Минех цIанбина кеста бер бац вайн мохк

Республикехь хиллачу тIемийн кампанийн тIаьххьарлера мур дIабирзина иттех шо хан дIаяьллехь а, оцу хеначохь шен гIаланаш а, ярташ а юхаденйина, даха охьахиъна нохчийн халкъ. Делахь а, тIеман лараш кхузара кеста дIаевр йолуш яц. И гойту Россин Федерацин оборонин министерствон инженерийн эскарийн хьаькама Ставицкий Юрийс биначу хаамо.

– Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а латтанаш минех дIацIандарехь боккха болх бина хIинцале а. Амма, бан безарг тидаме эцча, иза кхин а дукха болх хилар билгалдолу вайна – Нохчийчохь 10 эзар гектар а, луларчу ГIалгIайчохь 2 эзар гектар а латта ду минех дIацIандан дезаш, – аьлла, хаам бина цо масех де хьалха.

Инарлас билгалдаккхарехь, Къилбан тIеман округан инженерни эскаран дакъоша Нохчийчохь латтанаш минех дIацIандаран болх 2012-чу шарахь дуьйна дIахьош бу.

– Чекхдаьллачу пхеа шарахь Къилбан тIеман округан инжерни эскаран дакъоша Нохчийн Республикехь 13,5 эзар гектар а, ГIалгIайчохь 1 эзар гектар ца кхоччуш а йолу майданаш дIацIанйина минех. Оцу муьрехь кара а бина, хIаллак а бина 10 эзар сов эккхаран гIирс, – билгалдаьккхира Ставицкий Юрийс.

Дагадоуьйту, минех дIацIанъяза лаьтташ йолу республикин 10 эзар гектаран барамехь майда, коьртачу декъана, лаьмнашкахь хилар. Меттигерчу бахархоша дийцарехь, цкъачунна, и меттигаш «Минех ларло!» аьлла, аннаш хIиттийна а, наха шайлахь барт а бина, шаьш а, кхиверг а тIе ца волуьйтуш а лаьтташ ю.

Миница боьзна тIаьххьарлера бохам дIадаханчу шарахь Хьалха-Мартан кIоштан Шалажа юьртарчу хьуьнхахь хилла. Хьонка баккха вахана волчу жимачу стагана, мина эккхар бахьана долуш, чевнаш хиллера. Цуьнца хиллачу накъосташа иза кхаа сохьтехь хи чухула текхош, хьуьнхара охьа а валийна, больнице охьавиллира.

И.ИСЛАМОВ

№7, пIераска, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: