Берийн ойла яхьара, да-нана цхьаьна хир дара

«Юкъарадешаран учрежденийн дешархойн дай-нанойн Союз» региональни юкъараллин организацис а, коммерчески йоцчу «Зударий – кхиарехьа» автономни организацис а «горга стол» дIаяьхьира, вайн заманахь лазаме хилла ца Iаш, шуьйрра яьржинчу боьхначу доьзалийн берийн проблемех лаьцна.

IMG-20170123-WA0042

«Горгачу стоьлан» дакъалацархой бара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон, Нохчийн Республикин адамийн бакъонашларъяран векалан аппаратехь Берийн бакъонашларъяран векал, «Юкъарадешаран учрежденийн дешархойн дай-нанойн Союз» региональни организацин, коммерчески йоцчу «Зударий – кхиарехьа» автономни организацин, Нохчийн Республикин Журналистийн союзан, Нохчийн Республикин юкъарадешаран школийн дай-нанойн комитетийн векалш.

Оцу цхьаьнакхетарехь жигара дакъалецира Берийн бакъонашларъяран векала Хирахматов Хьамзата, Журналистийн союзан председатела Хатуев Ислама.

Хь.Хирахматовс дийцира вайн республикехь доьзалш бохар бахьанехь оцу доьзалшкарчу бераша ловш йолчу халонех. Берашна халонга долу да-нана дIасакъастар. Царна шайн наной ца гойтуш новкъарлонаш йо дукха хьолахь дас а, дехоша а. Карарчу хенахь 2 700 дов ду Берийн бакъонашларъяран векале наноша чуделла. Шайна бер гайта бакъо, гIо доьхуш яздина дехарш ду уьш. «Берана къинхетам уггаре а дукха оьшучу хенахь цу къинхетамах доккху иза дас я нанас, я церан гергарчара. Бер нанна ца гойту, ткъа бахьана – хIуьттаре яр. Муха мегар ду иза? Дала елла оцу берана дийна делахь, шен да-нана ган а, царех марзо эца а бакъо. Да-нана атта духе кхуьур доцуш боккха бала хьоьгуш хуьлу бер шен да-нана дIасакъастарна», – элира Хь.Хирахматовс.

Зуда, стаг дIасакъастаран гIуллакхан цкъачунна цхьа аьхна некъ бац вайн хетарехь, пачхьалкхан тIегIанехь юкъадало деза да-нана дIасакъаьсташ хилча, нанна шен бераш гайта тIедожош долу Закон. Оцу ойланна тIебаьхкира «горгачу стоьлехь» хиллачу къамелехь дакъалоцуш хилла юкъарадешаран школийн дай-нанойн Комитетийн векалш. Доьзал кхуллуш берш кийча бац, Iамийна бац шайн декхарш тIелаца. Дийца кIезиг бахьанаш а долуш, бухуш бу и тайпа доьзалш. Цундела школашкахь «Къинхьегаман» урокашкахь божаберашна а, зудаберашна а Iер-дахарехь оьшуш долу гIуллакхаш дан Iамо дезара. Зуда лара, цунна хIусаман дукъ дIакхехьарехь гIо дан дезар хьоьхуш хила дезара. Хатуев Ислама билгалдехира доьзалш бохарехь шена гуш долу бахьанаш: къоман вуон амалш, юкъаралло кхуллуш долу эладита «Стага шен зуда лоруш хилча, иза оцу стеган ледарло хеташ хуьлу цхьаболчеран гергара нах, доттагIий. «Хьо ма муьтIахь ву цунна. И зударий шортта бу хьуна!» – бохуш. Церан барт хилча хазахетаран метта дуьйцуш хуьлу иза», – элира И.Хатуевс.

Жима дов доккхачу девне доьрзу, цул тIаьхьа дIасакъестарш, девнаш, хьаьгIнаш юьйлало. Бер ша дуьсу.

Цунна ненан марзо, ден гIо ма оьшу. Дукха хьолахь ишттачу доьзалшкара бовлу наркоманаш, къоладийраш. Нохчийн Республика луларчу республикашна юкъахь массарел хьалхара ю доьзалш дIасакъестарехь. Боьхначу доьзалийн бераш, церан хьокъехь йолу проблемаш алсам хиларх лаьцна кIезиг ца дийцира оцу цхьаьнакхетарехь. Боьхначу доьзалшкара бераш къаьстташ хуьлу школашкахь. Хьехархой царех дог лозуш, дан хIума доцуш буьсу.

Иштта, самукъане доцу сурт девзира «горгачу стоьлехь».

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№6, шинара, кхолламан (январь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: