Хьалха-Мартан кIоштарчу Олхазар-КIотарахь Эна-Хишкан (Серноводскан) аграрно-техникин колледжан отделени схьайиллина шолгIа шо бен дац. Оцу отделенех дерг хааран Iалашонца тхан цхьаьнакхетар хилира отделенин заведующица Дандиева Раисица (кхузахь отделени схьаеллале хьалха Кисловодскерчу экономикин а, бакъонан а институтехь дуккха а шерашкахь болх бина ю Раиса).
– Олхазар-КIотарахь техникуман я колледжан отделени схьаелла езаш хиларх лаьцна дуьйцу кIезиг хан яцара. Юьртан бахархошца цунах дерг дийцаре дан цхьаьнакхетар а дIадаьхьира оха. Цхьаболчара – экономикин, вукхара – медицинин, иштта, кхин а дуккха а отделенийн цIерш йохура. Амма и дерриге а цхьаьна кхочушдан таро ца хилира. Иштта, 2015-чу шеран аьхка Эна-Хишкан аграрно-техникин колледжан отделени схьайиллира. Дуккха а бахархошна цунах хаза кхаъ а хилира. Олхазар-КIотарара боцурш а, кIоштан кхечу ярташкара а студенташ баьхкира деша. ТIаккха кхийтира тхо тхаьш лелориг эрна цахиларх. Со тешаш ю, тIедогIучу шерашкахь Шуьйтан а, Итон-Кхаьллан а кIошташкара кегийрхой а, мехкарий а кхуза деша богIург хиларх, – дийцира Раисас.
Вай юьйцучу отделенехь хIара говзаллаш караерзо йиш ю: «Право и организация социального обеспечения» (юристан говзалла), «Экономика и бухгалтерский учет в сельском хозяйстве» (бухгалтеран говзалла), «Строительство и эксплуатация зданий и сооружений» (говзалла – техник-гIишлошъярхо). Студенташна хьоьхуш 12 хьехархо ву. Билгалъяьккхина отделени схьайиллина шолгIа шо бен дацахь а, хIинцале а цигахь доьшуш 150 гергга студент ву. Отделенин заведующис дийцарехь, дукхах болчара хоржуш ерг юристан а, бухгалтеран а говзалла ю. Иза иштта делахь а, гIишлошъярхочун корматалла хоржуш берш а бу. Оцу говзалле шовкъ а йолуш, хазахетарца цигахь доьшуш берш кIезиг бац.
Таханлерчу дийнахь цигахь кхаа корматаллина Iамош бу студенташ. Раисас дийцарехь, тIейогIучу хенахь «программирование» а караерзо таро хир ю кегийрхойн.
– Отделени схьайоьллучу хенахь-м тхуна дагахь а дацара оццул йоццачу хенахь дуккха а студенташ кхуза деша богIур бу бохург. Кхузара студенташ деша а, къахьега а лууш бу. ХIора а дезчу денна цхьаьнакхетарш а, тайп-тайпана конкурсаш а вовшахтуху кхузахь. Студентийн дахар хаздархьама, дешарца церан йолу марзо кхин а совъяларе болчу сатийсамца оха кест-кеста кхоллараллин суьйренаш дIахьо. Ишттачохь къаьсттина самукъадолу студентийн, – бохура цо.
З.ЛОРСАНОВА
№7, пIераска, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де, 2017 шо