Жигара кегийрхой массарна а бовзийта лерина

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Кегийрхойн цIийнехь Кегийрхойн а, берийн а юкъараллин «Перспектива» организацин директоран Абдулвагапов Джабраилан республикерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхошца, тайп-тайпанчу юкъараллин организацийн векалшца, журналисташца цхьаьнакхетар хилира.

Цигахь дакъалецира хаамийн «Грозный-Информ» агентствон а, «Вести республики», «Даймохк», «Молодежная смена», «Столица плюс» газетийн а, иштта кегийрхойн юкъараллин «Ахмат», «Путин», «Иман», «Къонахийн тоба» организацийн а векалша.

Коьртачу декъана кхеташонехь дийцира кегийрхойн организацеша деш долу гIуллакхаш республикин шуьйрачу хаамийн гIирсаша бахархошна довзуьйтуш хилча мехала хирг хиларх лаьцна.

– Со хIокху дарже кхачале, кегийрхойн «Путин» организацин декъашхо хилла ву дуккха а шерашкахь. Цундела суна хаьа оцу кегийрхоша хIун белхаш бо а, царна юкъахь хьекъале а, жигара а кегийрхой хуьлий а. Иштта чIарх-аьлла болчу кегийрхошна гIо дан деза, аьлла хета суна, уьш керлачу тIегIане бохуш, – элира Д.Абдулвагаповс.

Цо билгалдаьккхира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран Ибрагимов Iийсан тIедилларца карарчу 2017-чу шарахь кхочушъян лерина кегийрхойн дуккха а проекташ хиларх лаьцна.

«Республикерчу кегийрхойн организацешна юкъара хIора баттахь уггаре а жигара декъашхо билгал а воккхуш, цунна совгIат а деш, бахархошна цуьнан кхиамаш дIа а бовзуьйтуш, гIуллакхаш дIахьур ду вай, Дала мукъ лахь», – элира Д.Абдулвагаповс.

Хь.БАХТАЕВА

№7, пIераска, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: