Къаьсттина тидам тIебохуьйту

Нохчийн Республикин Правительствон Председатела, «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин секретара, «Единая Россия» партин Генеральни советан декъашхочо Эдельгериев Абубакара билгалдаьккхира дукха хан йоццуш Москвахь дIаяьхьначу «Единая Россия» партин XVI-чу Съездехь дIакхайкхийна долу декхарш регионашкарчу куьйгалхошна коьрта хилар.

IMG_2050

Съездан жамIех лаьцна chechen.er.ru-хь «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин секретара А.Эдельгериевс дагадаийтира оцу партин Председатела Медведев Дмитрийс къаьсттина тидам жимачу а, юккъерчу а бизнесан проблемашна, иза кхиоран таронашна тIебахийтина хилар. Цо дийцарехь, бахархойн гIуллакхаллин жигаралла лакхаяларо аьтто бо гражданийн дахар-Iер тодан, пачхьалкхан экономикин таронаш лакхаяха.

«Нохчийн Республикехь къаьсттина тидам тIебохуьйту предпринимательство кхиорна. Шайн гIуллакх дIадоло лууш болчарна даима а гIо-накъосталла хуьлу Iедалера. Тхан Iалашо ю предпринимателийн гIуллакхалла ницкъ ма-кхоччу аттачу даккхар, бизнесна бегIийла хьелаш кхоллар. Оцу балхо дика тIаьхье а ло. Тхуна го республикехь гIуллакхаллин жигаралла тIеттIа лакхайолуш хилар. Оццу хенахь цхьацца халонаш нислуш меттигаш а йогIу. Царах цхьаъ ю бизнесна кредиташ даларехь нислуш ерг. Регионан Правительствос и хало дIаяккхархьама цхьаьна гIуллакхаш до кредитийн яккхийчу организацийн филиалашца. Цо таро лур ю оцу декъехь нислуш йолу халонаш дIаяха», – элира Эдельгериев Абубакара.

Нохчийн Республикин Правительствон Председатела дийцарехь, кредитийн учрежденеша бизнесца цхьаьна гIуллакхаш даран хьесап даро гайтира гIуллакхаллин гуонийн векалшна Нохчийн Республикехь кредиташ даларан гIуллакх Россин Федерацин кхечу регионашкахьчул дикка чолхе даьккхина хилар. «Республикин Iедалан хьашто а ю, лаам а бу йолуш йолу ерриге а чолхаллаш, халонаш дIаяха. Нохчийчохь дерриге а деш ду предпринимательство кхиорехьа, цунна оьшу бегIийла хьелаш хилийтарехьа. Республикин Правительствос жигара дакъа а лоцуш, охIла йолчу структураша кхочушдеш ду оцу декъехь долу декхарш. Тахана цу тIехь билггал кхиамаш а бу тхан», – чIагIдира Нохчийчоьнан Правительствон Председатела.

Билгалдаккха деза «Единая Россия» партин отчетан-харжамийн XVI-чу Съездан пленарни кхеташонехь Медведев Дмитрийс жима а, юккъера а бизнесна бегIийла хьелаш кхолларехь, царна хуьлуш йолу новкъарлонаш, дуьхьалонаш дIаяхарехь долчу партин декхаршна къаьсттина тидам тIебахийтина хилла хилар. Оцу Iалашонашна федеральни бюджетехь билгалдаьккхинарг 20 миллиард сом сов ахча ду.

С.ХУСЕЙНОВ

№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: