Къолам

Коре хIоттийначу стоьла хьалха хиъна Iаш йолчу денанна тIевогIий, жимачу Абус хотту: – Баба, хьо хIун яздеш ю?

wx1080

ЦIеххьана диначу хаттарна жоп лохуш, соцунгIа хуьлу йоккха стаг. Пхи шо кхаьчначу кIентан кIанта юха а хотту: – Баба, сох лаьцна яздеш юй хьо?

– Дера ю, бабиниг, хьох лаьцна яздеш.

– Къоламца яздеш ю хьо?

– ХIаъ.

– Къолам дика буй, Баба? – леррина къоламе хьожу Абу.

– Дера бу. Хьо а и санна дика хилалахь, воккха хилча.

– Баба, хьайниг санна къоламаш-м сан шортта ма ду. Цара яздар бен кхин хIумма а ма ца до.

– ХIе-е, дукхаваха хьо делаI, иштта ма дац иза. Къоламах боккха пайда ма болу. Хьуна кхана дицлун дерг дIаяздо цо. ТIаккха, цо дIаяздинарг, бIе шо даьлча а карадо хьуна, цхьа хьаьрк хийца а далаза. Дика дац ткъа иза? Дера ду. И хилла ца Iаш кхин а пхи дика ду хьуна къоламца.

– Баба, и бохург хIун ду? – йоккхачу стагана карахаа дагахь цунна юххе тIехилира Абу. Денанас бер караийцира.

ТIаккха дийца йолаелира: – Абу, цкъа а диц ца деш, дагахь латтаделахь: АллахIан лаамца бен хIокху дуьненахь цхьа а хIума хила йиш яц хьуна. Массо хIума а Цуьнан лаамца хуьлуш ду хьуна. Делан йозанца лелаш ду хьуна вай. АллахIан ницкъах тешалахь, Iилма а Iамаделахь. ХIара къолам ца хилча хьоьга цхьа а Iилма Iамалур дац хьуна.

ХIокху къоламца яздархьама, хIара кест-кеста ирбан безаш хуьлу, даш кхача мел дели. Къолам лазабо хьуна ирбечу хенахь. Делахь а, ирбинчул тIаьхьа хьалхачул а хаза, къаьсташ, дика яздо хьуна цо. Делахь-хIета, хьуо лазийча, сатоха Iамалахь, сатоха Iамаро хьан амал тойо хьуна, хьо цIинво хьуна, собаре во хьуна.

Къоламца яздечу хенахь, хьайна нийса ца яздина аьлла хет аш дерг дIадайъа йиш ю хьуна хьан. Дагахь латтаделахь, кIант, галваьлча, гIалатваьлча нисвала, хьайн гIалатна къерахила Iамалахь. ТIаккхий бен нийсачу, хьа- налчу, Далла безачу некъа тIехь сацалур вац хьо.

Къоламан коьрт аниг тIехулара онда дечиг яц хьуна, хаза кеп яц хьуна, цунна юкъара экаме даш ду хьуна. Цундела цкъа а стеган мах цуьнан куц-кепе, духаре, дегIе, хабаре хьажий ма хадабелахь, цуьнан амале, гIиллакхе, иймане, цо деш долчу гIуллакхе хьажжий хадабелахь. Галвер вац хьо.

ТIаьххьара а. Къоламо даима а шел тIаьхьа лар юьту хьуна. Иштта ахь а, вай массара а юьту хьуна шайна тIаьхьа лар. Хьан (вайн) когийн лар яц хьуна иза, ахь (вай) деш долчу гIуллакхийн лар ю хьуна. Цундела, хьайна дан дагадеана цхьа а гIуллакх ойла ца еш, хьайн дех, ненах, вежарех дага ца волуш, цаьрга ца олуш ма делахь. ТIаьхьа байттамал хир дац хьуна айхьа динчух.

Ас дагардина хIуманаш ахь лардахь, хIокху доккхачу дуьненахь ирсе, массарна а дукхавезаш вехар ву хьо. Ткъа шеца и диканаш долчу хIокху къоламца цкъа а вуониг, нахана юкъахь дов доккху дерг, питана тосу дерг ма язделахь. Ларбелахь къолам. Кхийтин хьо, Абу?

– Кхийти, Баба. ХIара-м баккъал а тамашийна а, дика а хилла. Баба, суна луохьа хьайн къолам.

– ХIахI, Абу, дIаэца. ГIоза лелабойла ахь иза. Хаалахь, хьан дерриге а къоламаш а ду хьуна хIара санна дика а, тамашийна а. Ларделахь уьш. Iалашделахь.

– Дика ду, Баба.

Бабас белла къолам, мара а къуьйлуш, дIабаьхьира, даш лардеш меллаша охьабиллира Абус.

Хь.САИДОВ

№7, пIераска, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: