Со мича кхаьчна?

Вай мел дукха дийцарх а къомах къам дийриг Дала цунна белла мотт а бу, гIиллакхаш а ду. Нохчийн къоман гIиллакхаш хаза дуй хууш ду вайна, иза иштта хилар дика хиъна хIокху тIаьхьарчу шерашкахь нохчийн къомах болу нах дIакхаьчначу дуьненан массо а маьIIехь.

restoran_paradiz_v_groznom_0

Лерсина аьхна бу, Iамо атта бу нохчийн мотт, ткъа цуьнан шорто, мел ю хаа луучо, ярташкахь бехачу баккхийчу нехан къамелашка ладегIа деза я вайн яздархойн говзарш еша еза. Советийн Iедалан заманахь нохчийн мотт ца буьйцуьйтуш меттигаш яьхкира, къаьсттина Соьлжа-ГIалахь. Амма вайн заманахь нохчийн мотт нохчашна безийта, доьзалшкахь иза хаза а, нийса а бийцийта хьелаш ду. Мотт ца буьйцуьйтуш цхьа а вац.

ХIокху шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс Нохчийн меттан де дIакхайкхош Указ арадаьккхина 10 шо кхочу. Боккха мур бу 10 шо хан, 120 бутт бу иза. ХIун дина вай вешан къоман мотт Iалашбарехь, иза кхиорехь? Вайга оцу декъехь даделларг кIезиг ду. Министерствийн, ведомствийн, учрежденийн цIерш оьрсийн маттана уллехь нохчийн маттахь язйина.

Яздархойн союзо хаддаза зорбане йохуш ю нохчийн маттахь язйина книгаш. Амма дешархоша а, кегийрхоша а буьйцуш болу мотт хазарехь хаало царна нохчийн мотт ледара я хаъанне а цахаар. Барта буьйцучу меттан культура яц хIинца дукхах болчу баккхийчаьргахь. Бакъду, нохчийн меттан сий деш, цуьнан кханенах дог лозуш, ненан мотт даггара безарш, дукха хьолахь, вайн школашкара нохчийн меттан а, литературин а хьехархой бу, цхьа а шеко йоцуш. Нохчашна шайн къоман мотт марзбан, Iамон безар дехарш дан дезачу хьоле даьлла вайн гIуллакх, вайна ойла ян хиъча, доккха эхь долуш хьал ду тахана дерг.

Иза ца оьшучу тIе даьлла вайн цхьаболчу, заманал хьалха цхьанхьа дIакхача сихбеллачеран хьал. Дала дикане вай кхачадарш! ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь нохчийн халкъах болу нах ца кхочуш шахьар, пачхьалкх ца йисина кху дуьнен чохь.

main_image_IMG_9128

Суна санна, шуна а гина хир ду, гур а ду, хьо дIакхаьчначу кхечу къоман, пачхьалкхехь я гIалахь, аэропорта чуьра дуьйна, урамаш а, гIаланаш а шайн къоман маттахь долчу йозанца кечйина хилар. Хьо Германе кхаьчнехь немцойн мотт, хьо Ингалс пачхьалкхе кхаьчнехь ингалсан мотт, Иордане кхаьчнехь Iарбийн мотт гаро хьуна хоуьйту хьо муьлхачу пачхьалкхе, республике кхаьчна.

Аэропорт а, цIерпоштнекъан вокзал а ю пачхьалкхан а, гIалин а юьхь йийриг. Цигахула новкъадовлу вай, юха а доьрзу. Хьеший а цигахула дIасалела. Некъашца дукха ду вайн рицкъанаш, ткъа некъ мичахь хедар бу хууш дац. ТIаьххьарчу некъо вайн цIа, вайн дай баьхначу юьрта схьакхачадо вай.

ДIавоьдург гуттаренна олий ца воьду, ваха а лур вац – гуттаренна. «Сайн гIуллакх нисдаллалц», олий воьду. Букъа тIехьа дуьсуш дерг: хьан мохк, юрт, да-нана, дайн кешнаш, хIусам ю. Дела воцчунна ца хаьа оцу некъан чаккхе мичахь, маца ю.

Геннара вогIуш хилча-м гуттар а хаза а, хьогаме а ду цIакхачар. Амма хьо Нохчийчу, хьо хьайн махка кхачаран цхьа а билгало яц вайн ган. Нохчийн маттахь яздина цхьа элп, цхьа дош ца карийра суна Соьлжа-ГIаларчу аэропортера гIали юккъе кхаччалц. Из-за хьал ду вайн республикин ярташкахь а. Туьканийн, кафейн, урамийн цIерш оьрсийн маттахь хилла ца Iаш, ингалсан маттахь а ю. Дика хир дацара аэропорте боьдучу некъан бохалла нохчийн яздархойн, поэтийн говзаршна юкъара даггара аьлла, доккха маьIна долу дешнаш далош, кечйина баннерш юкъ-кара мукъане а дIатоьхна хилча? Вайн республике богIучу кхечу кьаьмнийн векалшца йолчу йохьанна а. Кхин хIумма ца хилча а «Вайн дай-нанойх бисина мотт хIара бу шуна!», – аьлла, нехан мехкашкахь бина, кхиъна Нохчийчу хьажа-хIотта богIучу кегийрхошна нохчийн мотт гайта хилча дика хир дацара?

Масала, Мамакаев Мохьмадан «Даймехкан косташ» байта юкъара:

«Хьаша-да, оьздангалла лаьттинчу хIусамашкахь,
Яхь йолуш кхиъначу шен дикачу кIенташка,
Бехачохь, дуьйцучохь боккхачу когаца,
Сийлахьчу Даймехкан сий айде боху цо.
Де доьхна Iаьржачу халоно хьовзийначохь,
Мацалло бIарздина, гIелоно кIелдитинчохь,
Бохамна, харцонна юьхь-дуьхьал хIиттинчохь,
Собарах, стогаллах ма довла боху цо».

Иштта Даймахке, дега-нене, ваьхначу юьрте болу безам буьйцуш, хьо мел дуьненан бахамах Iеначу меттигашка кхачарх, хьуна хьайн бераллин некъаш идийна юрт йиц ца йолуьйту яхьах, марзонах дуьзна кхин а дуккха а хаза дешнаш ду вайн халкьан яздархоша дитина, вайна оьшуш делахь.

Эхь ду вайн телевиденихула схьахеза мотт. Итт дашна юкъахь пхи дош оьрсийн маттахь олу передаче кхайкхинчара я новкъахь, арахь интервью луш болчара. Журналисташа шаьш а ца буьйцу нохчийн мотт кхин башха цIена. ХIора дийнахь дийца, ала дезаш долу дешнаш цахаар а ду эхь, нохчийн мотт кIорггера цахаар-м дуьйцийла а яцара. Барта буьйцучу меттан а, йозанан меттан а культура цхьана тIегIана тIе нисъелла. Хьалха-м ненан мотт мелла а бийца хаьара, оцу маттахь яздан ца хаахь а. Культура суьйранна шифонер чу дIауллу бедар яц, я шен хьал-бахам массарал тоьлла хилар гайтар а дац. «Культура» дош латинийн маттера ду. «Сulture» – асар дар бохург ду. Хьан маттаца, леларца, амалшца ца оьшу вуониг, асар дIадаккхар ду. Культура – иза даима а хелхавуьйлуш, эшарш лоькхуш Iер ду моттар нийса дац. Мотт ца ларбича ларлур юй-те къоман культура?

Гиний шуна, ша ца иэшча, догIанехь, дорцехь кхоьссина йитина бел я метиг мекха юлуш? Вайна оьшшучул бен бехар бац, хир бац нохчийн мотт а.

Вайна иза эша беза. И ца хилча вайн йиш яц. Тахана хIора а нохчичо дIакхайкхо деза: Мотт оьшуш бу вайна! И ца хилча вай – къам дац! Нохчийн маттахь вовшашка кадам бо вай, доIа, весет, дехар до, дог оьцу, Iадикайо.

Мотт еккъа книгаш арахецарх а кхуьур бац, иза бийца беза дайша-наноша шайн доьзалашкахь, кегийрхоша вовшашца.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№7, пIераска, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: