Историн хIолламаш Iалашбар – лерринчу тидамехь

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, хууш ма-хиллара, боккха тидам тIебохуьйту нохчийн халкъан историн хIолламаш Iалашбарна, церан мехалла тIекхуьучу къоначу тIаьхьенна йовзийтарна. Иштта, хIокху деношкахь инстаграмехь йолчу шен агIонехь цо дийцира юккъерчу бIешерашкахьлера архитектурин хIолламаш Iалашбарехь вайн регионехь беш болчу балхах лаьцна.

Цо дийцарехь, юккъерчу бIешерашкахьлерчу объекташа шайна тIеийзабо туристийн а, Iилманчийн а тидам. «Вайн дай говза архитекторш а, похIме гIишлошъярхой а хилла. Цара инзаре хаза тIеман а, чохь Iен а бIаьвнаш, къуббанаш, динан гIишлош еш хилла. Цхьайолу бIаьвнаш эзар шо хьалха йина ю. Юккъерчу бIешерашкахьлерчу архитектурин исбаьхьалло тахана а инзарбоху, шайна тIе а боьху дуьненан тайп- тайпанчу мехкашкара туристаш а, Iилманчаш а», – яздина Р.Кадыровс.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо чIагIдо историн хIолламийн хьесап дина хилар а, уьш багарбина хилар а, царах хIора а лерринчу тидаме эцна хилар а. «Оха царна инвентаризаци йина. Регионан а, федеральни а маьIна долу 53 комплекс пачхьалкхо ларъян шен тергоне эцна. Царна юкъайогIу культурин мехалла йолу 580 объект – цIеяххана йолу тIеман а, чохь Iен а бIаьвнаш, маьлхан кешнаш, маьждигаш, Iамалъяран гIишлош, къуббанаш, кхиерш. Дерриге а дуьненахь йовза йолаелла НикIаран, Хьайбахан, Тийстийн, Хьийлахьан историко-архитектурин комплексаш, ткъа иштта «ЦIойн-Пхьеде» («Елла гIала»), «Пхьакоч», «ЦIекъала», дуккха а кхиерш», – билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.

Регионан Куьйгалхочо дийцарехь, республикин куьйгалло къаьсттина тидам тIебохуьйту историн хIолламаш меттахIитторна. «Халахеташ делахь а, тIемаш болчу хенахь бохийна 40 процент культурин, историн хIолламаш. Уьш Органан музейхь-заповедникехь берш бу. ТIамо ца кхоадо я адамийн дахар а, я нах чохь Iен гIишлош а, я архитектурин хIолламаш а. Оха къаьсттина тидам тIебохуьйту историн а, архитектурин а хIолламаш меттахIитторна, тобарна. Оцу Iалашонца кхочушйо региональни программаш, дакъалоцу федеральни программаш кхочушъярехь. Оцу гIуллакхна инвестицеш юкъаийзайо. Иштта, боккха болх бо хьалха евзаш хилла йоцу культурин а, историн а объекташ лохуш. Тхо тешна ду юккъерчу бIешерийн архитектурин башха объекташ Iалашъяр а, тIекхуьучу тIаьхьенашна уьш дIаялар а, Iаламат чIогIа мехала хиларх», – боху Р.Кадыровс.

Цо аьлла ма-хиллара, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо жигара дакъалоцу культурин тIаьхьалонийн объекташ меттахIитторехь. Оцу фондан чоьтах меттахIоттош ю «Шара» цIе йолу йоккха историн-архитектурин комплекс. Цу юкъайогIу тIеман йиъ а, чохь Iен ворхI а бIов, маьждиг.

Республикин Куьйгалхочо тидам тIебахийтира Нашха денъярехь а дуккха а гIуллакхаш деш хиларна. «ДIадаханчу шеран гурахь со масийттазза а хилира «берриге а нохчийн махкахь». Иза Нашхарчу лаьмнашкахь бу. Нохчийчуьра массо а тайпа шайн кхузара бIьавнаш меттахIитто дагахь ду. ХIинцале гучудевлла хьалхара жамIаш. Оха масех тайпанан, цу юкъахь бенойн а, бIаьвнаш меттахIиттийна. 1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь дуьненна а бевзаш болу бохам Хьайбахахь хиллачул тIаьхьа Нашха тесна лаьтташ яра. ХIинца вай цига некъ баьккхина. Иза Iома тIекхаьчна. Кавказехь уггаре а хаза болу и мохк меттахIотторехьа гIуллакхаш деш ду вай», – дерзадо Р.Кадыровс.

Д.АНАДЕВ

№6, шинара, кхолламан (январь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: