72 шо даьлча – дайн хьуьнарийн лорах

Шо хьалха «Даймохк» газетехь зорба тоьхначу «Нохчийн бIаьхойн дицдина хьуьнарш» статья тIехь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцначу сайн деден воккхах волчу вешех Мусаев Iелех лаьцна яздинера ас. Даймехкан тIамехь турпалалла гайтинчарех, амма цIа ца кхаьчначарех цхьаъ ву иза.

IMG-20170123-WA0031

1943-чу шеран кхолламан (январь) беттан 5-чу дийнахь шен лаамехь тIаме вахана, кхин цIа ца веана иза. ХIетахь цуьнан 17 шо бен ца хилла, делахь а, цу хенахь лаьмнийн ярташкахь дешна нах кIезиг хиларна, тхан юьртарчу – ТIехьа-Мартан кIоштан Янди-КIотарарчу юккъерчу школехь хьехархочун болх беш хилла иза. Шен шичой а, юьртахой а шайн лаамехь тIаме боьлхучу хенахь, шена цхьа шо хан тIе а язъяйтина, цаьрца цхьаьна араваьлла хилла Iела. 1943-чу шарахь шен-шен хенахь цIа кехаташ яздеш хилла цо. Цуьнгара тIаьххьара кехат ЦIен Эскар Керчь гIалина тIелатале хьалха деана. ТIаьхьуо, Керчь схьайоккхуш бинчу тIамехь кIант кхелхина аьлла, кехат деара цIахь болчаьрга, доьзал кхобушверг кхалхарна пенси а яздира царна. ТIамехь шайн кIанта гайтинчу хьуьнарех а, я иза кхалхарх а лаьцна кхин цхьа а хIума хууш дацара гергарчарна. Хийрачу махкахь Даймахках къастар, шело, мацалла, баланаш ловш болчарна иза дагадогIучохь а дацара…

60-чу шерашкахь, Казахстанера цIадирзинчул тIаьхьа, сан деда Мусаев Ваха, шен воккхах волчу вешех хилларг хаа лууш, дукха лийлира. Цхьа хIума хаа аьтто белира цуьнан хIетахь – гвардин сержант хилла волу шен ваша Мусаев Iела кхелхина де а, иза дIавоьллина меттиг а. Гучу ма-даллара, 1945-чу шеран хIутосург (май) беттан 12-чу дийнахь (Толам баьккхина кхо де даьллачул тIаьхьа), тIамехь хиллачу чевнех госпиталехь кхелхина а, Австрехь дIавоьллина а хилла иза. Иштта хаам беш жоп яздинера сан дедега тIеман комиссариатера.

Цул тIаьхьа тхо а дукха хьийжира Iелас тIамехь бинчу некъах дерг хаа лууш, хIунда аьлча, иза гергара хиларал сов, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь вайн къоман хIора а векалан дакъалацар деза а, маьIне а ду вайна. Iелин да (сан дедеда) XX-чу бIешеран 30-чу шерашкахь динан а, интеллигенцин а векалшна даккхий таIзарш дечу хенахь герзаш диттина вийнера. ХIетте а, ша доьзалехь воккха а, юьртарчу школехь хьехархо а хиларе хьаьжна доцуш, шен лаамехь тIаме ваханера Iела. Кхузза чевнаш йича а, госпиталера фронте юха а воьдуш, тIеман накъосташна майраллин, доьналлин масал а хилла, лаьттина хиллера Мусаев Iела. Амма тхуна иза тIаьхьуо бен ца хиира, Iела кхелхина 70 шо даьллачул тIаьхьа.

Ши шо хьалха, Толаман 70 шо кхачарна лерина, РФ-н Оборонин министерствон дIадолорца интернета чохь кхоьллинчу ресурсашна тIехь тIеман шерийн дуккха а кехаташ «гучудевлла». Дагахь а доцуш, podvignaroda.ru ресуса тIехь тхуна а карийра дедевешин Мусаев Iелин тIеман некъ бовзуьйту кехаташ. Оцу некъах вайн тIекхуьучу тIаьхьенна масал хир ду аьлла хеташ, иза бовзийта лаьа. Бакъду, Iелина мидалш, орденш яларан хьокъехь долу омранаш а, совгIатдаран кехаташ а карийча, дуккха а хаттарш кхолладелира тхан. Оцу хаттаршна жоьпаш каро атта а дац. Масала, 1944-чу шеран хIутосург (май) беттан 6-чу дийнахьлерчу совгIатдаран кехатехь билгалдаьккхина ду Iелина III-чу даржан Сийлаллин орден ялар: Кехата буха куьйгаш яздина Сальски стрелкови 1135-чу полкан командира, подполковника Сцепурос а, ЦIебайракхан Тамански стрелкови 339-чу дивизин командира, Советийн Союзан Турпалхочо, гвардин полковника Василенкос а (тIаьхьуо, инарла-лейтенантан чине кхаччалц эскарехь гIуллакхаш дина а, советийн заманахь масийттазза Нохчийчохь хилла а ву). Оцу кехатехь иштта билгалдаьккхина Мусаев Iелин кхул хьалха чевнаш а я совгIаташ а хилла цахилар. СовгIатдаран кехата тIехь яздина ма-хиллара, ГIирма мукъайоккхуш биначу тIамехь, 1944-чу шеран оханан (апрель) беттан 11-чу дийнахь, Мариенталь совхоз схьайоккхучу хенахь сержант Мусаев Iела, шен отделенина куьйгалла а деш, ерриге а батальонна лаккхарчу доьналлин масал а гойтуш, шен са ца кхоош, дуьххьара мостагIашна юкъаиккхина хилла. Шен майраллица ерриге а батальон тIелатарна гIо дина цо. Оцу тIелатарехь цуьнан отделенис 10 фашист хIаллак а вина, кхин а 3 йийсаре а лаьцна, 10 автомат а, куьйган 1 пулемет а схьаяьккхина. Иза бахьанехь, оццу шеран хIутосург (май) беттан 15-чу дийнахь Сальски стрелкови 1135-чу полкан 8-чу стрелкови ротин отделенин командирана, сержантана Мусаев Iелина, лакхахь билгал ма-даккхара, III-чу даржан Сийлаллин орденца совгIат дина. ХIетахь иза тIамехь волу шолгIа шо хилла, оцу хенахь сержантан дарже кхача а, отделенина куьйгалла дан а ларийна. Кехаташ тIехь 19 хиллехь а, 18 шо кхаьчний бен ца хилла иза цу хенахь.

РогIера совгIатдаран кехат 1944-чу шеран хьаьттан (август) беттан 18-чу дийнахьлера ду (хьалхара совгIат делла кхо бутт бен боцуш), ткъа цу тIехь билгалдаьккхина ду Iелина кхул хьалха чевнаш хилла хилар – 1943-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 5-чу дийнахь Керчь схьайоккхучу хенахь а, 1944-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь (цуьнан хьалхарчу совгIатдаран кехата тIехь дийцина хьуьнар гайтинчул тIаьхьа 12 де даьлча) Севастополь схьайоккхуш бинчу тIамехь а. Ший а чов ЦIебайракхан Тамански стрелкови 339-чу дивизин 1135-чу стрелкови полкехь а волуш йина цунна. 1944-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь чевнаш хиллачул тIаьхьа госпитале кхаьчна Iела, цигара, 2 бутт хан яьлча, Украинин 3-чу фронтан тIаьхьалонан 200-чу стрелкови полке кхаьчна. Цундела, рогIера совгIат далар оцу полкан командира, полковника Такуновс куьг яздина ду. МогIарерчу салтичунна Мусаев Iелина салтийн лаккхарчу «Доьналлина» мидалца совгIат дина аьлла, билгалдаьккхина цу тIехь.

IMG-20170123-WA0032

ХIинца билгалдохур вай кехаташ тIехь нисделла долу «кхачамбацарш». Госпиталера араваьлла, тIеман керлачу декъе кхаьчна ши бутт бен баьлла боцчу хенахь дина Мусаев Iелина «Доьналлина» мидалца совгIат. 1944-чу шеран оханан (апрель) беттан 2-чу дийнахь гайтина хьуьнар бахьанехь III-чу даржан Сийлаллин орденца совгIат дина цунна, ткъа оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь чевнаш а хилла, госпитале кхаьчна иза. Ши бутт баьлча (1944-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь) тIеман керлачу декъе кхаьчна Iела, кхин ши бутт баьлча, хьаьттан (август) беттан 18-чу дийнахь керла совгIат до цунна. Амма, совгIатдаран кехата тIехь могIарера салти санна язвина ву иза, хьалхарчу кехата тIехь сержантан цIарца билгалваьккхина велахь а. 1944-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 7-чу дийнахьлерчу шен керлачу совгIатах лаьцна а хаа доьгIна ца хуьлу бIаьхочунна – юха а чов йина, госпитале кхаьчна иза, цигара араваьлча эскаран кхечу декъе хьажийна.

СовгIатдаран кхин а цхьа кехат 1945-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахьлера ду. Цунна куьг яздинарг Гвардейски стрелкови 263-чу полкан командир, гвардин подполковник Денисенко ву. Оцу кехатехь гучудолу 1944-чу шеран хьаьттан (август) беттан 20-чу дийнахь гвардин сержант Мусаев Iела кхин цкъа а чов йина хилар. Иштта, оцу кехатехь яздина ду Даймехкан тIеман II-чу даржан орден лучу хенахь (оццу февраль баттахь) Мусаев Iелин цул хьалха совгIаташ хилла дац, аьлла. Шо хьалха деллачу совгIатех лаьцна шена Iелина а, я цуьнан куьйгаллина а хууш а ца хилла. Оцу совгIатдаран кехатехь билгалдаьккхина ду 1945-чу шеран чиллин (февраль) беттан 19-чу дийнера 20-чу дийне кхаччалц церан полк, йийсархо лацаран Iалашонца, Шаторкина (Венгри) малхбузехьа тIеман таллам беш хилла хилар.

«Йийсархо лацаран тобанехь лакхара хаьржина вара накъост Мусаев. Боцца арт-кечам бинчул тIаьхьа, уггаре а хьалхарчарех мостагIийн эскарш долчу юкъаиккхира Мусаев. Шен автоматца, вайн тоба тIелеттачу немцошна гIо дан вогIуш волу немцойн 12 салти хIаллаквира цо. Цул сов, накъоста Мусаевс граната а кхоьссина, мостагIийн пулемет еттар а (цунна лерина меттиг йохош) сацийра», – аьлла, билгалдаьккхина ду совгIатдаран кехата тIехь. И хьуьнар гайтарна Гвардейски стрелкови 263-чу полкан автоматчикна, сержантана Мусаев Iелина Даймехкан тIеман II-чу даржан орденца совгIат до олий билгалдоккху, амма юха а III-чу даржан Сийлаллин орден ло цунна. Юха а, совгIатдаран кехата тIехь, кхул хьалха совгIаташ дина вац олий, яздо. Мел кIезиг а III-чу а, II-чу а даржан Сийлаллин орденш йоггIушехь, официально цунна елларг III-чу даржан 2 орден хуьлу.

Гвардин сержанта Мусаев Iелас, шен тIеман декъана юкъахь а волуш, Венгри схьаяьккхинчул тIаьхьа, кхидIа Румынехула дIабаьхьна шен некъ, Австрехь чекх а баьккхина. Цигарчу госпиталехь, тIамехь хиллачу чевнех, 1945-чу шеран хIутосург (май) беттан 12-чу дийнахь кхалха а кхелхина, Волькерсдорфехь дIавоьллина Iела.

Цуьнца цхьаьна эскарехь гIуллакх дина командираш а, салтий а лоьхучохь, лакхахь билгалъяьккхинчу йийсархо лацаран операцехь дакъалаьцна волчу разведчикан Лазарев Василийн совгIатдаран кехата тIе нисделира тхо. Боцца таллам бича гучуделира, леррина операци дIаяхьале цхьа бутт хьалха цунна II-чу даржан Сийлаллин орден елла хилар а, йийсархо лоцучу операцехь дакъалацарна а, мостагIийн пулемет етта меттиг (кхаа фашистаца цхьаьна) хIаллакьярна а кхин а цкъа совгIат дина хилар а – I-чу даржан Сийлаллин орден. Цу кеппара, Сийлаллин орденийн вуьззина кавалер хилла цунах. Делахь-хIета, изза хьуьнар гайтина волу Iела а хьакъ хилла оцу совгIатна. Билгалдаккха деза, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь Сийлаллин орденан буьззина кавалераш СССР-н Турпалхочун дашо седа беллачарел а кIезиг хил- ла хилар.

Шена и дерриге а хиъча, тхан деден хазахетаран доза а дацара. Лаамаза бIаьргаш хих дуьзнера цуьнан, шега кхаъ баьккхича. Шен ваша дийна а волуш, юхаверзийча санна хетаделла шена бохура цо. Дахарехь ша йоккхучу хенахь вешех лаьцна муьлхха а цхьа хаам карор бацара-те бохуш, сатийсинера дедас, вешин сийнна шен 8 кIантах цхьанна (тхан дена) Iела аьлла, цIе а тиллинера.

Ткъа тахана, деден вешин тIеман некъ бевзинчул тIаьхьа ши шо даьлча, цуьнан хьуьнарийн лорах Австре кхаьчначу сан вашас кхин а доккха хазахетар дина дедена Iелин коша тIе вахарца. Волькерсдорфехь дIавоьллина волу Мусаев Iела а, цуьнца цхьаьна (цигахь дIабоьхкина хилла) кхин 10–15 салти а Мистельбах гIалахь долчу кешнашкахь юха дIавоьллина хилла. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь шайн хьуьнарш гойтуш, Австрехь кхелхина болу салтий бу оцу кешнашкахь дIабоьхкина. Цигахь дIавоьллинарг билггал маса ву хууш дац, хIунда аьлча, цхьадолу баьрзнаш «вежараллин» ду, царна чохь цхьаьна дIавоьллина 10–20 салти ву, цхьадолчарна чохь цхьацца салти бен вац. БIеннашкахь, эзарнашкахь хир бу дIабоьхкинарш, царна юкъахь вайн къоман векалш а бу. Австрерчу цхьана Iилманчас шен книги тIехь билгалбаьхна хаамаш бахьанехь, тхан деден ваша билггал муьлхачу кошахь дIавоьллина ву а хиъна тхуна. Австрехь кхелхинчу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман кхин а эзарнаш дакъалацархойн цIерш ю оцу книги тIехь.

А.МУСАЕВА

Суьрташ тIехь: Мусаев Iела; Мистельбах гIалахь долу кешнаш; оцу кешнашкахь Мусаев Iелин вешин кIентан кIант Ражап

№6, шинара, кхолламан (январь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: