ХIокху деношкахь «Единая Россия» партин XVI-гIа съезд хилира Москвахь. Гуламехь партин программа кхочушъярехь болчу белхан хьалхара жамIаш а дира, 2017-чу шарахь партис бан безачу белхан коьртачу балхах лаьцна а дийцира. Съездехь дакъалоцуш кхо эзар сов стаг вара: делегаташ, профильни министерствийн а, ведомствийн а, юкъараллин организацийн а векалш, федеральни а, регионийн а шуьйрачу хаамийн гIирсийн коьрта редакторш, журналисташ, кхиберш.

728 делегатах 450 «Единая Россия» партин регионашкарчу отделенийн векал вара, ткъа 278 – партин коьртачу органийн векал.
Нохчийн Республикера цигахь дакъалоцуш вара регионан координацин кхеташонан председатель, Нохчийн Республикин транспортан а, зIенийн а министр Черхигов Рамзан а, регионан отделенин агитацин-пропагандин балхехула волчу секретаран заместитель, Нохчийн пачхьалкхан университетан ректор Саидов Заурбек а, партин Шелан кIоштан меттигерчу отделенин секретарь, Шелан кIоштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела а, партин Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан меттигерчу отделенин секретарь, Соьлжа-ГIалин гуманитарни-техникин техникуман директор Селимов Амхьад а, партин Азамат-Юьртарчу юьхьанцарчу отделенин секретарь Дуруев Шемал а. Делегаташна юкъавазвина Нохчийн Республикин Куьйгалхо, партин Лакхарчу советан декъашхо Кадыров Рамзан а, Нохчийн Республикин Правительствон председатель Эдельгериев Абубакар а. Республикин Куьйгалхочун, белхан кхидолу гIуллакхаш хьалха а девлла, дакъалоцийла ца хилира гуламехь.
Иштта, гуламе кхайкхинчу делегаташна юкъахь вара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад а, партин регионан отделенин секретаран заместитель Зайналабдиев Валид а, Соьлжа-ГIалин куьйгалхо Хизриев Заур а.
Съездехь хаьржира партин куьйгаллин органийн векалш. Цул сов, съездан дакъалацархой а, делегаташ а хьаьвсира партин проектийн гайтаме. Цара бинчу белхан коьрта агIонаш йовза таро яра гайтаме бIаьрг тоьхча. Гулбеллачаьрга вистхилира партин Председатель Медведев Дмитрий.
Хьалхарчу дийнахь болх беш яра дискуссин ворхI майда. Цигахь жамIаш дира пар- тин программа кхочушъярехь яьхначу хьалхарчу гIулчийн, иштта билгалъехира 2017-чу шарахь партис бан безачу белхан коьрта агIонаш. «Единая Россия» партин Председатель юха а хаьржира Медведев Дмитрий.
I.ТЕРЛОЕВ
№7, пIераска, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де, 2017 шо