Массо а дакъа – лерринчу тергонехь

хамзат

Ерриге а 126 эзар гектар меттиг ю Итум-Кхаьллан муниципальни районо дIалоцуш ерг. Районна чуйогIучу кхойтта юьртахь вехаш 5900 стаг ву. Коьртачу декъана даьхни а, накхармозий а леладо кхузарчу бахархоша.

Районан администрацин куьйгалхочо Темирбулатов Хьамзата билгал ма-даккхара, дукха хан йоццуш республикин социально-экономика кхиаран декъехь динчу жамIашца хьалхарчу меттехь ю Итум-Кхаьллан муниципальни район. Иза боккха кхаъ а, дозалла а ду районан куьйгалхошна а, бахархошна а.

– Проценташца лерича, шайн гIуллакх деш болу бахархой уггаре а дукха тхан районехь бу, – дийцира районан администрацин куьйгалхочо. –  Цу декъехь хьесапе эцна 503 стаг. Даьхни лелорехь кхоалгIачу меттехь ду тхо. Районехь хьесапе эцна 3705 бежана. Шура яккхарехь тхан район шолгIачу меттехь ю. Иштта оха кхиамаш бохучу гIуллакхех ду моз даккхар а. Районан 70–80 процент бахархоша накхармозий леладо.

Социальни дакъа, экономика кхиорехь дикане сатийса меттиг юьту берриге а муьрашкахь лыжаш хахкаран «Ведучи» цIе йолчу проекто. Цуьнца боьзна хIинцале а хаалуш бу дикачу агIор хийцамаш. Уггаре а хьалха билгалбаха хьакъ бу «Грозный–Ведучи»  некъ билларехь беш болу белхаш.

Билгалъяьккхинчу проектан гурашкахь районан цхьайолу меттигаш экономикин башха доза аьлла, кхайкхийна ю. Район инвесторшна бегIийла йо цу хиламо. Инвестицешна лерина билгалъяккхина ерриге а ворхI меттиг ю районехь. Царах цхьайолчу меттигашкахь беш белхаш бу. Масала, ЧIаьнтахь билгалъяьккхинчу меттехь хIинцале болх беш ду хьешацIа. Гучум-Кхаьллахь ян йолийна некъаца йолу садаIаран меттиг. Лакхахь билгалбаьхначу кхиамаша дикачу агIор Iаткъам бо бахархойн дахар тодарна а.

Лаьмнашца йолчу тхан районна доккхачу маьIне ду кхузахь жима ши гидроэлектростанци еш хилар. Царах цхьаъ Кхокхат1ахь, нуьцкъалалла 1,3 м/в йолу, кестта йина ер йолуш ю. ШолгIаниг Уьшкхаьллахь хир ю.

Шен къамелехь районан администрацин куьйгалхочо кхидIа а ма-аллара, къаьсттина аьхкенан муьрехь дуккха а туристаш богIу районе.

– Туризм кхиорехь болх бан безаш хилар билгалдаьлла тхуна, – боху Хь.Темирбулатовс. – Цу декъехь бахархошца болх бо оха, тIебогIучарна хьокъала доллу хьелаш кхолла дезаш хиларх кхетабо уьш. БогIучу туристашна йохка х1уманаш ян Iама дезаш хилар хьоьху. Масала, сувенираш а, къоман дахарера хIуманаш яр а Iамор пайдехьа хир ду царна.

Оха Хь.Темирбулатовга дийхира тхайн масех хаттарна жоьпаш далар. Хьалхара хаттар иштта дара:

– Районерчу яртийн дахар тодарехьа хIун болх бо аш?

– Хууш ма-хиллара, лаьманашца йолу ярташ кхиорна леррина тидам тIебохуьйту Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу Iалашонца керла школаш йина Итум-Кхаьллахь а, Гучум-Кхаьллахь а, Зумсахь а, ЧIаьнтахь а, Хьачарахь а. Иштта Iалашо ю Гухахь керла школа ян. Могашалла Iалашъяран декъехь дерг аьлча, ЧIаьнтахь а, Уьшкхаьллахь а, Зумсахь а керла фельдшерийн-акушерийн пункташ йина. Болх беш ю районан куьпан больница а, лоьрийн сиха гIодаран станци а. Йоццачу хенахь муьлххачу юьрта дIакхочу лоьрийн гIо.

Иштта болх бо лаьмнийн районийн генара ярташ нахана Iен-баха бегIийла хилийтарехь а. Тхайн таронашка хьаьжжина, Хилдехьа а, Моцкъара а, Дишн-Махкахь а, БIовлахь а дахарна-1ерна хьелаш кхуллу. Цхьана хенахь оцу меттигашкара нуьцкъаха дIабаьхна нах, ткъа хIинца уьш юха схьабалор ю Iалашо. Хьалхе ду хIинца а оцу ярташкахь хьокъала йоллу инфраструктура кхолларех лаьцна дийца. Делахь а, Хилдехьа а, Моцкъара а кхиорехь кхиамаш  хаало. Аьтто  баьллачуьра, суна доккха баркалла ала лаьа Моцкъарара схьаваьллачу Мусаев Iалавдина. Шайн дай баьхначу метте нах схьабало йолчу Iалашонца шен чоьтах дикка гIуллакхаш дина цо цигахь. Юьрта некъ а биллийтина, маьждиг а меттахIоттадатина, юьртан администрацина болх бан хьелаш а кхоьллина. Цул сов, цигахь фермерство кхиорехь гIолаца Iалашо йолуш а ву I.Мусаев.

Хилдехьа а даьхни лело буьйлалуш бу нах. Къаьсттина йовхачу хенахь дукха хуьлу цигахь шайн даьхни дажо хьалабаьхкинарш. Цул сов, латта а доь, накхармозий а леладо хилдехьароша. Теша лаьа, тIейогIучу хенахь и нах, шайна хIусамаш а йина, цигахь охьаховшург хиларх. Атта-м хьаха дац, кху тIаьхьарчу ах бIе шарахь шаьш баьхначу меттера дIахада, я массеран таронаш а яц дай баьхначу юьртахь гIишло ян.

– Цхьайолу ярташ дозанан рожана юкъайогIуш хиларо новкъарло йой нахана цигахь баха охьаховша?

– ОхьадогIучу Органна аьтту агIор йолчу ярташна (Дишни-Мохк а, БIовла а, Моцкъара а) дIасалела а, цигахь Iен а новкъарло ца хуьлу. Аьрру агIорхьа йолчу Хилдехьа лардан дезаш ду низам. Россин федеральни кхерамзаллин службин Нохчийн Республикехь йолчу Дозанхойн урхаллин куьйгалхошца кест-кеста цхьаьнакхетарш дIахьо оха. Бахархошна Хилдехьа дIасалела а, цигахь баха а новкъарло ян мегарг цахиларх лаьцна дуьйцу.

– Дешаран декъехь хIун хьал ду? ЕГЭ-н жамIаша муха дара?

– Кху шарахь школа чекхъяьккхинчара шаьш эрна хан яйъина цахилар гайтина. Ерриге а школийн арахецархоша дIаелла ЕГЭ. ХIинца тхуна коьртаниг тхан районехь оьшуш йолчу говзаллашна тхан кегийрхой деша бахийтар ду. Районехь уггаре а хьалха оьшурш лоьраш а, хьехархой а бу.

– ТIекхуьуш берш гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиорехь болх бой?

– ТIекхуьуш берш ийманехьа, гIиллакх-оьздангаллехь а кхетош-кхиоран  Концепцин гурашкахь беш болх бу районехь. Цу декъехь цхьа а доьзал терго йоцуш ца буьсу тхан. Цхьа жима стаг, кара герз а эцна, харц новкъа ваьлла меттиг яц. Зуламхой, Делан къинхетамца, тхо долчохь бац. Районехь цхьа а бер дац кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу комиссис хьесапе эцна.

– Спортан декъехь муха хьал ду? Кхиамаш бохий шун спортсменаша?

– Спорт кхиор лерринчу тергонехь латтадо оха. Кхузахь болх беш ю ДЮСШ а, спортан тайп-тайпанчу кепийн секцеш а. Уггаре а хьалха хьахо хьакъ ю бокс. Къилбаседа Кавказерчу кхиазхошна юкъахь май баттахь Ессентукехь дIадаьхьначу къийсадаларшкахь тхан веа спортсмена мидалш ехира. Турниран лаккхара совгIат даьккхира Муртазалиев Iабдуллас а, Мизаев Рамзана а. ШолгIа меттиг яра Шахбулатов Аюбан а, Ялаев Расулан а.

Иштта кхуьуш ю спортан кхийолу кепаш а: волейбол а, мини-футбол а. Царна оьшуш долу хьелаш кхоллар а кIезигчу маьIне ца лору оха. Дукха хан йоццуш, Итум-Кхаьллахь йина яьлла, масала, мини-футболана лерина тоьлла стадион.

Районера хьал довзуьтуш, цуьнан мах хадош иштта жоьпаш делира тхан хаттаршна Темирбулатов Хьамзата.

Э. ДАВЛЕТБАЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: