Адыгейра – дашочу мидалца

Дукха хан йоццуш Адыгейн Республикин Старобжегокай юьртахь дIаяьхьира Россин спортан мастершна – Энем поселкан ДЮСШ-н спортсменашна лерина схьайиллина республикин греко-римски кепара охьатохархлатарехула турнир. Цигахь дакъалоцуш бара СКФО-н субъекташкара спортсменаш.

Вайн республикера оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш 5 спортсмен вара.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Вайн махкахочо Мучураев Шемала (57 кг.) дашон мидал яьккхира – РДЮСШ. Шемал Iамош ву цуьнан тренеро Т.Мучураевс.

Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№6, шинара, кхолламан (январь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: