«Кегийрхой – терроризмана дуьхьал»

Иштта цIе яра Веданан кIоштарчу садаIаран, туристийн «Къоьзан Iам» комплексехь кегийрхошна юкъахь дIадаьхьначу Iаьнан спортехула долчу къийсадаларийн. Нохчийчуьрчу а, Россин кхечу регионашкарчу а кегийрхоша дакъалецира цигахь.

1

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос вовшахтоьхнера и мехала гIуллакх. Цуьнан коьрта Iалашо яра ирсе дахар терроризмаца а доцуш ткъа спортаца, Iилманца, дешарца, къаьмнашна юкъахь лелочу доттагIаллица хилар спортан къийсадаларшкахула кегийрхошна юха а дIахаийтар. Са-бода къастале вовшахкхийтира хьеший а, махкахой а.

Республикин дуьххьарлера «Даймохк» хоккейни команда а яра цигахь дакъалаца кхайкхина. Къоьзан Iома тIехь шан майда йинера царна. Шаьш кегий делахь а хоккейх ловза луучарна мастер-классаш гайтира цара. Зиплайн-муьша тIехь хехкалуш, салазаш хоьхкуш, иштта дуккха а экстремальни къийсадаларш дIадаьхьира кегийрхоша.

Кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Ибрагимов Iийса а ца Iийра юьстаха. «ХIара тайпа цхьаьнакхетар дуьххьара дIахьош ду. БIе гергга дакъалацархо ву кхузахь, аьхка кхин а алссам хир бу уьш. Вайн кегийрхошна оьшуш а, пайде а цхьаьнакхетар ду тахана вовшахтоьхнарг. Шун тидам тIебахана хила тарло хIора а дакъалацархочун бедарш тIехь яздина «STOP террору» йоза хиларан. Вайн республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс спортехула кхетош-кхиорна дерриге а хьелаш кхоьллина, ткъа вайн декхар ду, цунна накъостий а хилла, терроризмана дуьхьал а девлла, машарехьа къийсам латтор. Iай а, аьхка а кест-кеста цхьаьна а кхеташ, вайн кегийрхошна мукъа хан пайдехь яккха Iамо, спорте марзо кхолла дагахь ю тхан министерство. Иштта гIуллакхаш дIадахьар дика ламаст а хилла дIахIуттург хиларх тешна ву со», – билгалдаьккхира I.Ибрагимовс.

Шен къамел дерзош I.Ибрагимовс баркалла элира А.-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондана кегийрхошна юкъахь и мехала гIуллакх дIадахьарехь доккха гIо-накъосталла дарна.

М.ГЕРЗЕЛИЕВА

№8, шинара, кхолламан (январь) беттан 31-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: