Тхан рузма

Кхолламан (январь) беттан 6-гIа де, 1951 шо.

ГIиргIизойчоьнан Ташкумыр гIалахь вина Гапуров ШахIруди, историн Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик. 1968-чу шарахь дашо мидалца чекхъяьккхира Нажи-Юьртан кIоштан Бена юьртара юккъера школа. 1972-чу шарахь тIехдика дешарца Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан историн факультет чекх а йокхий, Ростоверчу университетан аспирантуре деша воьду. Историн Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйо 1978-чу шарахь МГУ-хь йолчу Азин, Африкин мехкийн институтехь. 1977-чу шарахь дуьйна ЧГУ-н юкъарчу историн кафедрехь болх беш ву. 1987-чу шарахь дуьйна таханлера де кхаччалц оцу кафедрин заведующи ву. «ХIХ-чу бIешеран хьалхарчу чийрикехь (четвертехь) Къилбаседа Кавказехь хилла Россин политика» темина историн Iилманийн докторан диссертаци чIагIйира 2004-чу шарахь. Iилманан 250 сов белхан автор, шайна юкъахь 8 монографи а йолуш.

Карарчу хенахь Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент ву.

Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу деятель, иштта цунна совгIат дина «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца а.

Кхолламан (январь) беттан 7-гIа де, 1941 шо.

Шелахь вина Хаджиев Саламбек, химин Iилманийн доктор, Россин Iилманийн академин академик.

1962-чу шарахь хинволчу Iилманчас кхиамца чекхйоккху Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институт, цул тIаьхьа доьшу М.В.Ломоносовн цIарахчу Москварчу пачхьалкхан университетан аспирантурехь.

1967-чу шарахь химин Iилманийн кандидатан а, 1981-чу шарахь Iилманийн докторан а диссертацеш чIагIйо Саламбека. 1967-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIаларчу Iилманан-талламан институтехь (ГрозНИИ) болх бо (лакхара Iилманан белхахо, секторан заведующи, отделан куьйгалхо, директоран заместитель волуш). 1983-чу шарахь оццу институтан директор чIагIво иза. 1989-чу шарахь СССР-н Лакхарчу Советан депутат хоржу, ткъа 1991-чу шарахь СССР-н химин а, мехкадаьттанах гIуллакхдаран а министр хIоттаво С.Хаджиев. 1995-чу шарахь Нохчийн Республикин Правительствон куьйгаллехь лаьтта. Карарчу хенахь Россин Iилманийн академин А.Топчиевн цIарахчу нефтехимин синтезан институтан директор ву. 2008-чу шарахь нохчашлахь дуьххьара Россин Iилманийн академин бакъонца волу декъашхо (академик) хоржу Хаджиев Саламбек.

200 сов Iилманан белхан, шайна юкъахь масех монографи йолуш, автор а ву иза. Цо кечвина Iилманийн 23 кандидат а, доктор а.

Кхолламан (январь) беттан 9-гIа де, 1932 шо.

Гуьмсехь вина Шамурзаев Шемал, Россин Федерацин хьакъволу художник, Нохч-ГIалгIайн АССР-н искусствийн хьакъволу гIуллакххо. Дешна Дагестанерчу исбаьхьаллин училищехь.

1962-чу шарахь дуьйна цо жигара дакъалоцу республикин, зональни, ерригроссин а, иштта кхечу пачхьалкхашкахь а хиллачу гайтамашкахь. Дуьххьара цунна шуьйра вовзар деара «Нефтяник», «Зуда-ламанхо» суьрташа.

1965-чу шарахь иза дIаоьцу РСФСР-н исбаьхьаллин фондан Нохч-ГIалгIайн отделенин кхоллараллин коллективе, 1971-чу шарахь СССР-н Художникийн союзан декъашхо хуьлу Ш.Шамурзаевх.

Шен кхоллараллин дахарехь дукха суьрташ дехкина оцу башхачу пхьеро – дерриге а ворхI бIе гергга. Царна юкъахь ду говзанчаша лаккхара мах хадийна «Латталелорхо-механизатор», «Революцин мурдаш», «Шовданан йистехь», «Кузашдархо», тIаьххьарчу шерашкахь дехкина «Со а, сан дай а», «Нохчи», «Нохчийчоь», «Сингаттам» суьрташ.

Нохчийн суртдилларан искусство кхиорна юкъа уггаре а йоккха хазна йиллинчех цхьаъ ву Шамурзаев Шемал.

Художникан кхалхар хилла 2011-чу шарахь.

Кхолламан (январь) беттан 28-гIа де, 1956 шо.

ГIиргIизойн махкахь вина Ахмадов Муса, Нохчийн Республикин халкъан яздархо. 1974-чу шарахь чекхъяьккхина Шуьйтара юккъера школа. 1974–1979-чуй шерашкахь дешна Нохчийн пачхьалкхан университетан къоман отделенехь. Къинхьегаман некъ дIаболийра Лаха-Варандарчу юккъерчу школехь оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш. Цул тIаьхьа тайп-тайпана белхаш бина: книгийн издательствон редактор, «СтелаIад», «Орга» журналийн коьрта редактор волуш, иштта кхин а. Карарчу хенахь «Вайнах» журналан коьрта редактор ву.

Дуьххьара зорбане ваьлла 1970-чу шарахь Шуьйтан кIоштан газетан агIонашкахь. ХIетахь дуьйна цо цхьатерра кхиамца къахьоьгу прозехь, драматургехь, поэзехь. Исбаьхьаллин говзарийн дуккха а гуларийн автор ву М.Ахмадов: «Десачу цIа чохь буьйса» (1983 ш., дийцарш, повесташ), «Сатоссуш, седарчий довш» (1986 ш., роман, дийцарш), «МаьркIажехь дитташ» (1989 ш., роман, повесташ, дийцарш), иштта кхин а. 4–5-чуй классашна а, ткъа иштта 10–11-чуй классашна а леринчу «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» учебникийн автор а ву М.Ахмадов.

Кхолламан (январь) беттан 30-гIа де, 1954 шо.

ГIиргIизойчуьрчу Кадомжай поселкехь вина Бицираев Сайд-Хьусайн, Нохчийн Республикин хьакъволу художник. Шен схьавалар Гуьмсан кIоштан Нойбоьра юьртара ду цуьнан.

Юьртарчу (Нойбоьрарчу) юкъарадешаран школехь 8 класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа доьшу Краснодарерчу исбаьхьаллин училищехь. Цул тIаьхьа ши шо даьлча И.Репинан цIарахчу (Санкт-Петербург) исбаьхьаллин академин студент хуьлу. Цигахь вевзаш волчу художникан Неприянцевн пхьалгIахь кхоччуш караерзайо суьрташдахкаран говзалла. Йоццачу хенахь болх бо Санкт-Петербургерчу №1 йолчу берийн исбаьхьаллин школехь. 1983-чу шарахь дуьйна Санкт-Петербурган пачхьалкхан исбаьхьаллин промышленни академехь хьехархочун болх беш ву.

1981-чу шарахь дуьйна Россин Художникийн союзан декъашхо. Ялх шен (персональни) гайтам хилла художникан: шиъ – Хельсинкехь, кхоъ – Санкт-Петербургехь, тIаьххьарниг – Соьлжа-ГIалахь А.-Хь.Кадыровн цIарахчу мемориальни комплексехь. Кхечу художникашца цхьаьна дакъалаьцна Россин тайп-тайпанчу гIаланашкахь, ткъа иштта Чинехь, Корейхь, Австрехь, Финляндехь, Германехь, Италехь, Желтойчохь, Канадехь, кхечу мехкашкахь дIабаьхьначу гайтамашкахь. Хьовсархоша, говзанчаша лаккхара мах хадийна цуьнан суьртийн: «Дади-Юрт йожар», «БойсагIар», «Валарг тIехь хилла тIом», «Ненан сурт», «Баккхийчеран хабар», «Ши доттагI», «ТIулгаш тIехь кIентий», «Аьхке», дуккха а кхечеран.

№7, пIераска, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: