйренаш» проект кхочушъяр

Хууш ма хиллара, культурин а, дешаран а ерриге а учрежденешкахь жигара дIахьош бу къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран болх. Культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туш а яц оцу мехалчу гIуллакхна юьстах лаьтташ. Оцу туьшо хIокху шарахь шаьш дIаяхьа лерина «ГIиллакхийн суьйренаш» проект кхочушъяр дIадолор Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь хилира.

IMG-20170118-WA0035

ХIокху деношкахь Хьехархойн университетан студенташца цхьаьнакхетар дIадаьхьира цара. Цигахь дакъалоцуш вара Халкъан кхоллараллин туьшан отделан куьйгалхо I.Альтемиров, оццу туьшан белхахой З.Эльдиев, С.Казаев. Цара дийцира кегийрхой тIаьхьарчу хенахь телефонашка а бирзина, цунах дерриге дахар а тардина, нийсачу новкъара галбовла гергга хиларх а, масална бало уьш кIезиг цахиларх а лаьцна. Иштта, билгалдаьккхира Iилма а, гIиллакхаш а Iаморехь я воккхачуьнца дагавала везачохь цара орца олург интернет хилар а, хIинцалера кегийрхой дешарехь къахьега лууш цахилар а.

Вайн къона тIаьхье ийманехь, гIиллакхе, вайн дайн хаза Iадаташца кхиийта кегийрхойх хIораммо а ша шена тIехь болх бан беза.

Вайнехан Iадат аш, сий, яхь, оьздангалла, гергарлонаш, доттагIаллаш, кхийолу ерриге а мехаллаш – гIиллакхан сифатех ду. Вайн заманахь оцу тайпана хIуманаш а, гIиллакхаш а хабаршций бен дисина дац. ГIиллакхаш лардеш берш кIезиг бу. И дерриге тидаме а оьцуш, дай-наноша шайн доьзалшца бан безачу белхийн цхьа дакъа ду Халкъан кхоллараллин туьшо кхочушдеш дерг. Хьешаша леррина хьехарш дира студенташна, республикин кхане цаьргахь юй хоуьйтуш.

И мехала болх карарчу шарахь ерриге а ВУЗашкахь а , СУЗашкахь а, школашкахь а дIабахьа дагахь бу туьшан белхахой.

М.ВЕГИЕВА

№6, шинара, кхолламан (январь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: