Вайн махкахь дуккха а хилла къомо цIе йоккхуш нах. Царах цхьаъ вара Кишин Кунта-Хьаьжин доттагIчун Кериман кIант ТIушал. Иза дуьнен чу ваьлла 1837-чу шарахь, кхалхар хилла 1923-чу шарахь. Цуьнан жималла дIаяхара Кишин Кунта-Хьаьжин доьзалх хьерчаш. Уьш дикка цхьаьна Iийра Гуьнахь, шаьш Хьаьжин-Эвлахь баха охьаховшшалц. Кунта-Хьаьжас шен йиша маре елира Кериман вешига Везе. Цул тIаьхьа цIийца гергарло тасаделира Iабдуллин (Кериман да) доьзалан а, Кишин Кунта-Хьаьжин доьзалан а. И гергарлонаш хIинца а долуш ду.
Кавказан тIом боьдуш ТIушал жима вара, и кхуьу хан яра иза. Цунна гуора паччахьан Iедало вайн халкъаца лелош йолу харцонаш. Уьш лан цунна а, и санна болчарна а хала дара. Имам Шемал Россин Iедална каравахарца 1859-чу шарахь чекхбелира Кавказан тIом. Оьрсийн Iедало дIакхайкхийра Нохчийчоь Россин пачхьалкхан дакъа хилла дIахIоьттина, аьлла. Амма нохчийн халкъан паргIатонехьа болу сатийсам дIа ца баьллера. Цундела, юха а 1877–1878-чуй шерашкахь гIевттира нохчий, шайна хьалхаваьлла Iаьлбиг-Хьаьжа а волуш. Оцу боламна юкъавахара Гуьнара ТIушал а. Цо оцу тIамехь доккха дакъа лецира. Оьрсийн паччахьан Iедало юха а шегара ницкъ гайтира. Нохчийн халкъ эшна дисира. ТIушал Веданарчу суьдехь хан а тухий, Аштаркханерчу набахте дIахьажаво, шеца цхьаьна Дишни-Веданара цхьа стаг а волуш. Цушиннан аьтту хуьлу цигара вада.
13 шарахь тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахула лийлира ТIушал а, цуьнан накъост а. Цо дийцарехь, кхуьнца волу накъост, йолу цамгар а хуьлий, кIелвуьсу. Делан лаамца, ТIушалан гIоьнца и стаг оцу цамгарх кIелхьараволу. Цхьа хан яьлча ТIушал ша лоцу оцу цамгаро. ХIара велла моьттуш, кхунна тIе тIулгаш а дохкий, дIавоьду накъост. Цхьа хан яьлча, гаттийн бIаьргаш а болуш волчу цхьана стага оцу тIулгаш кIелара хьала а воккхий, шен цIахь текхаргийн чIор а кхехкош, цуьнан чорпа а мийлош дарба до цунна. Ша товелча, шен лоьрана баркалла а олий ТIушал Хонкаран махка ваха новкъаволу. Цунна коьртаниг Кишин Кунта-Хьаьжин доьзална тIекхачар, царна оьшучуьнга хьажар, церан доладар дара. Оцу Iалашонца болабо цо шен некъ. Оцу новкъахь чIогIа халонаш лов цо: мацалла, хьогалла, йовхо, шело. Цхьана наха схьалоций, диттах дIавоьхкий, тIе тIулгаш а детта цунна. Оцу балех а Делан лаамца, новкъабоьлхачу нехан гIоьнца, кIелхьараволу иза. Иштта, Иракъе кхочий, паччахьана гIаролехь болчу нахаца болх бо. Цо бечу балхана реза хиллачу хьаькамо хаьттина хилла ТIушале хIун совгIат де ша хьуна, аьлла. Цо шена Кишин Кунта-Хьаьжин доьзалх дIакхета лууш хилар хоуьйту. Цуьнан лаам кхочушбеш Iедало Кунта-Хьаьжин доьзалх дIатуху ТIушал. Церан дуьххьарлера цхьаьнакхетар Иракъехь хуьлу. Кишин Кунта-Хьаьжин йоIана Эсетана тIекхочу ТIушал. Арахь (кетIахь) девзиг хьокхуш хуьлу Эсет. Вовшийн гича, девзий, хазахетар совдолий, ТIушал а, Эсет а маракхета. И ца тов цуьнан цIийндена Берсанакъана (гIалгIай хилла иза), Эсета и кхетаво, шайн гергарло дIадуьйцу. Цул тIаьхьа уьш гIеххьа цхьаьна беха, ТIушал церан хьашташка а хьожуш. Цхьа хан яьлча, Эсета шайн лулара жоьра ехаш йолу, нохчийн орамаш долуш йолу, зуда хьахайо ТIушална. И шиъ вовшашна реза а хуьлий, цхьаьна деха масех шарахь. Керлачу хIусамнанна самукъане ца хета шен хIусамда. Вовшех дагадаьлча гучудолу ТIушал Даймахке сатуьйсуш хилар. Цуьнан лаам кхочушбархьама, хIусамнанас шен бахамаш дIабухку. Оцу ахчанах ТIушал а, цуьнан зуда а Даймахка, Веданан кIоштарчу Гуьна схьадогIу. ХIара шиъ цIакхачале цхьа кIира хьалха цIа веана хуьлу кхуьнан некъахо. Цо хаам бина хуьлу, ТIушал, вала а велла, шаьш дIавоьллина олий. Оцу тоьшаллица ТIушал цIакхаьчначу дийнахь, цунна тIера сагIа даккхийта кечам беш хилла Гуьнара нах. Шаьш веллачунна тIера даккха кечдина сагIа могаш-маьрша ТIушал а, цуьнан хIусамнана а цIакхачарна тIера а доккхий, дIадерзадо вежарша.
Амма бухахь йолчу ТIушалан берийн нанас «цIингаш» бетта, 13 шарахь волавелла а лелла, зуда а ялош цIавеана хIара бохуш. Шен нана сацо гIерта жимах волу кIант ИбрехIим, амма цунах гIуллакх ца хуьлу. Нана берта ца йогIий хиъча, ИбрехIима цуьнга олу: «Тахана дуьйна со сайн дас ялийначу зудчун кIант ву хьуна, ткъа хьан со воцург кхин а бу кIентий».
Цул тIаьхьа ИбрехIим шен деца ТIушалца цхьаьна вехаш чекхволу. Церан дахар XX-гIа бIешо долалучу хенахь, Марзойн-Мохк цIе йолу юрт йилларца доьзна ду. ТIушал шен 4 кIантаца (Хьамбахьад, Дили, ИбрехIим, Сайд-Iаьлви) Марзойн-Махкахь ваха охьахуу.
Ма-хетта сиха шайна кхерчаш бойла цахуьлу ТIушалан доьзалан. Цундела хьалха уьстагIашна жоьланаш а бой, бежанашна божалаш а дой, цхьана ханна зударий а, бераш а шайца доцуш Iа уьш цигахь.
ХIора ши-кхо де мел дели ТIушалан Гуьнара несарий хилла сискалш а, кхийолу юург а оьций шайн марзхошна тIаьхьабоьлхуш. Юьртахоша хоттуш хилла – шу стенга доьлху олий? Зударша жоп ло бохура – марзхой болчу доьлху шаьш олий. Иштта кхоллаелла, бохуш дуьйцу юьртан Марзойн-Мохк боху цIе. Кунта-Хьаьжин цIарах цIе тиллина йолу Хьаьжин-Эвла, Хьаьжа а, цуьнан доьзалш а Иласхан-Юьрта охьабахча яссало. Оцу хьолехь и юрт 40 шарахь гергга лаьтта. Десса лаьттачу Гуьнойн латтанех шайна кийсакаш йохуш, пайдаэца гIерта лулара нах. Царна дуьхьалонна, ИбрехIим шен да ТIушал а, шен десте а оьций Хьаьжин-Эвла ваха охьахуу. Цигахь дикка бехаш Iа уьш, кхиболу гуной оцу юьрта схьабахккалц. Шен десте кхелхича, ТIушал а валош Марзойн-Махка шен нана Дадак йолчу схьавогIу ИбрехIим. Оцу заманчохь тайп-тайпанчу ярташкара дукха нах лела ТIушал волчу, цуьнан Хьаьжица хилла гергарлонаш шайна довзарна, пайдехь дерг схьаэца. Вайна ма-хаъара, ГIирма-Хьаьжин беркатца баьхкина бу Кишин Кунта-Хьаьжин дай вайн махка.
ГIирма-Хьаьжа а (Кериман деда), Ама а (Кишин деда) ши доттагI хилла. Керим а (ТIушалан да), Кунта-Хьаьжа а ши доттагI хилла. ТIушал Iийначу кертахь хIинца а Iаш ву цуьнан кIентан Дилин кIант Мухьаммад- ЯрагIи, шен 96 шо а долуш. Оцу кертахь, арарчу бай тIехь ховший хуьлура бохуш дуьйцу дукха нах, ГIалгIайчура, Дагестанера, Шуьйтара, кхечанхьара, ТIушале «Хьаьжин хабарш» дуьйцуьйтуш, уьш дIаяздеш. Цхьана дийнахь цо дийцинчу хабарех самукъадаьллачу наха дукха ахча тесна бохура, амма амал сиха йолчу ТIушала, юьхьйоцуш, човхийна хиллера хьеший. «Кишин-Хьаьжас, ша бахьана долуш, дуьненан даьхни гулдиначунна шен некха у гур дац баьхна», шу ша шен устазах вакхха гIертара, бохуш. Цул тIаьхьа ахчанаш ца кхийдийна ТIушална, цуьнан дог-ойла хууш.
ТIушалан кIентех юьртахоша къаьсттина дика цIе йоккхуш хилла Хьамбахьад. Ша дукха жима волуш дуьйна ламазца, мархица волуш, харцхьа дерг шех ца долуьйтуш, адамашца кIеда-мерза волуш, «бакълуьйш верг» – аьлла шен цIе яхана хилла Хьамбахьад. Цундела, юьртахойн дехарца, цо а, и санна болчу кхечу дикачу наха а хIора 7 шо мел дели гуьнойн мохк юхабоькъуш хилла. Баккхийчара дийцарехь, Хьамбахьад лацале хьалха, 1933-чу шарахь тIаьххьара бекъна бу гуьнойн мохк. Большевикийн Iедале, цIий цIена доцчу наха меттанаш а дой, лоцуьйту Хьамбахьад. Динна тIегIерташ ву, сийдолуш ву (авторитет), Советийн Iедална бале вала там бу, олий, бехке а вой, Соьлжа-ГIала охьа а вуьгий, тоьпаш туху цунна.Ткъа цуьнан кIант Абубакар 1942-чу шарахь обаргаш Гуьнара колхозан бежанаш дига гIоьртича, царна дуьхьал тIом а бой, обаргийн карах ле. Коммунистийн Iедало цхьа а терго ца еш дуьту иза. Бакъду, цхьа лайн амалш йолчу наха шаьш дара обаргашна дуьхьало йинарш олий кехаташ а кечдой, грамоташ оьцу Iедалера.
ТIушалан кхо кIант (Дили, ИбрехIим, Сайд-Iаьлви) Iовдин Iелица, Советийн Iедалехьа а ваьлла, инарла Деникинна дуьхьал тIом беш хилла. Царах цхьаъ (ИбрехIим) оцу тIамехь воь. ХIинца Марзойн-Махкахь бехаш бу Кишин Кунта-Хьаьжин доттагIчун Кериман тIаьхьенах нах а, Кериман вешин Везин кIентан ГIагIин (ГIагIин нана Кунта-Хьаьжин йиша Хьапта хилла) тIаьхьенах нах а кIеззиг чIебарлойх а, жIайхойх а нах.
Дийцинарш: ТIушалан кIант Сайд-Iаьлви, 86 долуш, 1978-чу шарахь кхелхина Марзойн-Махкахь.
ТIушалан кIентан ИбрехIиман кIант Сайд-Ахьмад, 84 шо долуш, 1994-чу шарахь кхелхина Марзойн-Махкахь.
ТIушалан кIентан Дилин кIант Мухьаммад-ЯрагIи, 96 шо ду, вехаш ву Марзойн-Махкахь. ТIушалан кIентан ИбрехIиман кIант Муьсли, 82 шо долуш, кхелхина 2000-чу шарахь Марзойн-Махкахь.
ХIара дийцар, шайн дайшкара дIаяздина ТIушалан кIентан ИбрехIиман кIентан кIанта Мовсура.
№6, шинара, кхолламан (январь) беттан 24-гIа де, 2017 шо