«Ламан Аз» – заьIапхойн накъост

Регионан юкъараллин «Ламан Аз» организацин 20 шо кхаьчна хIокху баттахь. 1997-чу шеран кхолламан (январь) баттахь болийна оцу организацин векалша шайн гIоьналлин некъ (ткъа кехаташца официально организацин бух чIагIбина 1998-чу шеран хIутосург (май) баттахь).

001_4a

Оцу халачу муьрехь шайн махкахойх дог лозуш болу кIентий тIамо човхийначу кегийрхошна пайде хир долу гIуллакх дан буьйлабелира. Уьш бу: Арсмерзаев Абдель-Насар, Бачаев Рустам, Гашаев Роман, Динаев Iадлан, Казаев Асламбек, Самсурадов Шарип, Ислангириев Сулейман.

1997-чу шарахь республикехь дIаяьхьначу «Мир Чечне, Мир Кавказу, Всеобщий мир» аьллачу конференцехь кегийчу наха шайн проект а, лаамаш а бовзийтира. Церан хьежамаш къобалбира конференцин векалша. Ишта дIаболийра «Ламан Аз» организацин векалша шайн болх.

Оцу яхь йолчу кIенташа дуккха а гIуллакхаш дина. Организацин векалша шайн председатель Динаев Iадлан хаьржина.

1997–2000-чуй шерашкахь «Ламан Аз» организацин векалша тайп-тайпанчу семинарашкахь, тренингашкахь, «горгачу стоьлашкахь», конференцешкахь дакъалаьцна.

Цул сов, оцу шерашкахь республикерчу ерриге а шахьаршкахь минаш лелхар бахьана долуш, чевнаш хилларш билгалбохуш, царна гIо-накъосталла деш, минаш йолу майданаш лоьхуш, уьш Iедалан белхахошна йовзуьйтуш, Соьлжа-ГIала юха а «баьццара» хилийта, синтарш дугIуш гIуллакхаш дина.

image74133163

Организацин стратегин партнераш хилла лаьттина дуккха а шерашкахь къаьмнашна юкъара «CPCD», «LINKS», «INTERNATIONAL ALERT», Къилбаседа Кавказан зударийн союз, «Эхо войны» цIерш йолу юкъараллаш.

2000-чу шарахь шайн организацина ГIалгIайчохь бух а кечбина, цига дIакхелхинчу доьзалшкарчу берашна цIа дерзале минех муха лардала деза Iамош болх бина: школашка ца лелачу берийн цIа а оьхуш, минех ларбаларх лаьцна дарсаш вовшахтухуш, уьш хила тарлуш йолу майданаш а, церан билгалонаш а йовзуьйтуш, къахьегна четаршкахь болчу доьзалшкахь.

2001–2002-чуй шерашкахь бахархой Нохчийчу цIаберза буьйлабеллачул тIаьхьа, УВКБ «ЮНИСЕФ» партнер а йолуш, дуккха а мехала гIуллакхаш дина республикехь. Оцу муьрехь кечйира тIамо заьIап диначу берашна лерина программа. Оцу программица вовшахтоьхнера ингалсан мотт Iаморан а, компьютер йовзийтаран а курсаш, заьIапхойн футболан команда.

Цул тIаьхьа дозанал арахьарчу организацеша финансировани а еш, тIамо могашаллина зен диначарна гIо-накъосталла дан аьттонаш хилла организацин. Ишттачу берашна лерина дуккха а туьшаш схьайиллина республикехь. Нохчийчуьрчу 15 кIоштарчу бахархошна гIо-накъосталла дан аьтто хилла.

Кхиамаш дуккха а бу. Царна юкъахь уггаре а боккха кхиам – заьIапхойн футболан «Ламан Аз» командо 2005-чу шарахь Россин Президентан Кубок яккхаран къийсадаларшкахь 2-гIа меттиг яккхар. Цул тIаьхьа заьIапхойн футболах ловзаран Россин чемпионатан I-чу лигехь 1-ра меттиг яьккхина, лаккхарчу лиге яьлла.

IMG_0521

Цул тIаьхьа а Россин Президентан кубок 7-зза яьккхина цара, 4-зза Россин чемпионаш а хилла. Царах 8 стаг Россин вовшахтоьхначу командехь ловзуш ву. Кхин а дуккха а бу церан кхиамаш.

– ХIокху ткъа шарахь «Ламан Аз» организацин декъашхоша дуккха а гIуллакхаш дина. Уггаре а коьртаниг – тIамо чевнаш йиначу нахана гIо дан аьтто хилла тхан, Делан пурбанца. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана леррина терго латтайо «Ламан Аз» командин, – элира «Ламан Аз» организацин председатела Динаев Iадлана.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу региональни юкъараллин фондо доккха гIо-накъосталла до «Ламан Аз» организацина мел оьшучу хIуманна тIехь.

– Нохчийчохь хиллачу тIемаша Iийжочу даго чохь Iан а ца дитина, тхо санна болчу кегийрхошна а, берашна а пайде хир дара тIамо човхийначу кегийрхойн догъэца хьовсур дара аьлла арадевлира тхо, – дуьйцу «Спортивно-дIаволаран «Ламан Аз» школин дешаран-спортан отделан хьаькама Арсмерзаев Абдель-Насара. – Халачу шерашкахь а вайн республикин куьйгалло гIодар бахьана долуш, дуккха а белхаш бина. Дукха хуьлура «далур дац», «ницкъ тоьур бац» аьлла хеташ дерг. Делахь а, Делан лаамца, аьтто хуьлуш схьадаьхкина тхо.

Хь.АВХАДОВА

№7, пIераска, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: