Чиллин (февраль) беттан 1-чу дийнахь дуьйна Россин муьлххачу а субъектан вахархочун бакъо ю «генамалхбалерчу гектарна» заявка чуяла.
Чекхдаьллачу 2016-чу шарахь «Генамалхбалерчу гектаран хьокъехь долчу законехь» хийцамаш бар бахьана долуш, хIинца хIора а россихочун бакъо ю Iедале Генарчу Малхбалехь цхьа гектар латта деха а, цу тIехь шен гIуллакх дан а.
И латта пхеа шарна луш ду. Нагахь санна, пхи шо хан чекхъяьллачул тIаьхьа, вахархочо шега Iедало ханна делла долу латта дола а деш, лелош делахь, иза 49 шарна аренде схьаэца а, таро елахь, дола даккха а бакъо ло законо.
ХIинццалц иштта бакъо Генарчу Малхбалерчу субъектийн бахархойн бен яцара. Цуьнца нийса а догIуш, цхьаболчу бахархойн йолу бакъо вукхеран цахилар Конституцис бахархошна цхьатерра елла йолу бакъонаш талхор лоруш дара юристаша а, шаьш бахархоша а. И «галморзахалла» дIаяккхаран Iалашонца бина бара 2016-чу шарахь законна хийцамаш.
Оцу латтанаш тIехь Россин законодательствос дихкина доцуш мел дерг дан бакъо ю бахархойн: цу тIехь хIусам ян а, Iен-ваха а, ферма я бизнес лелон а.
Кхузахь билгалдаккха догIу оцу гектарна лерина йолу заявка чохь Iашшехь надальнийвосток.рф сайтан гIоьнца чуяла йиш хилар. Оцу сайтан авторшна хетарехь, заявка кечъян а, чуяла а оьшург 15 минот бен яц.
Кхин цхьа хIума а ду билгалдаккха догIуш – Генара Малхбале кхиоран федеральни министерствос хаам бина Генарчу Малхбаленан федеральни округан латтанийн фондехь 600 миллион гектар хилар. «Генамалхбалерчу гектарна» юкъадогIуш 147 миллион гектар латта ду. Карарчу хенахь компанеша а, бахархоша а цунах дола яьккхинарг 2 миллион гектар бен яц.
Чекхдаьллачу шеран кхолламан (январь) баттахь, «Росстато» баржийначу хаамашца нийса а догIуш, Россехь вехаш 146 миллион вахархо ву. Цо гойту хIора а россихочун цигара цхьацца гектар латта кхочуш хилар.
И.ХАСАХАНОВ
№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 31-гIа де, 2017 шо