Нохчийчохь Черногорера делегаци хилира

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикехь хилира Черногорин Iедалан векалийн делегаци. Цуьнан коьртехь вара оцу пачхьалкхан парламентан депутат, «Черногорин Демократин халкъан партин» президент Кнежевич Милан. Делегацина юкъахь иштта вара Черногорин парламентан депутат, «Сербийн керла демократи» партин президент Мандич Андрий а, Плав цIе йолчу муниципалитетан мэр Шахманович Орхан а, Плав муниципалитетан секретарь Медунянин Мирза а, оцу муниципалитетан маьждиган имам Цецунянин Мухьаммад а, Россин а, Сербин а, Черногорин а доттагIаллин юкъараллин президент Радинович Любомир а, Черногорин парламентан депутат, Плав муниципалитетан депутат Зогович Милун а, талмаж Радинович Милош а Черногорехь бехачу бусалбанийн векалш а. Аэропортехь хьешашна дуьхьал вахара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат а, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш а.

IMG_8205

Черногорхой Нохчийчу бахкаран коьрта Iалашо ю шина агIоно вовшашца зIенаш дIатасар а, цхьаьна болх бар а, Черногорин экономикин а, культурин мехаллийн а хьал довзийтар а. И гIуллакхаш дийцаре дира Радион цIийнан конференц-залехь министра Умаров Джамбулата хьешашца дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь.

Черногорехь бехачу бусалбанийн векалш а хилла хилар. Маршаллин дешнашца шен къамел дIадолош, Д.Умаровс билгалдаьккхира, Черногори Россина чIогIа маьIнечу регионера пачхьалкх хилар.

– Шен рогIехь, Ро ссина юкъайогIучу Нохчийн Республико а сагатдо оцу регионехь долчу гIуллакхашна. Экономикин а, культурин а, дешаран а дакъошкахула йолу юкъаметтигаш а, вайн йолучу таронех лаьцна хетарг довзийтар а маьIне ду вайна, – элира министра.

Д.Умаровна хаа лиира Черногорехь бехачу тайп-тайпанчу динийн векалийн вовшашца йолчу юкъаметтигийн хьокъехь.

– Вайн къаьмнийн юкъара хIун ду хаа а, вовшах кхета а лаьа вайна, тIаккха бан безачу белхан коьрта агIонаш билгалъяха еза, – бохура Д.Умаровс.

Кнежевич Милана билгалдаьккхира шаьш кхуза Россин Федерацица (шена юкъахь Нохчийн Республика а йолуш йолчу) цхьаьна болх бан лаарна даьхкина хилар.

– Тхан делегаци Черногорин тайп-тайпанчу регионашкарчу масех къоман а, динан а Нохчийн Республикица юкъаметтигаш лело лаам болчу векалех лаьтташ ю. Ларамаза дац оха Нохчийчоь харжар. Тхуна дуккха а диканиг хезна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьокъехь. Шун республика кхиорехь а, хазъярехь а дуккха а гIуллакхаш до цо. Тхо тешна ду, оха Нохчийчоьнца беркате юкъаметтигаш латториг хиларх а, дукха ца Iаш Нохчийчуьра делегаци тхан пачхьалкхе йогIург хиларх а. Россин а, Черногорин а юкъаметтигийн хьалхара гIулч лара мегар ду хIара цхьаьнакхетар, – элира М.Кнежевича.

Делегацин векалша гайтам бира Черногорин экономикин а, культурин а таронаш йовзуьйтуш. Цара дийцира Черногорин пачхьалкхан историх а, цигахь дехачу къаьмнех а, церан динах а, пачхьалкхан экономикех а лаьцна.

Хьешийн иштта цхьаьнакхетарш хилира Нохчийн Республикин муфтица Межиев Салахь-Хьаьжица а, Нохчийн Республикин Парламентан Председательца Даудов Мохьмадца а, Соьлжа-ГIалин мэраца Хучиев Муслимца а.

I.МУРТАЗОВ

№7, пIераска, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: