ПетIамат, баркалла хьуна

Дукха хан йоццуш Шеларчу вахархочо Шамсудинов Шемала Устрада-ГIалин больницерчу терапин отделенин заведующи йолчу лоьрана Баймурзаева ПетIаматана баркалла алар а, иза йовзийтар а дехнера редакце.

IMG-20170123-WA0045

Шемал оцу больнице дуьххьара кхаьчна вац. Цо дийцарехь, 5 шо хан ю цо цигарчу лоьрашка шена дарба дойту. Оцу больницах а, цигарчу лоьрех а лаьцна иштта дийцира Ш.Шамсудиновс.

– Кхуза суо кхачале а хезнера суна Устрада-ГIалара больница дика юьйцуш. Наха оцу больницин а, цигарчу лоьрийн а дика цIе йоккхуш хиллехь а, сайна иза хаъалц башха ца тешара со. Вуочу хьолехь вара со хIетахь. Бакъдерг дийцича, сайна гIоле хирг хиларх башха дегайовхо а яцара хIетахь. Амма больницин лоьрийн, медйижарийн шайн дархошца болчу лараме, къинхетаме хьаьжча, сапаргIатделира сан. Дарба а хилира. ХIетахь дуьйна, сайн могашалла ледара хетча, хIокху больнице вогIу со, – бохура цо.

Больницин лоьрашна а, медйижаршна а, къаьсттина Баймурзаева ПетIаматана, даггара баркалла боху Шемала.

Лоьран говзалла ларамаза хаьржина яц ПетIамата. Больницехь дуккха а шерашкахь санитарка болх бина йолчу цуьнан нанас даима а хьоьхура шен йоIана лоьран говзалла харжар. Балхара цIа мосазза йогIу а больницехь долу хьал, лоьраша адамашна деш долу дарба, и дерриге а дуьйцура цо. Ишта марзъелира цунна лоьран говзалла. Школехь дешна яьллачул тIаьхьа Дагестанерчу пачхьалкхан медицинин институтехь дийшира цо. Ша хаьржинарг жоьпалле говзалла хиларх дика кхеташ йолчу цо, шен ерриге а ойла дешарна тIе а яхийтина, къахьийгира.

Тайп-тайпанчу больницашкахь белхаш бина ю иза. Ткъа 2000-чу шарахь дуьйна Устрада-ГIаларчу больницехь къахьоьгуш ю.

– Тхан нанас марзйира суна лоьран говзалла. Жимачохь, массеран а санна, сан а бара цхьацца сатийсамаш а, лаамаш а. Амма, тахана лоьран говзалла кхечу говзаллица хуьйцур-м яцара ас. Бакъдерг дийцича, лоьран болх атта бац. Лор цхьана агIор психолог хила везаш ву. Уггаре а хьалха, цуьнан лазар цхьажимма мукъане а дайдан, цуьнца бийца мотт каро беза лоьрана. ТIаккха, шайна гIоле хирг хиларх теша а теший, самалхадолу дархойн.

Ш.Шамсудиновн а, кхечу дархойн а цIарах даггара баркалла ала лаьа ПетIаматана а, цуьнан белхан накъосташна а.

З.ХАСИЕВА

№6, шинара, кхолламан (январь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: