Соьлжа-ГIалин дешаран хьаьрмахь долу хьал довзаран Iалашонца тхан цхьаьнакхетар хилира Соьлжа-ГIалин мэрин Дешаран департаментан директоран заместительца Хасаева Маретаца.

– Марет, хууш ма-хиллара, дешаран шо чекхдаллалц дай-наноша сагатдийриг ЕГЭ, ОГЭ ю. Дийцахьа, Соьлжа-ГIалин школашкахь и экзаменаш дIаяларна кечам барехь хIун болх бу дIахьош?
– 11-чу классийн дешархоша дIаяла езачу ЕГЭ-ца боьзна кху шарахь цхьа а хийцамаш бац. Делахь а, 9-чу классехь дIалучу экзаменашна цхьацца хийцамаш бина. ТIедожийна дIалуш йолу ши экзамен а, шайн лаамехь хоржуш йолу ши экзамен а, ерриге а йиъ экзамен дIа ца елча, кхул тIаьхьа аттестат лур дац дешархочунна. Оцу еаннах цхьа экзамен дIа ца ялалуш йисинехь, дешаран шо чекхдалале дешархочун бакъо ю иза юха дIаяла, амма шиъ я кхоъ йисинехь цуьнан шо довр ду.
– «Ас ЕГЭ дIалур ю» аьллачу проекто хIун гIо до дешархошна ЕГЭ дIалуш? Кхин керла проекташ юкъаяьхний экзамен дIаяларан декъехь?
– Вайн республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца юкъаяьккхина ю «Ас ЕГЭ дIалур ю» проект. Экзамен дIа ца ялалуш дукха бераш дуьсура вайн. Ткъа оцу проекто гойту берийн дешарца хIун кхиамаш бу. Дешаран шо дIадоладелчахьана кечамаш бо бераша. Дешархо муьлхачу предметах ца кхета а, церан хаарш толлуш, ледара агIо тидаме оьцуш, шайна билгалъяьккхинчу хенахь хьехархоша хаддаза беш болх бу. Цундела дIадаханчу шеран ЕГЭ дIаяларехь Соьлжа-ГIалин школашкахь хилла жамIаш вуон дацара. Делахь а, цунах тоам ца беш, кху шарахь Нохчийн Республикин дешаран министерствос юкъаяьккхина 9-чу классехь «Ас ОГЭ дIалур ю», 4-чу классехь «Нохчийчоьнан кхане» аьлла йолу проекташ.
Школа чекхйоккхуш дIаяла езачу ЕГЭ-на кечам бар 4-чу классехь дуьйна дIадолор Iаламат дика жамIаш лур долуш, мехала гIуллакх ду. Цундела 11-чу классийн дешархойн лаккхара кхиамаш хир бу.
– ХIора шарахь бераш алсамдовлуш ду, тIаккха тоьаш юй Соьлжа-ГIалин школашкахь дешархошна меттигаш? Нагахь санна, тоьаш яцахь, керла еш школаш юй?
– Соьлжа-ГIалахь ерриге а 53 школа ю, амма уьш тоьаш яц, цхьа смена йолуш 6 школа бен яц, 15 школехь кхоккха смена ю, бераш дукха хилар бахьана долуш. Амма кхаа сменехь доьшуш долу бераш цхьана хенахь ца хилийта оха классашка дIасабекъна дешархой. Цхьана классехь 25 бер хила дезачохь 40 бер нислуш ду. Классехь бераш дукха хилар бахьана долуш, хьехархочунна хан ца тоьа дарсах хIора дешархо кхеттий хьажа, цIахь биначу белхан хьесап дан. Иза дерриге а тидаме а оьцуш, вайн республикин дешаран министерствос хIора шарахь Соьлжа-ГIалин кIошташкахь цхьацца школа йийр ю аьлла проект ю кечйина.
Таханлерчу дийнахь чолхе хьал ду вайн школашкахь меттигаш тоьаш цахиларна. Масала, А.-Хь.Кадыровн цIарахчу №1 йолчу гимназехь дешархой дукха хилар бахьана долуш, 1000 берана лерина керла школа ян еза. I.Митаевн цIарахчу урамехь хилла йолу №1, №2, №12 школаш тIеман шерашкахь йохор бахьана долуш, №7 йолчу юккъерчу школе а, А.-Хь.Кадыровн цIарахчу №1 йолчу гимназе а дIасадекъна бераш. И школаш паргIатъяха 640 берана лерина керла школа ян еза.
Россин Федерацин дешаран министерствон «2013–2020-чуй шерашкахь дешар кхиор» программица нийса а догIуш, 2017–2018-чуй шерашкахь бан лерина белхаш хIорш бу: 1) Заводской кIоштахь 720 берана лерина юкъарадешаран школа яр;
2) Старопромысловски кIоштахь 720 берана лерина юкъарадешаран школа яр;
3) Кхиар тIаьхьадуьсучу берийн школа-интернат яр;
4) Психически могашалла ледара йолчу берийн школа-интернат яр;
5) Октябрьски кIоштарчу №34 йолчу школехь ремонт (реконструкци) яр;
6) Старопромысловски кIоштарчу №10 йолчу школина 240 меттигаца, кхузаманан лехамашца догIуш долу хьелаш долуш спортзал а, столови а йолуш, филиал яр;
7) Старопромысловски кIоштарчу №27 йолчу школина ремонт (реконструкци) яр.
– Марет, школаш тоьаш цахиларх а, классашкахь дешархой хила богIучул кхузза алсам хиларх а, дешарца дика ларош, олимпиадашкахь, конкурсашкахь тоьлла меттигаш йохуш ду вайн бераш а, иштта школаш а. Оцу кхиамех лаций дийцахьа?
– Деша луучунна оьшуш долу хьелаш ду вайн школашкахь. Дешаран гIоьнна аьлла кхитIе а долчу дешаран сахьташ ду билгалдаьхна. ХIора шеран республикин «Тоьлла школа–2016» конкурсехь Соьлжа-ГIалин 6 школа финале елира, царах хьалхара меттиг яьккхира А.-Хь.Кадыровн цIарахчу №1 йолчу гимназис, шолгIа меттиг – №61 школо, кхоалгIа меттиг – №26 школо. Ткъа Ерригроссин «Стаг кхион» конкурсан «Дешаран учрежденин кхетош-кхиоран система» номинацехула хьалхара меттиг яьккхира Соьлжа-ГIалин №60 йолчу школо. Изза школа Ерригроссин «Россин кхиаме школа–2016» конкурсан толамхо а хилира. Оцу толамах боккха кхаъ хилира тхан департаментана санна, ерриге а республикина а.
Иштта, дешархоша дакъалоцу Ерригроссин дешаран декъехула хуьлучу акцешкахь а, конкурсашкахь а. Федеральни хьалхарчу каналан «Голос. Дети» Ерригроссин проектехь шолгIа меттиг яьккхира №3 йолчу гимназин 9-чу классан дешархочо Асланбекова Раянас. ХIара дешаран шо чекхдалале кхечу конкурсашкахь дакъалаца а, толаман меттигаш яха а дагахь ду тхо, Дала мукъ лахь!

– «Даймохк» газет вайн къоман нохчийн маттахь цхьаъ бен доцу газет ду, тхо цигара хиларе терра, тхан дог лозург, тхуна хаа луург «Нохчийн меттан хьокъехь» долчу Указана Р.Кадыровс куьг яздина карарчу шарахь 10 шо кхочуш, хIун гIуллакхаш дан дагахь ду шу?
– Вайна массарна хууш ма-хиллара, мотт – иза къоман юьхь ю. Суна чIогIа хазахета М.Мамакаевн дешнаш: «Шен ненан мотт халкъо, сий ойбуш, Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур яц». Нохчийн меттан денна лерина Соьлжа-ГIалин школашкахь дIаяхьа леринчу мероприятийн план вовшахтоьхна яьлла, амма тIечIагIъянза ю.
– Марет, нохчийн мотт бийцарехь хIун хьал ду вайн школашкахь? Оьшуш долу хьелаш дуй кабинеташ чохь: литература, методика? Яздархошца цхьаьнакхетарш, суьйренаш дIахьой аш?
– Дешаран министерствон сайта тIехь ю онлайн рожехь нохчийн меттан хаарш алсамдаха йина видео-урокаш. Оцу сайтехула хьехархоша вовшашна зеделларг довзуьйтуш, мотт кхиорехь, иза дешархошна хьехарехь, цуьнга марзо кхолларехь бан беза белхаш бовзуьйту. Ненан матте марзо йолу бераш тIаьхьарчу шерашкахь алсамдевлла. 9-чу классийн дешархоша шайн лаамехь хоржуш йолчу экзаменах (ОГЭ) цхьаъ ю нохчийн меттан предмет. Иза хоржуш берш кIезиг а бац. Нохчийн яздархошца цхьаьнакхетарш вовшахтохар иза дешархойн шайн ненан матте марзо кхолларан цхьа некъ бу. Иза хууш, Соьлжа-ГIалин школийн нохчийн меттан хьехархоша, кест-кеста яздархой а кхойкхуш, кхоллараллин суьйренаш дIахьо. Нохчийн мотт бовзаро нохчийн гIиллакх довзаран беркат а ло. Оцу гIуллакхаша дешархошна дикачу агIор тIеIатIкъам а бо.
– Дела реза хуьлда хьуна, Марет, тхан хаттаршна чулацаме жоьпаш даларна!
М.ВЕГИЕВА
№7, пIераска, кхолламан (январь) беттан 27-гIа де, 2017 шо