Хонкарара «Turkish Airlines» авиакомпани дагахь ю шен бIаьстенан расписани, вайн республикин пачхье Соьлжа-ГIала юкъатохарца, шоръян. Оцу гIуллакхна мел оьшуш долу кехаташ авиакомпанин векалша хIинцале дIатесна «Росавиацин» коьртачу штабе. Карарчу хенахь Россин «авиационни Iедалан» векалша толлуш ду и кехаташ.
Цул сов, Соьлжа-ГIаларчу аэропортан куьйгалла а дац юьстах лаьтташ. «UTair» авиакомпанин кеманашца Соьлжа-ГIаларчу аэропортера Симферополе аьхкенан рейс схьаелларна кечамаш бу беш.
Иштта, Соьлжа-ГIалин аэропортана гIо дан дагахь ю «Саратовн авиалинеш» цIе йолу авиакомпани а. И компани Саратовера Соьлжа-ГIала а, Соьлжа-ГIалара Стамбуле а рейс схьаелла лаам болуш ю.
Бекарг (март) беттан чаккхенехь Соьлжа-ГIалара Гуьржийчоьнан пачхьене Тбилисе а лела доладала тарлуш ду (кIирнах шозза) кеманаш.
Таханлерчу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу аэропортера Москва дийнахь 2–3 а, ГIиргIизойчоьнан пачхьене Бишкеке кIирнах цкъа а доьду кема. Аэропортехь болх беш Россин «S7», «Нордавиа», «UTair» а, ГIиргIизойчоьнан «Avia Traffic Company» а авиакомпанеш ю.
2008-чу шарахь болх беш йолу меттигера «Грозный Авиа» компани финансийн проблемаш хилар бахьана долуш, дIаяккха йолийна.
И.АДАМОВ
№7, пIераска, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де, 2017 шо