Кхеташ ма-хиллара, Россин дешаран а, Iилманан а министра Васильева Ольгас школашкахь хиджаб лелоран хьокъехь аьллачо са ца гатдеш дац тхо, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ. Цу тIе, цо дина дIахьедар нийсса бIостаналла йолуш ду Россин Федерацин Конституцин 28-чу статьяца. Оцу статьяс динлелорна а, эхь-бехкана а йолчу маршонна, цхьа а шеко йоцу, чIагIо йо.

Вукха агIор, тхо чIогIа дика кхеташ ду вайн махкахь бакъонаш кхоччуш дика евзаш адамаш хиларх, уьш тIехдика кхеташ бу муьлххачу а цхьана министерствон я ведомствон чоьхьара сацамаш а, ваIданаш а закон цахиларх. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) некъана тешаме хилла дуьсуш а долуш, Нохчийн Республикехь гражданийн юкъараллин дерриге а (чкъоьрнийн) дакъойн векалшца, халкъашца, динашца юкъаметтигаш аьхна еш долчу тхуна дуккха а къаьмнех лаьтташ йолу пачхьалкх нуьцкъала хиларан коьрта биллам хета юкъараллин хIора а декъашхочун динлелорца экаме, сема, лараме хилар. Стеган къомах а, динлелорах а доьзна хила ца деза цхьа а хIума. Федеральни лаккхарчу чиновникаша деш долчу оцу тайппанчу дIахьедарша тхан республикера цхьа а цецвоккхур вац, тхуна дагахь доцург хир дац цунах.
Цул сов, оцу декъехь зеделларг ду тхан. Къуръанан харц маьIнаш даха гIоьртича, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира цу тайпа харцо цхьаьнгга а лелаяйта ца еза аьлла. Цуьнан гIолецира Россин Президента В.Путина. ТIаккха, Р.Кадыровс бохург бухе а диллина, тIеийцира Россехь лелош долчу динийн Сийлахьчу Каламашна тIекхийдар доьхкуш хиларан хьокъехь долу Федеральни Закон.
Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министра, цхьа а жоьпалла доцуш, дина дIахьедар тхуна, шеко йоццуш, дика Iилма ду. Тхо, Iедалан «Единая Россия» партин векалш долу Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ, къобалдеш ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана мел деш дерг, массо а хIуманна тIехь цуьнан гIолоцуш а ду. Оха сихонца юкъадоккху дукха къаьмнаш дехачу Нохчийн Республикехь тайп-тайпанчу къаьмнех долчу берашна, шайна лаахь, школашкахь хиджабаш а, жIараш а, кипаш а лело бакъо луш долу Закон тIеэцаран гIуллакх. Оцу Законаца, массеран а цхьабосса бакъонаш хилар лар а деш, аьтто хир бу лерринчу урокашкахь шайн ширачу динан синмехаллех лаьцна дозаллица дийца. Оцу Законаца Нохчийн Республикин Халкъийн доттагIаллин, вовшийн лараран, дикачу лулахойн бIешерийн ламасташ кхин а чIагIделла дIахIуьттур ду!
Дала бакъо толайойла!
Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ
№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 31-гIа де, 2017 шо